Мухьаммадан (I.с.в.с.) нана кхалхар

    Мухьаммад (I.с.в.с.) гинарг, цо Iаьрбийн мотт говза буьйцуш хезнарг чIогIа цецволура цунах. Мухьаммад (I.с.в.с.) пхи шо кхаьчча, иза кхобуш йолчу Хьалимата, юха а Аминат йолчу вигира.

    Аминат йолчохь кIант валаваларе хьоьжуш Iаш хиллера иза чIогIа дукхавезаш волу цуьнан деда Iабдул-МутIалиб. Шен хьоме бер цIакхаьчча, чIогIа хазахеттера нанна, шен кIентан кIант гича, деда а вара самукъадаьлла. ХIинца карахь лело бер дацара Мухьаммад  (I.с.в.с.). ХIинца иза инзаре хьекъал, хьуьнар долуш, нисвелла кIант вара, шен пхи шо бен доццушехь. Баккхийчаьрца къамелехь дакъа а лоцуш, шен хьекъале нийса ойланаш гучу а йохуш, шовзткъа шо кхаьчначу Iеламстага санна. Кхиъна даьлла хьекъал, цуьнца нийсса тидам болуш. Дала цунна делла ниIмат дара иза, тIейогIучу заманчохь пайхамараллина хаьржина, шен сийлахь Элча хила кечвеш волу дела.00-014

Амината къамел дора шен кIантаца, цунах йоккха а еш. Деда къамеле волура цуьнца, цунах дозалла деш. Амината Iабдул-МутIалибе хаьттина хиллера: «Кхунах иштта хьекъал, кхетам, тидам болуш исбаьхьа кIант кхуьур ву аьлла тешаш варий хьо? – аьлла. – Хьуна ма-гарра, хьуьнаре, дика могашалла а, хаза амалш а, тоьлла гIиллакхаш а долуш, цIена мотт буьйцуш, нийса ойлаяр долуш кIант ву-кха хIара». Мухьаммадах (I.с.в.с.) чIогIа самукъадаьлла дара и шиъ. Цаьршимма дукха баркаллаш бехира Хьалиматана, цо иза дика кхиорна.

Ма-дарра аьлча, иза кхиош верг-м АллахI-Дела вара. Цо иза дика а кхиийнера. Iабдул-МутIалиба боккха мах белира Хьалиматана, дика лерам а бира. Хьалимат шен цIа йирзира, Мухьаммад (I.с.в.с.) кхиош шен хиллачу аьттонах самукъадаьлла, ирсе а йолуш, цунах къастарна лазам а болуш. Бану-СаIд олучу тайпанца даьккхинчу пхи шо бахьанехь  Мухьаммадан (I.с.в.с.) даг чохь бовха дагалецамаш хилла, йиц ца луш, шолгIа нана хилла, даима яха  йисира ша вакхийна, ша кхиийна, шен гIайгIа бина йолу оьзда зуда Хьалимат.

Хьалиматан Iедал дара, ша Макка мосазза йоьду, Мухьаммад (I.с.в.с.) волчу зерате хIуттуш. Мухьаммада (I.с.в.с.) чIогIа сий-ларам бора цуьнан. ХIоразза а дика тIеоьций, шена тIера оба кIелтосий, баьрчче охьахаайора. Цо шен дика лелор, цо шен лерина кхиор диц ца дора Мухьаммада (I.с.в.с). Иза ша волчу еача, цунах доглозуш, цунна гIо деш хуьлура.

Цхьана заманчохь меца хан хIоьттина хилла Бану-СаIд боху тайпа дехачохь. Хало ца гайта, даарех йоьттина эмкал а, дуккха а кхин совгIаташ а деллера Мухьаммада (I.с.в.с.) Хьалиматана.

Мухьаммад (I.с.в.с.) Макка юхавеанчул тIаьхьа, дукха хан ялале, нанас иза зерате Мединате вигира, цунна Нажжар тайпана болу шен гергарнах а гайта. Шайца цхьаьна Баракат цIе йолу гIарбаш а  (ялхо) йигира цо, Умму-Айман олура цунах.

Шаьш Мединате дIакхаьчча, Мухьаммадана (I.с.в.с.) цуьнан да IабдуллахI шена чохь цомгаш хилла хIусам а, веллачул тIаьхьа иза дIавоьллина кешнаш а гайта яхара Аминат. Шен дахар Мухьаммадана (I.с.в.с.) дIаделла яра Аминат, цуьнан цхьаьннан дуьхьа ма дара цуьнан яхар.

Делан Элча Мухьаммад (I.с.в.с.) Дала ларвеш, Дала терго еш, хаза кхуьуш, шен ненаца ирсе вехаш вара.

Мединатахь цхьа бутт баьккхина, Макка цIабаха новкъабевлира уьш. Мединатана а, Маккина а юккъехь йолчу Абваъ олучу метте кхаьчча, цIеххьана цомгаш хилла, кхелхира Аминат. Оццу меттехь иза дIа а йоьллира. ТIаккха, шен ялх шо долуш, дегахьара а, ненехьара а буо хилира Мухьаммад. Берана уггаре а оьшучу хенахь, дукхаеза нана елла, байлахь висина, мел гIайгIа, бала бара цуьнгахь. Буобер ма хили цунах, шен дола дан да воцуш, шех къахета нана йоцуш.

Цуьнан ден, цул тIаьхьа ненан гIарбаш хиллачу Умму-Аймана цIа валийра Мухьаммад (I.с.в.с.). ЧIогIа гIайгIане яра иза а, жима кIант тIаьхьа а вуьсуш, шен долахо елла бохуш. Мухьаммадан (I.с.в.с.) нана елча, цуьнан дедас Iабдул-МутIалиба ша волчу дIавигира иза. КIант кхиорна чIогIа саготта вара деда. Шен берел а дукхавезнера иза Iабдул-МутIалибна. ХьаьжцIа (КаIбат) чохь тIе охьахууш цхьа жима куз бара цуьнан. И куз лоруш, дукха лерина ларбеш, берех цхьа а цу тIе охьа ца хоуьйтура. Мухьаммадан (I.с.в.с.) шен дедеца дуккха а Iара цу куза тIехь. Мухьаммадан (I.с.в.с.) девежарий оцу куза тIера иза дIаваккха гIоьртича, Iабдул-МутIалиба цаьрга аьллера: «Витийша сан кIант хиъна, ма хьийзавейша иза».

Да-нана дIадаьлла, церан марзонах хаьдда, ша веза, шех къахета, шен терго ян стаг воцуш Мухьаммад (I.с.в.с.) висча, дедена иза везар кхин а совдаьллера. КIантана ца тоьаш болу безам а, къинхетам а, терго а меттахIоттийнера цо.

Буо висина Мухьммад (I.с.в.с.) ирс долуш вехаш вара шен дедеца. Iабдул-МутIалибан Iедал дара шен кIентан кIантаца ловзуш, цуьнан самукъадаккха, цунна хазахетийта.

Иштта ирсе вахар а дукха деха ца хилира Мухьаммадан (I.с.в.с.). Шина шарал тIех ца делира иза. Цомгаш хилира деда. Ша вала гергавахча, Мухьаммад (I.с.в.с.) схьакхайкхийтина, шен ницкъ ма-ббу ловза гIоьртира иза цуьнца. Амма, лазар чIагIделлера, куьг дегадора, ловза ницъ ца тоьара. ТIаккха бIаьргех хиш хьаьвдира деден. Мухьаммад (I.с.в.с.) мара а воьллина, велха а воьлхуш, оба яьккхира цо цунна.

Оцу хенахь шен да Iабдул-МутIалиб волчу веара Абу-ТIалиб. Мухьаммадах (I.с.в.с) ша къаьсташ волу дела, кхин цкъа а ша цуьнца ловзур воцу дела, воьлхуш волу шен да гира цунна. ТIаккха Абу-ТIалиба элира: «ХIай, сан да, хьо хIунда воьлху? Тхуна массарна а ма хаьа, хьо къонах, майра стаг вуй, хьайн Даймехкан а, къоман а гIуллакхна хьайн дахар дIаделла вуй а. Маккарчу наха массара а лоруш хилла ма ву хьо. ДогцIена а, тешаме а волуш, доьналлица чекх ма ваьлла хьо. ТIаккха хIунда воьлху хьо?».

Iабдул-МутIалиба жоп делира: «ХIай, сан кIант, валарна кхоьруш со воьлху моттахь, хьо галваьлла хьуна. Вайх массо а вала везаш вуй хаьа суна.  Да а, нана а доцуш висина, жимма Iийча, деда а воцуш вуьсу волчу хIокху жимчу Мухьаммадах (I.с.в.с.) къахеташ воьлхуш ву хьуна со. ХIинца, со а дIаваьлча, хIун дийр ду те хIокхо! Ден а, ненан а метта кхин мила хир ву кхунна, со дIаваьлча?».

ТIаккха Абу-ТIалиба жоп делира: «Цуьнан де вежарел дика мила хьожур вара цуьнга? Тхуна массарна а тхайн берел чIогIа везар ву-кх иза, тхайн синошца а, таронашца а оха ларвийр ву-кх иза. Оцу балхана са ма гатдехьа, паргIат хилахьа, хIай, сан да», – аьлла.

ТIаккха Iабдул-МутIалиба весет дира шен кIанте Абу-ТIалибе. Цо иштта элира цуьнга: «Мухьаммад хьайца виталахь, хьайн берашца цхьаьна хьалакхиавелахь иза. Со а дIаваьлча, ша байлахь хилар хаалур ма ду цунна, да-нана а доцуш, деда а воцуш висча. Хьо хилалахь цунна ден а, ненан а, деден а метта. Ахь Мухьаммадан (I.с.в.с.) хьокъехь мел динчу диканна, оцу каш чуьра схьа баркаллаш бохур ду-кх ас хьуна. ХIара сан тIаьххьара весет ду хьоьга».

И дешнаш аьлла ваьлча, Iабдул-МутIалиб ша кхоьллинчу Далла дуьхьал дIавахара, шен кIентан кIанте Мухьаммаде (I.с.в.с.) ладугIур ду-кх аьлча, тешна а волуш. Хьомсара Мухьаммад (I.с.в.с.) шен деда леш цунна юххехь вара. Шен дедена юххехь дуккха а вилхира иза. Деда валарх чIогIа Iаткъам хиллера цунна.

Абу-ТIалиба кхочушйира ша шен дена хьалха йина чIагIо. Мухьаммад (I.с.в.с.) чIогIа дукхавезара цунна. Шен берашна юкъахь дукхавезарца къастош вара цо иза. Ша мичча водахь а, шеца вуьгура. ХIинца Мухьаммад (I.с.в.с.) шен девешица бен вуьжуш а вацара. Тамаша а бацара, Абу-ТIалиб Мухьаммадан (I.с.в.с.) ден IабдуллахIан нанас дена вина ваша ма вара.

С-М.Муртазаев,

 Iеламстаг

№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: