Мухьаммада (I.с.в.с.) Хадижат ялор

Хувайлидан йоI ю Хадижат. Цо ийман диллале а, диллинчул тIаьхьа а наха ЦIена Хадижат аьлла цIе йоккхуш хилла цуьнан. Дукха наха захалонаш а хьехийна цуьнга. Амма иза реза ца хилла. Хьалдолчу наха а дукха кхийдина цуьнга захалонаш, царна а ца хилла иза реза, ша а хьолада йолу дела.IMG-20151007-WA0351

Тешаме, бакълуьйш волчу Мухьаммадана (I.с.в.с.) резахилла иза. Шена чIогIа сийлахь лерира цо и захало: иза мел дика ву, мел тешаме ву, мел цIена,  мел ийман долуш ву шена хиъна дела, дуьненах а, дуьненан даьхнех а иза Iехалуш воций шена хиъна дела. Хадижат цунна резахилира, иза къен стаг воллушехь, иза догцIена, хьекъал, гIиллакх, къонахалла йолуш хиларна, дуьнен чу ваьлчахьана Дала ша диканан да вина, хазварна.

Оцу хенахь шовзткъа шо гергга хан яра Хадижатан, Мухьаммадан (I.с.в.с.) ткъе пхиъ шо дуьзнера. Мухьаммадан (I.с.в.с.) хьекъале долчу къамелийн а, цуьнан хазачу гIиллакхийн а тидам хиллера Хадижатан. Иза дукхавийзира цунна,  хьалдолчу нахал а гIолий хийтира.

Нафисат цIе йолчу, шен дагардуьйцучу доттагIчуьнга дийцинера цо шена Мухьаммад (I.с.в.с.) везавалар. Нафисата цуьнга и гIуллакх шена дита элира. ТIаккха  Нафисат яхара иза волчу. Цуьнца къамел а дина, хаьттира цо: «Ахь зуда хIунда ца ялайо?» – аьлла. Мухьаммада (I.с.в.с.) Нафисате дIахаийтира шен зуда яло таро цахилар. Нафисата элира тIаккха: «Къурайшин тайпанах уггаре а сийдолушъерг, царех уггаре а хьалдолушъерг, дукха наха йола бохушъерг, царех цхьаьнна а реза ца хилла Iашъерг ялор ярий ахь?».

Цец а ваьлла, Нафисате хаьттира цо: «Мила ю иза?» Нафисата элира: «Хадижат ю. Хьалдолуш, хазайолуш, сийдолуш, дикачу цIийнах йолуш». Мухьаммада (I.с.в.с.) хаьттира: «Сан ницкъ кхочур буй иза яло, со къен, иза хьалдолуш хилча?» Нафисата жоп делира: «Цуьнан ойла ма е, иза  кхочушдар ас сайна тIелоцу хьуна». Мухьаммада (I.с.в.с.) хаийтира и гIуллакх цо кхочушдича, ша иза яло резахилар.

Мухьаммадана (I.с.в.с.) хаьара, хьалдолчу нахах дукханна иза реза ца хиллий. Шега муха йогIур ю иза, оццул къен волчу, бохуш, ойла еш вара иза. ХIара а ма вара Хадижат хазахеташ, цуьнгахьа ойла йолуш. Хадижата хабар доуьйту цуьнга. Цо олу Мухьаммаде (I.с.в.с.): «Хьоьца гергарло дезаш ю со, хьо бакълуьйш, тешаме, наха лоруш, сийдеш хиларна». Иштта, Хадижата Мухьаммад (I.с.в.с.) хаьржира, ийман, хаза гIиллакх, дика амал йолуш, оьзда стаг хиларна. Хьалххе дуьйна, цунах лаьцна дика хIуманаш хезнера цунна Майсаратера. Шема ваханчохь мозгIара аьлларг а хезнера, цундела иза кхечу нахал а гIолий карийнера Хадижатана.

И болх шен девежаршка дIахаийтира Мухьаммада (I.с.в.с.). Уьш резахилира цо Хадижат ялорна. Хадижата шен девешега хабар дахьийтира, ша да воцуш хиларна. Делан Элча (I.с.в.с.) схьавеара, шина доьзало йиллинчу хенахь, шеца шен девежарий а болуш. Хьалхаваьлла Абу-ТIалиб вара. Иза хьалха вистхилира. Цо элира: «Далла хастам бу-кх вай ИбрахIим Пайхамаран зурратах дина волчу (алайхIиссалам). ХьаьжцIа вайна делла волчу, тешаме, беза, сийлахь мохк вайна белла волчу, нахана тIехь куьйгалхой вайх дина волчу. ХIара сан вешин IабдуллахIан кIант Мухьаммад, дуьйцийла доццуш, муьлххачу къонахчул а гIолий хир волуш ву. Хьалдолуш вацахь а, хьал-м дIадолуш хуьлу, Мухьаммад муьлхачу нахах ву шуна хууш ду. Иштта-иштта урдо диллина, Хувайлидан йоI Хадижат ехна хIокхо. Хадижат шен долаяккха лууш ву хIара, иза а ю кхуьнан долахь хила лууш. ВаллахIи, тIейогIучу хенахь кхунна Делера боккха болх хир ма бу», – аьлла, шен къамел дерзийра Абу-ТIалиба. Иза захало хьахийна ваьлча, вистхилира Навфалан кIант Варакъат – Хадижатан девешин кIант. Цо элира: «Хастам Далла бу, ахь ма-дийццара, вайн сий-ларам бина волчу, нахалахь вай толийна волчу. Iаьрбийн элий ду тхо, шу а ду иштта. ЦIеяххана шу дика нах дац ца боху цхьаммо а. Шуьца гергарло дан лиъна тхуна а, хIай, къурайшийн баккхийнах. Шу тешаш а лаьцна, Хувайлидан йоI Хадижат, оццул даьхни урдонна а диллина, IабдуллахIан кIантана Мухьаммадана зуда йина-кх ас», – аьлла.

Абу-ТIалибан дехарца ,Хадижатан девашас элира: «ХIай, къурайшийн баккхийнах, шу тешаш а лаьцна, IабдуллахIан кIантана Мухьаммадана Хувайлидан йоI Хадижат зуда йина-кх ас», – аьлла.

Къурайшийн баккхийнах тешаш хилира оцу белхан. Дала иштта Хадижат ялор нисдина, хазахетар дира Мухьаммадана (I.с.в.с.). Ирсе вахар дара цуьнан Хадижатаца. Оцу балхах чIогIа воккхавеш, Далла хастам беш, цуьнан деваша Абу-ТIалиб а вара. Делан Элчано (I.с.в.с.) дуьххьара ялийна зуда ю Хадижат. Цул хьалха зуда ялийна вацара иза. ЧIогIа бертахь, хаза дара цаьршиннан цхьаьна хилла дахар, дерриге а бераш Хадижата дина а дара цуьнан, цхьа ИбрахIим воцург.

   Хадижата  Элчанна дина бераш

Хадижата Элчанна дина бераш ду: Алкъасим, IабдуллахI, Зайнаб, Рукъиййат, Умму-Кулсум, ФатIимат (ПетIамат). ИбрахIим, Къибти тайпана йолчу, Марията вина вара цунна. Элчан (I.с.в.с.) дерриге а  бераш цул хьалха кхелхина ПетIамат йоцург, цул тIаьхьа цхьа а ца висира царах.  Элчанна (I.с.в.с.) уггаре а хьалха ийман диллинарг Хадижат яра. Элчано (I.с.в.с.) пайхамаралла кхочушдеш гIо дина яра Хадижат шен са а, бахам а ца кхоош. Дуьххьара Мухьаммад (I.с.в.с.) волчу Жабраил малик деъча, шена хиллачух цакхеташ, иза сингаттамехь волуш, Хадижат яра цунна юххера дIа ца йолуш, цунна синтем беш, цуьнан догъоьцуш. Цо аьллера: «ВаллахIи, бIарлагIаш хIиттийна, Дала хьо сийсаз вийр ма вацара, Хьо гергарлонаш лелош ма ву, дIа мел олучу дашехь бакълуьйш ма ву, буоберашна а, мискачу нахана а гIо деш ма ву, хьешан лерам беш ма ву, бакъо толош, харцонна дуьхьал лаьтташ ма ву. Хьуна деанарг шеко йоццуш, Делан Малик ду хьуна». Иштта Элчанан (I.с.в.с.) дог тединера цо. Хадижат цуьнан тешаме а, догцIена а накъост, дика зуда хилла лаьттина, массо а зудчунна дика зуда муха хила еза гойтуш, дикаллин масал хилла.

Элчанна (I.с.в.с.) мел дина зенаш гина цунна, асхьабашна тIехь мел дина таIзарш гина цунна, Iаламийн да волчу АллахIан дин, Мухьаммадан (I.с.в.с.) нийса долу дин дIакхайкхош, уггаре а дика гIоьнча а хилла иза. Хадижат кхалххалц Делан Элчано (I.с.в.с.) кхин зуда а ца ялийна, цул тIаьхьа шена дукхавезаш волчу шен доттагIчун Абу-Бакр Сиддикъан йоI Iайшат ялийнера цо. Цуьнан Iедал дара шен вахарехь даима а Хадижат дика хьахош, тIаккха Iайшата дегабаам бина хиллера. Цо аьллера Пайхамаре (I.с.в.с.) цхьана дийнахь: «Йоккхастаг бен ярий иза, Дала цуьнан метта цул диканиг ца елла хьуна?» Делан Элчано (I.с.в.с.) оьгIазвахана, аьллера цуьнга: «ХIан-хIа, валлахIи ца елла цул диканиг. Нах сох ца тешачу хенахь, соьца ийман диллина яра иза, наха со харцвинчу хенахь, со бакъвина яра иза, наха суна ца дина гIо дина яра иза, шен даьхни ца кхоош. Дала цуьнгара кIант веллера суна». Иштта тешаме, догцIена хилла Делан Элча Мухьаммад  (I.с.в.с.), цуьнга кхочуш кхин цхьа а хир воцуш. Шена тешаме, шена дика хилла йолу Хадижат елла йоллушехь, иза резаеш, дийна йолу шен доттагIчун  Абу-Бакр Сиддикъан йоI хаза, жима Iайшат оьгIазъяхийтина. Гуттар  хуьлуш хIума дац иза, Делан Элчано дина иза (I.с.в.с.)

С-М.МУРТАЗАЕВ, Iеламстаг

 

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: