Эсалчу къамелаца лазар дайдан хаьа

   Дукха хан яц Ибрагимов Лечас лоьран болх бен. Делахь а, жимачохь дуьйна езаш, дагца къобалйина къастийна говзалла ю цо караерзийнарг. Нохчийн Республикин онкологин больницехь болх беш ву жима стаг. И говзалла цо харжар ларамаза дац. Мел къахьоьгура вайнаха пхи-ялх шо хьалха. Ерриге а Нохчийчуьра буй-те аьлла, дукха дархой бара цу лазарца Ростов гIала гIерташ. Делан къинхетамца хIинца вайн республикехь а ю цу лазаро йийсаре лаьцначу дархошна йиллина больница.Снимок

   Къаьсттина тоделла больницера хьал коьрта лор Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Сулейманов Эльхан хIоттийчахьана. Ткъа уггаре а коьртаниг, ша санна лаккхара корматалла йолу къона лоьраш бу Эльхана онкологин больнице гулбинарш. Царах цхьаъ ву хирург Ибрагимов Леча. Даима велавелла, векхавелла ву иза дархошца. Эсалчу къамелаца лазар дайдан хаьа цунна. Операци ян езаш дархо велахь, цуьнан кхерам дIабаккха хаьа. Лаа олуш ма дац хазачу хабаро ах лазар дIадоккху. Дерриге а лазар дIадаьлча санна самалха долу дархойн. Iуьйранна балха схьавеана Леча палати чоьхьа ваьлча, самукъанечу къамелаца дIайолайо цо дархойн хIора Iуьйре. Забарна хан ца кхоайо, дегайовхо чIагIйо, сапаргIат доккху. Нагахь санна чолхе операци йина дархо велахь, цунна юххера дIа ца волуш ши-кхо де доккху, ур-аттала буса цIа ца воьдуш. Цундела иза Iаламат дукхавеза цомгашчарна.

– Дуьненах а дог диллина яра со, – боху Сулумова Дешис, – больнице ялош. Кхин а чIогIа кхераеллера операци ян еза аьлча. Амма, хьалха Дела, шолгIа хирург Ибрагимов Леча бахьанехь хаза тоелла дIаяхна. Шена дерриге а хаьара аьлла ца Iаш, отделенин заведующи Головин Андрей Викторович суна тIе валийна, дукха лерина иза соьга хьажийтина, иштта кхечу лоьрех а дагаваьлла бен операци ца йира цо. Операци йина ваьлча, уллера дIа ца волуш, со «денъяллалц» доггах хьийзира и кIант. Дела реза хуьлда цунна! Яхь, юьхь йолуш, вуьззина нохчийн кIант ву Леча…

И санна долу довха дешнаш кхечу дархоша кест-кеста хазадо Ибрагимов Лечех лаьцна. Массара цхьана озехь билгалдоккху жима стаг Iаламат гIиллакхе, оьзда хилар. Цуьнца цхьаьна дархоша дуьйцу, Лечас ша лелориг цIархазмана лелош ца хилар а, дарбанна дукха чIогIа беркате куьйгаш лоьран хилар а. Доккха хIума ду иштта ша бечу балхана дархой реза бан хууш говза лоьраш вайн махкахь хилар.    Оьздачу кхерчара схьаваьлла стаг миччахь велахь а билгал хуьлу. Къоначу лоьран Ибрагимов Лечин хьанал къинхьегам, тайна амал а цунна къеггина тоьшалла ду.

А.АРАПХАНОВА

 

№130, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: