Дуьненахь а тоьлла ю вайн хьафизийн школаш

1350301867_koran4

Дукха хан йоццуш СаIудийн Араверчу Джидда шахьарахь дIаяьхьира Сийлахь Къуръан дешаран дуьненаюкъара бархIалгIа конкурс. Иза дIаяхьарна тIехь верасалла деш вара СаIудийн Аравин паччахь Салман бин Iабдул-Iазиз Аль-СаIуда.

«Хьафизийн тоьлла школа» номинацехь, жюрин берриге а декъашхойн цхьабарт хуьлуш, хьалхара меттиг елира Нохчийчуьрчу хьафизийн школашна. СовгIаташ дIадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Джиддан губернатор Амир Миш аль бин Мажид  бин 1абдал-1азиз а, ткъа иштта шуьйра бевзаш болу Iеламнах а. И деза совгIат схьаийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама.

Хьафизаш кечбаран дуьненаюкъарчу организацин генеральни секретара шайх IабдаллахI бин Басфара шен къамелехь лаккхара мах хадийра Нохчийчохь Къуръанан Iилма Iалашдарехь, кхиорехь, даржорехь беш болчу белхан. Цо къаьсттина билгалдаьккхира бусалба дин къоначарна Iамадайтарехь, хьафизаш кхиорехь Кадыров Рамзана лелош долу доккха маьIна. Нохчийн хьафизийн школаш дуьненахь уггаре а тоьлла а, хаза а ю бохура цо.

Хьафизаш кечбаран дуьненаюкъарчу организацин генеральни секретара конкурсехь дакъалоцуш хиллачеран а, хьешийн а тидам тIебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун ворх бер – Iайшат, Хадижат, ХутIмат, Табарик, Ахьмад, Iела, Адам – хьафизаш хиларна. И хаам цара кхаъ хиларца тIе а ийцира. Бехк а бац. Царна бевзина бацара кхул хьалха шен чохь ворхI хьафиз волу доьзал.

 

С.ХАМЗАТОВ

№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: