Мухьаммадан (I.с.в.с.) къоналла

Жима стаг вара Мухьаммад (I.с.в.с.). Ткъе пхиъ шо кхочуш дара цуьнан. Иза тера вацара шен нийсархойх. Иза оьзда, гIиллакх, башха амал, хаза дош, дика лелар шегахь долуш вара. Цуьнан хенара кIентий, шаьш самукъадоккху бохуш, корта бахо маларш моьлуш, вуон мел дерг лелош бара.0_68f7e_19c53266_L

Амма Мухьаммадана (I.с.в.с.) ца девзара самукъадаккхар, цуьнан балдех хьакхаделла дацара Дала дихкина маларш, шен вахарехь цхьа а вуон, цхьа а ледарло ца ялийтинера цо шегара.

АллахI вара иза Маккахь мел лелачу оцу вуочу хIуманех, цигахь хиллачу вуочу нахах  ларвинарг.

Цо цкъа а ца йина, шен нийсархоша санна, сакъера дезара ша боху ойла. Иза даима воккхавеш хилла Iаламан хазаллех, сийначу, цIеначу стигалх, дуьненан Iаламатех, хIокху дуьнен чохь долчу вахарх.

ХIара хаза, цхьана низамехь долу дерриге а Iалам кхолла ницкъ болуш Сийлахь-Воккхаверг мила ву-те бохуш, кIорггера ойланаш йора цо. Саготта вара шен махкана а, шен къомана а.

ЧIогIа цецволура иза, тIулгах а, дечигах а суьрташ дой, царна «ламазаш» деш нах гича. И суьрташ ма дацара цхьа хIума хезаш а, я гуш, бала пайда болуш, я дан зен долуш. Оцу наха цаьрга дехарш дора, царна хьалха гIурба до шаьш бохуш, даьхни а дойъура. Мухьаммад (I.с.в.с.) шен ойланашкахь ша тIекхиънера хIара хаза Iалам ша-шаха кхолладелла цахиларна, иза тIекхиънера хIара хаза Iалам ницкъ болуш волчу Дала кхоьллина хиларна. Иза ойланашкахь тIекхиънера оцу суьрташна Iамал яр эрна хиларна, уьш дохийна дIадаха дезаш хиларна. Дала ларвинера Мухьаммад (I.с.в.с.) Ша цуьнга Пайхамаралла далале а, Пайхамаралла деллачул тIаьхьа а, Ша резавоцчух, Ша иза сийлахь-доккхачу пайхамараллина кечвеш волу дела. Дуьненахь шен дерриге а умматна дика масал хилийта.

 

Дешар

Хьалдолчу нехан берийн бен деша таро яцара Элчанан заманчохь. Тахана санна, мах боцуш школе а, хьуьжаре а деша ваха йиш яцара. Мухьаммадана (I.с.в.с.) чIогIа лаьара деша. Цуьнан деваша Абу-ТIалиб къен Iаш волу дела, цуьнан доьшийла дацара, дешарх дIабала мах цахиларна. Цундела деша а, яздан а ца хаьара цунна. Деша ца ваханехь а, дахаро ша Iамош вара иза. Шен девешица воьдура Маккара баккхий нах цхьаьнакхетаче. Цу заманан гIарабевллачу Iеламнехан дийцаршка дукха лорий ладугIура цо. ЦIе йоккхуш болчу поэтийн байташка ладугIура, уьш Макка баьхкича. Деша ца ваханехь а, Дала меттахIоттийра  цунна хилла болу эшам: массарел лаккхара хьекъал а, массарел дика кхетам а белла, Дала цунна Iамийра, ца хууш мел дерг. Дала массо нахал толийра иза. Цундела вара иза массарел хаза гIиллакх долуш, массарел бакълуьйш, массарел тешаме. Наха цунна «Амин» аьлла цIе тиллинера, иза тешаме волу дела, нийса а, эсала а, комаьрша а, майра а, эхь-бехк долуш а, цIена а, къинхетаме а, мискачу нахах доглозуш а, зулам хиллачу нахехьа гIо доккхуш а, цкъа а шегара цо вуониг ца далийтина дела. Цуьнца гIуллакх мел Iоттаделлачунна дукхавезара иза, массара а лерам бора цуьнан, массо а тешара цунах, массара а бакъдора цо мел аьлларг. Наггахь мах бора цо. Махлелочарна вевзинера иза нийсо ярца а, тешаме хиларца а. ХIума эца цхьаъ веача, бакъдерриг дIаолура цо, ша юхкучу хIуманца сакхт хилча, гучудоккхура иза. Ша мел дечу, мел лелочу хIуманна тIехь тешаме а, догцIена а вара. Цундела «Амин» боху цIе йогIуш а яра цунна.

Дала кхиош вара иза. Дала дика а кхиавора иза, дерригенна а тIехь масал дина, массо а адам дикачу хIуманна тIедерзорехь, вуон мел долчунна генадаккхарехь.

 

Мухьаммад (I.с.в.с.) Хадижатан гIуллакхана махлело Шема вахар

 

Абу-ТIалиб ша миска, бераш дукха  долуш хиларна, Мухьаммадна (I.с.в.с.) болх лохуш вара, шайна дахарехь гIо хилийта. Цо цуьнга элира: «Вайн гIуллакх ледара ду, вайн хIара зама хала ю. Я ахча а дац вайн, я болх а бац. Хадижата шен метта махлело стаг вохуьйту: юхкург дIайохкийта, оьцург эцийта, шена пайда хилийта. Хьо иза йолчу водахьара, цо кхин стаг ца вахийта, хьо вохуьйтур ма вара, хьо шена вевза дела, хьо массарел тешаме волу дела. Суна-м ца лаьара хьо Шема вахийта, жуьгташа хьуна зулам дарна кхоьруш. ХIетте а, вайн кхин дан амал дац-кха».

Маккин дикачу доьзалера а йолуш, чIогIа хьалдолуш зуда яра Хадижат. Шен даьхни махлелоре хьажийнера цо. Цунах чIогIа пайда а хуьлура.

Мухьаммада (I.с.в.с.) шен девешига элира. «Со волчу цхьа а ца воуьйту-те цо?».  Абу-ТIалиба элира: «Цо цхьа кхин стаг харжахь, вайн гIуллакх кIелдисарна кхоьру со».

Цуьнан девешига дина къамел Хадижате дIакхаьчна хиллера.

Мухьаммад (I.с.в.с.) тешаме а, бакълуьйш а хилар хезнера цунна. ТIаккха Хадижата хабар даийтира: «Хьо сан гIуллакхна Шема ваха лууш хилар хиъна суна, – аьлла. – Хьо водахь, кхечарна луш болчул шозза алсам мах лур бара ас».

Цо шен девешига хьахийра иза. Девашас элира тIаккха: «ХIара Дала хьуна даийтина рицкъа ма ду», – аьлла.

Хадижатан махлело къепал (ковр) Шема яха яьлча, Мухьаммад (I.с.в.с.) вара оцу къепалца, цунна накъосталла деш Майсарат а вара. Хадижатан ялхошлахь воккханиг вара иза. Къепала некъ бира Бусра бохучу меттиге кхаччалц. Церан совцар нисделира Бахьира бохучу цхьана мозгIаран (халбатхочун) лаппагIна юххехь. Элча (I.с.в.с.) сецира базарахь долчу цхьана диттан IиндагIехь, царна гена воццуш. Циггахь хиллера НастIура цIе йолуш кхин цхьа мозгIар а. Иза хьаьжира Майсарате, цо цуьнга хаьттира: «И дIогахь, дитта кIелахь, сецнарг мила ву?».

Майсарата жоп делира: «Иза-м Маккара цхьа къонах вара», – аьлла. НастIурас элира: «Пайхамар хир ву-кх иза», – аьлла. – Дала цунна Пайхамаралла лучу хене вала лаьар-кха суна».

Цул тIаьхьа базара юккъе вахана, Маккара ша деана хIума дIадоьхкира Делан Элчо (I.с.в.с.)  Ша эца мел езарг а ийцира цо. Хьалха цкъа а ца хиллачу кепара са а хилира Хадижатна. Майсарат чIогIа цецваьллера Мухьаммадах (I.с.в.с.). Цуьнан кхачаме долчу гIиллакхех а, цуьнгахь йолчу адамаллах а.

Ковр цIехьайирзира. Маккина уьш гергабаьхкича, Майсарата бIаьца йира Мухьаммаде (I.с.в.с.) хьалхавалий, Хадижате кхаъ баккха, махбарехь дика са хилла, алий. Мухьаммад (I.с.в.с.) хьалхавелира, иштта Макки чу вахара. Хазачу цIийнан пурхе тIехь Iачу Хадижатана гира иза. Охьайоьссина, цунна дуьхьал яхара. Мухьаммада (I.с.в.с.) дийцира цуьнга шайн меха дахарх хилларг, йохка-эцарх, хиллачу пайданах лаьцна. ЧIогIа хазахеттера Хадижатана. Мухьаммадан (I.с.в.с.) а хилира аьтто – ша лур бу аьллачул кхин а шозза алсам мах белира цунна Хадижата.

Цуьнан Iодика а йина, иза цIавахара шен деваша Абу-ТIалиб волчу. Майсарат леррина хьожуш, терго еш хиллера Делан Элчанан (I.с.в.с.) хьоле. Дала цуьнан беш болчу ларамна а, новкъахь а, балха тIехь а Дала цуьнан беш болчу аьттонна а.

Ша Макка кхаьчча, Майсарата дийцира Хадижате Мухьаммадехь (I.с.в.с.) шена гинарш, иза тешаме а, нийсо еш а, хаза гIиллакх долуш а хиларх. МозгIара цунах аьлларг а дийцира. ТIаккха шен къамел чекхдолуш цо Хадижате элира. «Баккъал а, Мухьаммаде кхочуш стаг хир вац-кх хIокху Маккахь суна хIинццалц бевзинчу нахана юкъахь».

Мухьаммадан (I.с.в.с.) хьокъехь Майсарата дийцинчух, аьллачух цхьа башха йовхо йисира Хадижатан даг чохь. Цул тIаьхьа цуьнга болу ларам а, тешам а, цунах йоккхаер а – дерриге а чIогIачу безаме дирзира Хадижатан даг чохь.

С-М.Муртазаев, Iеламстаг

 

№150, еара, гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: