«Иманан» беркате болх

Зазалаева Марина Шеларчу «Иман» цIе йолчу берийн бешахь болх беш ю. 2012-чу шарахь схьайиллина и берийн беш. ХIетахь дуьйна цу берийн бешан заведующи ю иза. Шелахь йина а, кхиъна а ю Марина. Хьехархочун а, экономистана  говзаллашкахула лаккхара ши дешар дешна цо.берийн бешахь

   Бераш школе дахале хьалха кхетош-кхиоран пачхьалкхан бюджетни «Иман» учреждени 6,5 гектар латта тIехь, Шеларчу уггаре а хазачу  меттехь ю. Исбаьхьачу ши гIат долчу гIишлон сени чохь дуьйна тийсина палсаш ду, дешаран а, ловзаран а чоьнаш чохь лапп-аьлла цIена ю. ХIора а чоьнна тIехоьттина кухни а, ванни а ю. Довха а, шийла а хи ду дог1уш.

Ловзаран чоьнаш чохь уггаре а кегийчарна лерина массо а тайпана тайнигаш ю. Школина кечам бечу берийн тобанашкахь кхетош-кхиорхоша кечйина могашаллин, (физически) исбаьхьаллин, вайнехан, наношна лерина маь1игаш ю.

Суьрташ дохкучу дарсехь (урокехь) долчу бераша тхуна дозаллица шайн суьрташ гойту. Дарс хьоьхуш ерг Чимаева Заира яра. Леррина, хазачу къамелаца, бераш хьоьстуш бора цо болх.

– Тхан лакхарчу тобанашкарчу берашна Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а гимнаш дагахь хаьа. Iамош Iаьрбийн мотт а бу, – дуьйцу Зазалаева Маринас. – Цхьаьнатоьхначу (комбинированни) 180 берана леринчу берийн бешахь 404 бер ду, 9 тоба ю. Царах 4 коррекционни олуш ю. Цу юкъахь дерш ДЦП цамгарш йолу а, къора а, мотт ца хуу а бераш ду. Иштта   бераш оха рагI йоцуш схьаоьцу. Дийнахь доьаза кхача ло оха берашна. И кечбеш тоьлла  кхачанхой бу тхан.  Стоьмаш а, хасстоьмаш а,  берашна оьшуш  долу шайца алссам витаминаш  йолу кхачанан сурсаташ а ду берашна луш.

Тхан бертахьчу коллективехь болх беш 85 белхахо ву, царах 38 лаккхара  дешар дешна ву. Коллективера 50 процент белхахой корматалла лакхайоккхуш  дешна бу. Массо а белхахо шен балхана оьшуш йолу говзаллаш йолуш ву. ХIора а тобанехь шиъ кхетош-кхиорхо, цхьаъ кхетош-кхиорхочун гIоьнча  ю. Берийн дай-наношца болх беш консультативни пункт ю. РогIехь болчу берийн дай-наношца а бо кечамбаран белхаш. Раж а хIоттийна, цаьрца болх бо медйишас, лахара а, лакхара а кхетош-кхиорхоша . Белхахошца а кхачо ю тхан. Тхешан белхахой, деша а бахийтина, Iамийна оха.

Ийманехь кхетош-кхиоран болх а бо оха. Кест-кеста тхо долчу хьехамаш бан вогIу районан къеда Неттиев Хож-Ахьмад а, районан куьйгалхочун гIоьнча Ахматов Мохьмад а. Доггаха, шайн могашалла а ца кхоош, берашца болх бечу белхахойх ю лаккхара кхетош-кхиорхо Хакиева Наталья, лакхара медйиша Джабраилова Элиза, кхетош-кхиорхой: Арсамикова ТIаус, Вахаева Асет, Асуханова Зарема, кхиберш. Тхан берийн беш Шелан муниципальни районан куьйгалхочун Ибрагимов Турпал-Iелин лерринчу тидамехь а, цо доладеш а ю. Цундела берийн беш яйтина йолчу Кадырова Зарганан а, Нохчийн Республикин бераш школе дахале хьалха кхетош-кхиоран департаментан куьйгалхо волчу Джунаидов Асламбекан а гIоьнца таро хуьлу тхан балхахь лаккхара кхиамашка кхача.

И. МАТАГОВ

I. Саламовн сурт

№121, эсаран беттан 29-г1а де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: