Тхоьх лаьцна

Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газет муьран изданийн Ерригроссин каталогехь ду (Каталог российской прессы «Почта России»).

Газете язвала аьтто бу республикин кIошташкарчу ерриге а отделенешкахь а, газетан редакцехь а. Цул сов, газете язвала аьтто бу муьлххачу баттахь а, муьлххачу ханна а.

«Даймохк» газет кIиранах шозза арадолу. Нохчийчохь деккъа хIара цхьа газет бен дац нохчийн маттахь.

«Даймохк» – иза:

– Ерриге а республикера керла хаамаш;

– Нохчийчоьнан Iедалан пачхьалкхан органийн белхан куьзга;

– юкъараллин-политикин, социально-экономикин, культурин, дешаран, динан дахаран ерриге а агIонийн, Нохчийчохь дехачу дерриге а халкъийн хьокъехь хаамаш, хьесапаш, ойланаш, селхане, тахане гойту материалаш;

– бакъонашларъяран органийн болх, адамийн бакъонаш ларъяран проблемаш гайтар;

– къинхьегаман адамех лаьцна дийцарш;

– республикерчу халкъийн гIуллакхаш, Iадаташ, ламасташ, оьздангалла, ийман довзийтар;

– тIекхуьу тIаьхье Даймохк безаран ойланехь кхетош-кхиоран хьоста;

– вайн юкъара лаамаш, лазамаш, хьашташ, дезарш довзийтар;

– халкъана а, Iедална а юкъара зIе.

Шун аьтто бу тхан газете шайн реклама яла.

«Даймохк» – иза интернет-кеп йолу газет ду, цуьнан публикацеш еша аьтто бу дуьненан муьлххачу а маьIIехь – www.daymohk-gazet.ru

 

» Редакци » Контакташ » Регистрацин тоьшалла

© 1923-2017 Республикин юкъараллин-политикин "Даймохк" газет (12+). E-mail: daimoxk@bk.ru

Хьала яхийта