Хьалимата Мухьаммад (I.с.в.с.) кхабар

Аминатан а, Iабдул-МутIалибан а Iадикаеш, Мухьаммад (I.с.в.с.) кара а эцна, шен вира хиира Хьалимат. Цунна лиира шел хьалха дIабаханчу зударашна тIаьхьакхиа, цIа йоьдуш цаьрца цхьаьна хила. ХIинццалц халла текхаш хуьлу вир, хIинца чехка йодуш гича, цецъелира Хьалимат: «Мухьаммадан беркат ду-кха хIара», – элира цо ша-шега.

  Хье ца луш, дIабаханчу зударшна тIаьхьакхиира иза. Цецбевлла, цара хаьттинера Хьалимате: «Тхуна тIаьхьа муха кхиира хьо, хIай, Хьалимат?» Цо жоп делира: «ТIаьхьакхиъна а ца Iаш, шул хьалха ер ю со хIинца», – аьлла. Цара элира тIаккха: «Вай къаьстинчул тIаьхьа хIун ду хьоьца хилларг? Дийцахьа тхуна». Хьалимата элира: «Хьовсийша хIокху бере! Массарел а хаза бер ду-кха хIара. Хьалха халла текхаш хилла йолу хIара сан вир а чехка яха йоьлла-кх, хIара бер карахь со шена тIехиъчахьана».

Зударий бийлабелла: «Иза-м вевзара тхуна, къен буобер  дара иза-м», – аьлла. Хьалимата элира: «ХIаъ, къен буобер ду хIара». Ца бешаш, юха а хаьттира зударша: «ЦIе хIун ю оцу хьан дикачу беран?»  Цо жоп делира: «Мухьаммад», – аьлла. Цара элира: «Иза-м наггахь бен ца хуьлу цIе ма ю». Хьалимата элира: «Кхул хьалха цхьанна а тиллина хилла яц и цIе», – аьлла. ТIаккха, шен хьайбанан дуьрста дIахецна, зударел хьалхаяьлла, дIаяхара. Оцу дийнахь дуьххьара массарел хьалха цIа а кхечира иза.

Дала хаьржинчу берана зен ца дан, меллаша охьайоьссира Хьалимат шен хьайбанан букъа тIера. ТIаккха, мела хи а даийтина, лийча а вина, вакха а вина, набъян а, садаIа а метта охьавиллира Мухьаммад (I.с.в.с.).

ЧIогIа цецъяьлла яра Хьалимат, оцу халчу новкъахь кхидолу бераш санна, велха ца воьлхуш, Мухьаммад (I.с.в.с.) шеца цIа варах. Некъан бохалла вела а къежаш, дIавеанера иза. ХIинца, ша лийча а вина, вуза а вина охьавиллича, хаза набйира цо. Хьалимат а, цуьнан цIийнда а догтешна дара, Мухьаммад (I.с.в.с.) Делера деана ниIмат хиларх.

Хьалиматан тайпа Бану-СаIд дехаш долу мохк массанхьа бевзаш бара, хIаваъ аьхна, хиш дика, буьйцу мотт (Iаьрбийн мотт) цIена хиларца.

Денош дIаоьхуш дара. Мухьаммад (I.с.в.с) воккхахуьлуш вара. Оцу доьзалехь хIора а вара цуьнан гIайгIа беш, массо а тешна вара, Мухьаммад (I.с.в.с.) шайн декъа тIе веачхьана, ирс-аьтто шайна тIедирзина хиларх. Иштта, Хьалиматана зеделлера, Мухьаммад (I.с.в.с.) шайга веачхьана шайн жерчий цIа  догIуш, цаьргахь алссам шура хилар, кхидолчу жерчашкахь хааелла йоцу. Шайна маллал шура йоккхура цаьргара, ша а молура цо иза, берашна а малайора.

Хьалиматана хетачул а хьалха когавахара иза. Хьалххе вист а хилира, цIена, дика къаьсташ мотт бийца а волавелира. Оццул жимаволу Мухьаммад (I.с.в.с.) ша волалуш гинарг а, цо буьйцу цIена Iаьрбийн мотт хезнарг а цецволура. Тамаша а бацара, Дала ца хууш мел дерг Iамош дара цунна. Дала кечвеш вара иза дерриге а Iаламна олучу дашехь а, ечу Iамалехь а ийманан масал хилийта. Цуьнан нана Аминат, хIора дийнахь шен беран ойла еш, ша йиснера шен цIа чохь. Мухьаммадан (I.с.в.с.) ши шо кхачаре хьоьжуш, цIа вало хан тIекхачаре сатуьйсуш. Ша кIант кхобуш, Хьалимата наггахь хабар дохьуьйтура цуьнан нене Аминате, Мухьаммадан (I.с.в.с.) могашаллех дерг дуьйцуш, сиха когавахарх, цо дегIдаккхарх, иза самукъане хиларх, цунна хаза вистхила Iамарх лаьцна дерг дуьйцуш.

Цхьана хабарехь Хьалимата Аминате хоуьйту: «Суна чIогIа хааделла, кIант кхиош, кхетош дерш тхо цахилар. Схьагарехь, цхьа боккха ницкъ бу цуьнан терго еш, иза кхиош, цуьнга хьожуш. Тхуна иза хIун ду ала а ца лаьа».

Ши шо дIаделира. Хьалимата и сийлахь-деза бер Макка юха ца далийра. ТIаккха Амината дукха ойланаш йинера. Шен кIант схьавалаве аьлла, хабар дахьийта кечлуш яра иза. Эххар а схьакхечира Хьалимат, нанна дукхавезарг валош, цуьнан ден-ненан хIусаме. Хьомечу шен берана сихъелла дуьхьал хьаьдира Аминат. Цуьнан бIаьргаш чуьра хиш хьаьвдира. Къевллина маравоьллира цо шен кIант. Дукха сагатдарна, йист а ца хилалуш йиснера иза. Халла меттавеана, кIантаца къамел дан йолаелира, цуьнан беснеш тIехула а, хазачу месаш тIехула а куьг хьаькхира хазачу, боккачу шина бIаьрге хьаьжира, Мухьаммада (I.с.в.с.) хаза товш дегIдаккхар гира. ТIаккха элира нанас: «Ма хаза ву-кха хьо! Дала декъалвойла хьо». Хьалимат шеца цхьаьна а йолуш, Аминат цIа чу елира, цо ирахIоттийтира кIант, волавалийтира, шена тIе вадийтира. ТIаккха схьалаьцна, маравоьллира цо иза, марайоллийтира нана а. ТIаккха Амината элира: «Сан деган са ду-кха хьо, сан бIаьргийн нур ду-кха хьо». Эццахь Аминатана дагавеара шен цIийнда IабдуллахI: «Давис-кха, иза хIинца дийна велахьара, хаза кхиъна хIара шен кIант ган», – аьлла. Иза хила йиш йоций а хаьара цунна.

Мухьаммад (I.с.в.с.) шена а, Хьалиматна а юккъе охьахаийра цо. ТIаккха Хьалимате элира: «Доккха баркалла ду хьуна, хIай, Хьалимат. Баккъал а хьайн дош кхочушдина ахь. ЧIогIа хаза а, хьуьнаре а кхиъна хIара. Ши  шо бен доццушехь, диъ шо кхаьчча санна, андаваьлла хетало-кх хIара». Хьалимата элира: «Маккахь яьржина цамгар ю, кхунна цхьа бохам хиларна кхоьру со», – кхидIа а, воккха хиллалц, Мухьаммад (I.с.в.с.)  шеца  вита лууш яра иза, Маккахь яьржина йолу и цамгар дIаяллалц. Аминат цецъяьлла Хьалимате хьаьжира, тIаккха, йист ца хуьлуш, сецира иза. Майраяьллачу Хьалимата элира: «ХIара бер Маккахь яьржинчу цамгарх лардар бен кхин хIума дац хьуна сан дагахь». Шеца юха дIавига лууш яра иза Мухьаммад (I.с.в.с.). Дукхах йолу хан цуьнга цIеначу хIаваэхь, цамгаршна генахь яккхийта.

Юха а, юха а шен кIанте хьаьжира Аминат. Дуккха а ойлаеш Iийра иза, юха а  Мухьаммадах (I.с.в.с.)  къастар лан деза-кх шен, бохуш. Делахь а, иза Маккара дIавигийта резахилира нана. ТIаккха Хьалимате элира цо: «ХIай, Хьалимат, юха а къаста хала ду суна сайн кIантах. ХIетте а, иза цомгаш хиларна кхоьру со. Сайн ойла ца еш, цунна саготта ю со, – аьлла. – Цундела, юха иза дIавуьгуьйту ас хьоьга». Кхин тоха са а ца хилла, Аминат елха хIоьттира, къевллина шен кIант мара а воьллина. Оба а яьккхина, Мухьаммад (I.с.в.с.) Хьалимате дIа а луш, элира цо: «ХIинца а хьох тешна вуьту ас хIара», – аьлла. Шена дIаяха пурба даьккхира Хьлимата, малх чубузале цIа кхача езаш хиларна. Мухьаммад (I.с.в.с.) кара а эцна, шен хьайбанан букъа тIе хиира иза, самукъадаьлла а йолуш. Аминат  тешо шен аьтто а баьлла, кIант юха а шеца висарх йоккхаеш. Чехка шен цIа кхечира Хьалимат. Цуьнан доьзална чIогIа хазахеттера, сийлахь-деза бер юха а шайга далийна.

С-М. Муртазаев,

Iеламстаг

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: