«Академик Петр Захаров»

image_022Нохчийн Республикин халкъан яздархочун, Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIатан лауреатан,  Ибрагимов Кантин «Академик Петр Захаров» цIе йолу керла киншка  араяларх кхаъ хилла  цуьнан  кхолларалла езачарна.

«Романизированная биография» (романан кепехь дахаран – къинхьегаман некъ бовзийтар) аьлла билгалъяьккхина шен керлачу говзаран жанр автора. ХIара Iилманан-публицистикин  таллам бу, цуьнца цхьаьна яздархочо Ибрагимов Кантас шен синхаамийн юхавийларшкахь шатайпанчу синайамехь латтаво киншка йоьшуш верг, кхуьнан тIаьххьарлера агIонна тIекхаччалц. Хууш ма-хиллара, документийн мотт адамийн синхаамашна «хийра», меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцар доцуш, олуш ма-хиллара «бекъа мотт» бу, муьлхха а хилам я дIахьедар шен гурашкахь хила дезаш. ХIокху киншки тIехь дукха ду документаш, нийса хир ду, вай кхуьнан коьрта мехалла-билгало хIара документийн-тоьшаллийн буха тIехь лаьтташ хилар ю аьлча. Амма хIокху говзарца  вайна схьаеллало хIинццалц Ибрагимов Кантин дуккха а йолчу киншкаш тIехь вайн тидамза йисина цуьнан похIмаллин керла агIо – шен турпалхойн чоьхьарчу дуьнене восса говзалла хилла ца Iаш, церан деган къайленашна, синхаамашна, сатийсамашна  тIаьхьакхиа цунна хаар. Шен каракхаьчна муьлхха а документ ешархочунна довзийтина, цунах лаьцна цхьа-ши дош а аьлла, ца Iа иза. И тоьшаллаш Ибрагимовна хьалхара тIегIа ду цунна тIера дIа кхидIа а лехамаш бан. Бакъду, цхьацца долчу тIехь ешархочо къобал ца дан мегашдерш а нисдала тарло, амма цхьа хIума дицдан ца деза вай – хIокху киншкин коьрта турпалхо-суртдиллархо яздархочунна Ибрагимов Кантина шен кепара гина, шен даг чохь а, кхетамехь а шена ма-гарра, ларамций, воккхаверций кхоьллина, литературин кепе далийна васт ду и. Цу тIе а, шен киншкин турпалхо санна, нохчийн къомах схьаваьлла ма ву Ибрагимов Канта. Шен турпалхочун-нохчичун цIийх ша хиларх воккхавер хIокху говзаран хьалхарчу агIонаш тIера дуьйна и чекхъяллалц схьадохьу цо. Цкъацкъа ша вуьйцучу турпалхочух а тарло автор ша а, XIX-чу бIешаран юьххьехь Кавказ караерзоран гIуллакх ша жигардаьккхинчу хенахь Россин Iедало нохчашна «акхарой», «талорхой», «къуй», кхийолу а цIерш ялар харцхилар дуьненна а дIагайта Iалашо шена хьалхахIоттийна нохчийн сийлахь кIант Захаров Петр санна, XXI-чу бIешарахь а изза харц цIерш юхакарлаяьхна хьийзачарна дуьхьал: «Аш хIуъа дийцахь а, тхо а ду-кх, кхидерш санна, адамаш, тхешан суртдиллархой, Iилманчаш, яздархой, хьанала, оьзда нах а болуш халкъ! ХIан, дIаэца шайна – дуьнено а къобалвина художник Захаров Петр ву шуна! Ву – Авторханов Iабдурахьман, Эсамбаев Махьмуд, Нурадилов Ханпаша, Мамакаев Мохьмад, Айдамиров Абузар а ву, кхин а, кхин а..!» – бохуш, дозаллиций, кураллиций, воккхаверций и дуьнене дIахазош вол

Суртдиллархо Захаров-Дадаюртский Петр Захарович 1816–1846-чуй шерашкахь ваьхна. Нохчийн халкъан уггаре а сийлахьчу кIентех цхьаъ волу иза  нохчийн къомах схьаваьлла дуьххьарлера корматаллин художник ву. 1819-чу шарахь Кавказан чалтачан инарла Ермоловн омрица нохчийн Дади-Юрт ягош, йийсаре вигна хилла кхо шо хан йолу кIант. Шен а, ден-ненан а цIерш хаа кхетам кхиаза волчу кIантана иза дуьххьара кхаьбначу Теркан гIалагIазкхичун цIарах фамили, цIе елла хилла. Цул тIаьхьа Захаров Россе дIавигна вай лакхахь цIеяьккхинчу инарлин шичас Петр Николаевич Ермоловс. Жимачу кIантехь суртдилларан похIма гучудаьллачу цо шен нохчи и говзалла караерзо деша дIало.

Шен Даймахках а, халкъах а къастийна, кхолламо хийрачу Россе кхоьссинчу Захаров Петра шен маршо искусствон гIоьнца ларйина, цуьнан гIоьнца бIешераш ханна шен цIе а гIараяьккхина. Доца хилла цуьнан дахар – 30 шо, шен 27 шо кхаьчча суртдилларан академикан лаккхара дарж а даьккхина цо, хеназа еанчу Iожалло шен похIма дуьззина дIагайта новкъарло йинехь а.

«Академик Петр Захаров» киншка йовзийтаран дош аьлла историн Iилманийн доктора, профессора, яздархочо Молева Нина Михайловнас. Цу тIехь, Ибрагимов Кантин ерриге кхоллараллин мах хадош, цо яздо: «Цуьнан романаш ешча, ойла кхоллало: хIара бакъдерг ду, цIенна бакъдерг. Ма-дарра олу ас – муьлхха а документан бакъдерг. Цо хьалха ца боху шен синхаамаш, хIума дестийна дийцар а ду цунна хийра. Иштта ша хаьржина кеп а яц и яздархочун – и цуьнан дуьнене хьежам бу, цунна шен кепара вайн дуьне гар. Цунах теша а теша, цуьнца цхьаьна – вешан лаамза и бакъдерг ваьшна хетачуьнца, тIеIаткъам бинчуьнца, адаман вайх хIорамма хIотточо суьртаца тIе а дузу автора шен турпалхойн синхаамех лаьцна дуьйцург».

Ибрагимов Кантас хIокху киншкина дешхьалхе дIайолайо шен электронни почти тIе мила ву ца хуучу цхьамма даийтинчу хаттарна тIера: «Мила хир вара шун Захаров, нагахь санна инарла Ермолов ца хиллехь? Захаров тахана хьанна вевзар вара, иза хьанна дагавогIур вара?»

Оцу хаттарна жоп муха дала деза бохучу ойлано тIеверзийтина автор Захаровн дахар, кхоллам, кхолларалла а талларна, Ибрагимов Кантас ма-аллара, «оцу хаттарна жоп Захаров Петра бен лур ма дац». Ткъа цуьнан дахаран тептар-биографи «бер — тIеман йийсархо…» бохучу дешнашна тIера дIадолалуш ма ду. Кхин цхьа а хаам бац юьхьанца – ден, ненан, йиша-вешин  цIерш яц, яц цунна дуьнен тIе ваьлча елла цIе а. Паччахьан эпсарша, тIеман рапорташкахь Дади-Юрт йохийна-ягийначохь каравеана масех вахархо ву, шайца кегий бераш а долуш, бохуш яздар бен, кхин хIумма а дац-кха, цул тIаьхьа П.Н.Ермоловн доьзалехь вовшашка яздина кехаташший, суьртийн Академин документашший, цхьаболчеран дагалецамашкахь Захаров цIе яккхар а бен.

Петр Захаровн дахар талла дезаран дуккха а бахьанаш го хIокху киншкин авторна, амма царех уггаре а коьртаниг хета – Захаров Петр ткъе итт шарахь бен ца ваьхна, амма мел йоккха лар йитина цо шел тIаьхьа, иза-х къеггина, шатайпа, сих-дагах кхеташ, баккъал а долчу похIмаллин доккха масал ду къоначарна! «Мел боккха къинхьегам, къармазалла, похIмалла, Iалашоне кхача лаам, доьналла а ду! Мел доккха собар, тешам а… Хьакъболлу мах хадор а мел ду?! Ткъе ворхI шо, оццул къона воллушехь – Академик! Уьш дерриге суртдилларехь а, искусствехь а хилла, ткъа шен дахарехь? Ткъа шен дахарехь, Академикан дарж далале хьалха – маьрша художник, маьрша адам!»

И Захаровга кхочушдаделла беккъа цIена элий-дворянаш бен маьрша хила йиш йоцчу, крепостни бакъоно олалла дечу пачхьалкхехь, малхбален культурин мехаллаш дIа а тоьттуш, малхбузера мел долчунна хьалха корта охьатеIочу махкахь; ма-дарра аьлча, шен лаьтта тIехь вехаш волу нохчи мостагI вина, цуьнца беш тIом а болуш, газеташа цунах лаьцна вуон мел дерг бен ца яздечу махкахь.

«ХIетахь дуьйна ши бIешо  гергга хан дIаяхна, амма тахана а, оьрсийн-кавказхойн юкъаметтигаш юьйцуш, цхьадолчу федеральни газеташа юха а пайдаоьцу цу кеппара ялочу тIеман харц цIерех, харц тоьшаллех а. ХIунда ду те и? БIешерашкахь а хIумма хийцадалаза ду те?» – дIаяханчу а, карарчу а заманийн вовшашца йолчу зIенах лаьцна хаттарш хIуьтту киншкин авторна хьалха. Царна жоп лоьхучохь нийсачу сацамна тIе а вогIу: шеко йоцуш, нохчашна доккхачу маьIне, сийлахь а ву Захаров, ткъа оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхехь бехачарна, Россина а Захаров Петр – иза, уггаре хьалха, тIехмехала оьрсийн искусство, шех йозаелла кавказхойн а, нохчийн а культураш йолу оьрсийн сийлахь культура ю; иза шатайпаналла а, дIакъасто йишйоцу а цхьа дакъа, цхьа агIо ю юкъарчу историн, кхолламан, дуьненан къепенан а, цивилизацин а.

И иштта хилар дIахаийта, цунах тешийта гIортар – и Iалашо ю Ибрагимов Кантин талламан. Кху тIехь, шайн-шайн дакъошка боькъуш, бовзуьйту нохчех схьаваьллачу суртдиллархочун дахаран а, кхоллараллин а некъ.

Дуьххьара Ибрагимов Кантас йовзуьйту Захаров Петр ваьхна зама, хIетахьлера Россин империн чоьхьара а, арахьара а гIуллакхаш, кхузара политикин хьал а. Ешархочун бIаьргашна хьалха дуьззина сурт хIоттадо Кавказехь дехачу халкъийн амалех, гIиллакхех, оцу заманахь кхузахь Россис дIахьош хиллачу колониальни политиках а.

«Дади-Юрт» аьлла цIе тиллинчу декъехь дуьйцу Кавказера халкъаш, къаьсттина нохчий, къарбарехь паччахьан Россис лелийначу къизаллах а, харцонех а лаьцна. Инарлас Алексей Петрович Ермоловс маьршачу Нохчийчоьнан лаьтта тIехь а, нохчийн кхолламехь а йитина ирча ларш Iорайоху кхузахь.

Жимачу нохчичун-йийсархочун бералла  мичахь, муха дIадахана дуьйцу «Москвахь бераллин шераш» декъехь. ХIетахь П.Н.Ермоловн доьзалехь кхуьуш волчу жимачу Петрушин амалех а, кхетамах а лаьцна ЕрмоловгIар вовшашка яздинчу кехаташ тIера хаьа вайна. ХIетахь П.Н.Ермоловн тидам хуьлу цуьнан похIмаллин: «…тамашийна кIант ву Петруша! Сайн нохчи вуьйцу ас. Йоза-дешар Iамийна ца Iаш, шена мел гиначун сурт дилла гIерта иза. Схьагарехь, цунах суртдиллархо хир ву, хIумма  а ледарниг а воцуш». «Къамелна тIера воцуш, шена хетачунна тIера вер воцуш кIант ву и нохчи» бохуш, билгалдоккху кхечара а шайн кехаташ тIехь.

Императоран художественни академехь Захаров Петра дешарх а, цуьнан доттагIийн гуонаха лаьцна ду рогIера дакъа. Цуьнан доттагIаллин уьйраш хилла оьрсийн сийлахьчу поэтца Лермонтовца, иштта хилла суртдиллархой Нерсесов, Айвазовский, Мокрицкий, Федотов, Скотти, кхиберш а. Вай кхеташ ма-хиллара, П.Н.Ермоловн гергарлонаш бахьанехь Петербургехь лаккхара дешар деша къоначу Захаровн аьтто хиллехь а, иза шатайпанчу хьолехь хилла шеца доьшучарна юкъахь. ХIара нохчи ма вара, ткъа нохчий уггаре а луьра дуьхьалоярхой ма бу Россина Кавказ къаръярехь. Царах лаьцна а ма хуьлу газеташа яздеш. Кху декъехь киншкин автора довзуьйту хIинццалц зорбане далаза тIеман цхьа документ. 1836-чу шеран 19-чу октябрехь ГIойтIарчу хьуьнхахь а, 23-чу октябрехь Зузин-кIотарахь  тIемаш хилча, йийсаре балийначу божарийн а, зударийн а 38 цIе, фамили  ю цу рапорта тIехь. Царах ах сов цхьана шарера ялхитта шаре кхаччалц хенаш йолуш берашший, кхиазхой бу. «Муха хилла те оцу берийн кхолламаш? ХIинццалц схьа мел хилла те уьш, цул тIаьхьа мел хир бу?» – кIорггерчу маьIнехь ойлане воьду киншкин автор. Цу тоьшалло гойту Захаров Петр санна кхоллам нисбелларш мел дукха хилла хир бу.

«Маьрша» суртдиллархо» цIе йолчу декъехь хьалхара дош (кавычкашна) къовларшна  юкъалацаро гойту, шен ткъа шо кхочуш и дарж даьккхина Захаров Петр тоьшаллин кехата  тIехь маьрша ваьккхина хиллехь а, иза шен ю бохучу маршонах пайдаэца йиш йоцуш хилла хиларна. Суртдиллархойн гайтамашкахь дакъалаца аьтто ца хуьлу цуьнан,  дукхахьолахь, цо а, кхечара а оццул чIогIа сатуьйсучу дозанал арахьа шен говзалла лакхаяккха ваха бакъо а ца ло цунна хIара нохчи хиларна, хIара «цIеначу цIийх цахиларна». Амма къоначу нохчичо шен ткъа шо кхочуш юхаерзайо шена маршо, и-м маршо хилла а ца Iа – цуьнца цхьаьна цунах суртдиллархо а ма хилла, бакъволу говзанча.

Захаров Петран похIма вай цецдовллал сиха кхиъна хилла, амма цуьнан бахьана дара къоначу нохчичо ша-шен ца кхоош къахьегар. Цо П.К.Ермоловга яздечу кехаташ тIехь гуш ду иза, гуттар а халонаш ловш, схьавеана хилар. Шена ма-ттов тIеюха бедар а, суртдилларан гIирсаш а эца таро йоццушехь, шен могашаллина иэшам а беш, къахьоьгу цо, цуьнца цхьаьна шена хеневала ахча даккха къахьега дезаш а хилла. Пехийн цамгаро тIаьхь-тIаьхьа ницкъ беш схьавогIуш волчу цунна шо-шаре мел дели а шен похIма кхио ницкъ мичара болуш хилла бохучо цецдоху вай. Амма къиза ю цамгар, цо ца вуьту  дагалецнарш кхочушдан. «Дади-Юьртара нохчи», «Дади-Юьртара Захаров», «Нохчи» – иштта куьг яздора цо шен суьрташна буха, шен юрт лаьтта тIера дIашарйинехь а, и дийна юй хаийта, бIешераш дIадахча а, иштта цIе йолуш юрт цкъа цхьана хенахь хиллий, дадиюьртахой берриге а  хIаллак ца биний дIахаийта а. Шен халкъан чалтачан А.П.Ермоловн суьрташна буха а яздо цо. «Захаров-Нохчи Петр», «Нохчех волу П.Захаров». Ша дуьххьара деша ваханчу хенахь а шен кехат чекхдолуш «П.Д.» (Петр Дадаюртовский) яздо цо, и бахьанехь шен доладеш волчу П.К.Ермоловца дегазаллаш а хуьлуш, амма къоначу стага юх-юха а тIечIагIдо шен исбаьхьчу белхаш тIехь ша нохчи хилар. Захаров йийсархо вара, амма лай а хилла виса лууш вацара цкъа а. Цуьнан-м ницкъ кхечира уггаре хала, дарба доцу цамгар цхьана ханна иэшо, цуьнца къийсам латто, дерриге дуьненна, ЕрмоловгIарна а цхьаьна ша, кхиберш санна, адам хилар дIахаийта – баккъал а маьрша Художник, Суртдиллархо, Адам. Цо шена бакъо яьккхира дерриге дуьненна ша мила ву дIахаийта.

«Цамгар», «ЕрмоловгIар а, академик Захаров а», «Захаровс дехкина зударийн суьрташ», «Захаров а, вайн зама а», «Суртдиллархочун сийлалла» дакъош тIехь Ибрагимов Кантас довзуьйту ешархочунна Захаров Петран дахарх доьзна долу керла документаш.

ХIара киншка иштта лаккхарчу айдарехь чекхйоккху цо: «Ша цхьаъ волуш а, цхьаллехь а – цуьнан ницкъ кхаьчна дийна виса, шен дегI нисдеш, хьала а гIаьттина, толам а баьккхира, цо и толам атта ца баьккхира. Къизачу ницкъаца, тIекхетта, яккхий тоьпаш а, цхьамзанаш а доцуш, шен хааршца, хьекъалца, оьздангаллехь а, къинхетам безарехь а ша кхиъна хиларна баьккхира. Цо, шен бакъйолу цIе ца хууш, амма ша хьанах схьаваьлла а, муьлхачу юьртара ву а хууш, ларйира и сийлахь цIерш – Дади-Юрт, Нохчи, уьш цо даккхийчу элпашца дIаязйира шен цIеран меттана, оцу цIарца цо дуккха а адамийн тидам тIебахийтира шен Дади-Юьртан а, ерриге Кавказан а историна, и йовза, Iамо, езаялийта, цуьнан ларам байта, цунах лаьцна поэмаш язъян церан лаам кхоллабалийта а.

Цундела сийлахь ву Академик Захаров Петр – Дади-Юьртара нохчи, сийлахь кIант, тIехговза суртдиллархо, башха стаг, шен халкъан а, ерриге Россин а бакъволу патриот!»

ХIаъ, бакълоь автор, нохчи Захаров Петр шен дайшкахь гуттар а хиллачу къонахаллица ваьхна кху лаьттахь. Цуьнан дахар – хьуьнар хилла, цундела вайн къона тIаьхье Даймохк безаран, доьналлин дог-ойланехь кхиорехь уггаре доккха, къегина масал а ду и царна. Ткъа хIокху киншкин авторх лаьцна аьлча, Ибрагимов Кантас шен рогIерчу говзарца масал гайтина-кх вайн литературехь язъеш болчарна, муьлш бу шайх лаьцна яздан хьакъберш бохучу хаттарна жоп луш. Ибрагимовн рогIера кхиам, хьуьнар а лара догIу «Академик Петр Захаров» цIе йолу говзар.

Бурчаев Хьаьлим

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: