Мухьаммад (I.с.в.с.) – Абу-ТIалибан доьзалехь

Деда велча шен деваша Абу-ТIалиб волчу дIавахара Мухьаммад (I.с.в.с.). Цу хенахь бархI шо дара цуьнан. Абу-ТIалиба шен дена делла дош лардира. Шен вешин кIанте дика хьожуш, цуьнан гIайгIа беш вара иза. Цо кхобуш болу цуьнан шен доьзал боккха бара. Ша къен Iаш а вара иза. Мухьаммад (I.с.в.с.) ша волчу дIавигча, чуьра хьал тоделира, рицкъа алсам делира цуьнан. Абу-ТIалибна иза шен берел дукхавезаш вара, ша цхьанхьа воьдуш, даима шеца вуьгура цо иза, ша дIавуьжуш шеца, вижавора. Цунах чIогIа къахеташ а, цуьнан доладеш а вара иза. Делан Элча (I.с.в.с.) кхиош дакъалоцуш яра цуьнан хIусамнана ФатIимат. Цуьнан терго еш а, цунах къахеташ а яра иза. Иза елча, Делан Элчано (I.с.в.с.): «Тахана сан нана елла», – аьллера. Марчонна шен коч хьарчийнера цо цунна.IMG-20151007-WA0351

Оцу заманчохь массо къадолчу хIуманех Мухьаммад (I.с.в.с.) ларвеш АллахI Дела а вара, дерриге а Iалам динехь нисдан цунах Пайхамар (I.с.в.с.) ван Шен лаам хиларна.

Мухьаммадан (I.с.в.с.) заманахь, хIинца вай санна, стоьла тIехь хIума юуш ца хилла наха. Бераш нанна гонаха гуллуш хилла. Царах хIора а шен ницкъ ма-кхоччу, алсам юург схьаэца гIерташ хилла. Амма Мухьаммад (I.с.в.с.) царах тера вацара. Шена юург схьаяллалц IадIаш хилла иза. Шена схьаелларг бен схьаоьцуш а ца хилла. Шена еллачунна резахиларца, баркалла олуш а хилла.

ДегIана онда хилла иза. ХIетте а, цкъа а цхьаннах а леташ ца хилла. Цхьанна а зен деш ца хилла цо. Ша жима вара аьлла ца Iаш, шен ницкъ ма-кхоччу, хIоранна гIо дан гIерташ хилла.

Дикачу агIор Маккарчу нахана билгалваьлла хилла Мухьаммад (I.с.в.с.). Цара олуш хилла: «Хьовсийша, ма оьзда, гIиллакх долуш, хаза вистхуьлуш, дика кIант ву хIара». ХIора дена а лууш хилла шен кIант гIиллакхца а, оьздангаллица а, ойлаярца а, леларца а, вистхиларца а Мухьаммадах (I.с.в.с.) тера хила.

Пайхамар хила Дала мел хаьржинарг а шен-шен заманахь жа дажош хилла. Мухьаммада (I.с.в.с.) а дажийна жа. Цара нахана тIехь Iуналла дале, Дала уьстагIашна тIехь Iамош хилла уьш. КIеда, мерза, оьзда, гIиллакхца хила а, нахана шаьш хьоьхучу некъа тIехь уьш нийсонца хилийта а.

Делан Элчан (I.с.в.с.) шийтта шо кхаьчча, мах лело Шема ваха кечлуш вара Абу-ТIалиб, махлелорхо вара иза. Некъ беха а, хала а хиларна, шеца Мухьаммад (I.с.в.с.) вига дагахь вацара иза… ХIетте а, Мухьаммада хаийтира шена а ван лууш хилар. ТIаккха Абу-ТIалиба, цунна луург деш, вигира иза. Цо элира: «ВаллахIи, сайца вуьгур а ма ву, цкъа а сайх дIа а къастор ма вац ас иза я суо цунах къаьстар а ма вац», – аьлла. Мухьаммад (I.с.в.с.) шеца а волуш, новкъаваьлла, Бурса бохучу метте кхечира. Шемана къилбехьа меттиг яра иза. Цигахь ковра сецира, нахе а, эмкалшка а садаIийта. Цу юххехь керстанийн килс яра, Бахьира цIе йолу мозгIар волуш. Керста Iилма долчу нахах вара иза.

И ковра сацале, мозгIарна хааделла хиллера, цуьнца догIучу адамашна юккъерчу цхьанна тIехь IиндагI латтош, аьхкенан бовхачу малхах ларвеш, четар санна, даима а тIехула лаьтташ марха хилар. Шайн дин Iамош, ша дешначу жайнашкара Бахьирана хууш дара, Пайхамарна бен IиндагI латто марха-четар хила амал доций. И болх шена гича, мозгIара омра динера, Маккара баьхкинчу махлелорхошна той кечде, аьлла. ТIаккха цаьрга хабар дахьийтира цо, шайн килса чу той даа кхойкхуш. Цига массо а вар дехар а динера. Маккара махлелорхой дукха леллера оцу новкъа, амма цул хьалха, цкъа а царна тIе а ца ваханера мозгIар я цаьрга вист а ца хиллера, хIинций бен. ТIаккха царех цхьамма аьллера: «Тахана хIун хилла, хIай, Бахьира? ХIинццалц тхо дукха ма лелла хIокху новкъа, цкъа а хIара тайпа хIума ма ца дина ахь, цкъа а тхо хьуо волчу а ца кхайкхина».

Бахьира жоп деллера: «Бакълоь хьо, шу сан хьеший ду. Шун ларам бан а, шуьга кхача баийта а лиъна суна».

И волчу дIабахара уьш. МозгIара хаьттира цаьрга: «Массо а схьавеаний?» – аьлла.    Махлелорхоша жоп деллера: «Тхо дерриге а схьадаьхкина, шийтта шо кхаьчна цхьа кIант бен, цхьа а ца висина схьаваза».

МозгIара дийхира: «Схьакхайкхийша иза а, – аьлла. – Шуьца цхьаьна ма ву иза а». Хьарис цIе йолу Мухьаммадан (I.с.в.с.) деваша хьалагIаьттира. Вахана, мара а воьллина, шен вешин кIант схьавалош веара иза. Шайна юххе охьахаийра. Мухьаммад схьавеаача, Бахьира чIогIа лерина хьаьжира цуьнга. ТIаккха хаттарш дан велира иза: цуьнгара хьал муха ду, наб муха йо, гIуллакхаш муха ду, бохуш. Делера къинхетам, маршо хиларг цунна жоьпаш луш вара.

Цо мел олуш дерг Бахьира шайн жайнашкара схьаэцначу тIаххьарчу Пайхамаран билгалонашца дIанислуш дара. Шен хаттарш чекхдевлча, царна жоьпаш хезна ша ваьлча, Абу-ТIалиб а, цуьнан вешин кIант а юьстахваьккхина, элира Бахьира: «ХIара тIаьххьара Пайхамар ву хьуна», – аьлла. Абу-ТIалиба хаьттира цуьнга: «Хьуна муха хиира?».

МозгIара жоп делира: «ТIаьххьарчу Пайхамаран а, Элчан а билгалонаш хьехийна ю тхан жайнашкахь. IиндагI латтош марха Пайхамарна тIехула бен лаьттар яц. Шу тхуна тIекхочуш, суна гира коврана юккъерчу цхьанна тIехь IиндагI латтош йогIу марха. ТIаккха со тийшира, тхайн сийлахь-дезачу жайнаша йийцинчу билгалонашца хьехийна волу Элча шуьца хиларх. Цундела кхайкхира ас шу хьошалгIа, сайна иза ган лиъна».

Юха Бахьира Абу-ТIалибе элира: «Хьан мила ву иза?».

Абу-ТIалиба элира: «Сан кIант ву иза».

Бахьира элира: «Вац иза хIан кIант. ХIокху кIентан да дийна хила везаш вац». Цецваьллачу Абу-ТIалиба элира: «Сан вешин кIант ву иза».

Бахьира дийхира: «Цуьнан дех лаьцна дийцахьа».

Абу-ТIалиба жоп делира: «ХIара ненан кийрахь волуш велира кхуьнан да. Ялх шо кхаьчча нана а елира».

«Бакълоь хьо», – элира Бахьира.

Мухьаммадан (I.с.в.с.) букъ тIера коч хьалауьйзира цо. Пханарша юккъехь шайн жайно йийцина билгало (мухIар) гира цунна. ТIаккха цо элира: «ХIинца кхоччуш тийши со хIара кIант тIаьххьара Пайхамар хиларх, жуьгташа а, керстанаша  а вогIур ву баьхна волу, Делера схьадаьхкина долчу сийлахь-дезачу жайнаша ван герга ву бохуш, хьехийна волу».

ТIаккха Абу-ТIалибе элира цо: «Мухьаммадан леррина терго а, чIоггIа гIайгIа а белахь. Иза а эций, чехка цIа а гIолахь, жуьгтех иза ларвеш а хилалахь. ВаллахIи, царна иза ган а гахь, суна хиънарг царна тоса а лахь, хIуъа дина а, цхьа зен даза Iийр ма бац уьш. Хьан вешин кIантана тIейогIучу заманахь боккха болх хир ма бу. Сихонца цIа вигалахь иза».

Абу-ТIалибна дагахь доцуш хилла хаам бара иза. ХIетахь дуьйна Абу-ТIалиба дикачу кIентан, Мухьаммадан (I.с.в.с.) гIайгIабар кхин а алсамделира. Шемахь дукха ца Iийра иза. Юхкург сихонца дIа а йоьхкина, оьцург а эцна, сихонца Макка юхавирзира. Цул тIаьхьа Мухьаммад (I.с.в.с.) кхин цхьанхьа а дIаса ца вигира Абу-ТIалиба, цунна бохам хиларна кхоьруш.

Жуьгташа а, керстанаша а дукха дийцира Дала Элча воуьйтур ву бохуш. Амма, Дала Iалам нисдан а, тодан а Элча (I.с.в.с.) ваийтича, дуьхьалбевлира уьш, тIе ца ийцира цара цуьнан Пайхамаралла.

Сийлахь Везачу Дала ма аьлла: «Шайга и шайна хуушдерг деъча (Мухьаммадан Пайхамаралла), цунах ца тийшира уьш. Делан неIалт ду цатешачарна» (Къуръан, 2 сурат, 89 аят).

Ша хаьржина волу Элча (I.с.в.с.) ларвина Дала, ша цуьнга Пайхамаралла далале а. Шен къомо юъург юуш хилла иза, нах санна махлелорехь  къахьоьгуш а лелла иза, церан гIиллакхаш а, лаамаш а, Iадаташ а довзархьама.

Шен вахарехь нехан дегнаш чохь адамалла яржош къахьегна ву Мухьаммад (I.с.в.с.), миска нах а, къен нах а дукхабезар, буоберашна а, иштта гIо оьшуш мел волчунна а гIо а деш, зуламечу нехан балех гIийла нах ларбеш. Уьш дерриге а бусалба динан гIиллакхаш ду, Делан Элча (I.с.в.с.) ваийтина ма ву адам тиларх хьалхадаккха, нийсачу новкъа даккха, хаза гIиллакхаш кхочушдан.

 

С.-М.МУРТАЗАЕВ, Iеламстаг

№149, шинара, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: