Сийлахьчу Толамна юкъахь вайн хьуьнарийн дакъа а ду

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Советийн халкъийн дахарехь Iаламат доккха зер  хилла  болчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхаран  шатлакхаш  кхийсинчул тIаьхьа  70 шо хан дIаяьлла. Шайн  Даймохк ларбеш, советийн  адамаша  шайгара  йоккха  турпалалла  гайтира. Сийлахь-боккхачу  Даймехкан  тIеман  фронташкахь советийн  бIаьхоша  гойтуш долчу турпалаллин хьуьнаршка  терра, цкъа а лийр  доцу  турпалалла  гайтира тылан къинхьегамхоша, белхалоша, ахархоша. Цара эскаршна кхачо йора  герзашца, техникица, кхачанан сурсаташца.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь  советийн халкъо а, цуьнан герзашца  кечбинчу  ницкъаша а гитлерхойн Германина а, цуьнан хьадалчашна а, букъсурт кагдеш, тохар дина, хьаьшна,  аьтта,  эщийна  дIаяьккхира фашизм, вайн Даймехкан  маршо  а, бозуш цахилар а лардира, паргIат дехира кхидолу  халкъаш, Сийлаллица кхочушдира  шайн интернациональни  декхар. Дуьне  оцу мокхачу уьнах  кIелхьардоккхуш, Европин  аренашкахь советийн  масех миллион  салти а, эпсар а вуьйжира. Церан  майраллин  ларам  беш, церан  сийнна хIолламаш  хIиттийна дуьненан дуккха  а мехкашкахь.

Халахеташ делахь а, тахана  Европерчу цхьадолчу  мехкийн куьйгалхой (Польша, Балтйистера  мехкаш,  Украина) шайн Iаьржачу Iалашонашкахь галъяккха  гIерта  Дуьненан шолгIачу тIеман истори, лахдан  гIерта  фашистийн Германи хIаллакъярехь  Советийн Союзо а, Советийн эскаро  а лелийна  маьIна. Немцойн фашистех Польша  паргIатйоккхуш воьжна  600 эзар советийн салти. Советийн  разведчикаша  йохорах  кIелхьара яьхна  полякийн гIаланаш,  масала, Краков. ЦIен Эскарш ду  Польшин  махкара  немцойн  концлагершка нах паргIатбаьхнарш. Дукха  хан  йоццуш,  карарчу  шеран  январь баттахь, ерриге а Европо  Освенцим концлагерь фашистех паргIатъяьккхина  70 шо  кхачар  даздечу  хенахь, Польшин Iедало дерриге а дира и лагерь Советски эскаро паргIатъяьккхина хилар билгал ца даккха гIерташ. И санна дерг  емалдан  хьакъ ду. Кхеташ ду, историн  бакъдерг толаза  Iийр дац. Дерриге а дуьненан истори  юккъера  цкъа а дIадаккхалур дац  немцойн фашизман букъасурт  кагдинарг Советийн Союз  хилар. Цо беза мах белира  оцу  буьрсачу тIамехь  толам  боккхуш. Дукха  баланаш лайра, халонаш  Iаьвшира. Дуьнено даима а дагахь  латто деза фашизме  дуьненахь  олалла дарна  некъ бихкинарг  коьртачу  декъана  вайн мохк хилар, тIеман  коьрта  мохь  цунна  тIехь  хилла  хилар, Гитлеран Германи йохорехь коьрта  маьIна  вайн  махко  лелийна  хилар.

Фашистийн  Германина тIехь  толам баккхарна  юкъа  хьакъ  йоллу  хазна  йиллина  Нохч-ГIалгIайн  АССР-н бахархоша. Божарий  фронтехь  тIемаш беш  бара. Ткъа  къаной а, зударий а, бераш а тылехь  къахьоьгуш дара, толаман дуьхьа, иза герга  балош. 2013-чу шеран 7-чу сентябрехь  G 20-н саммитан жамIаш деш  дIаяьхьначу пресс-конференцехь къамел дечу  хенахь Россин Федерацин Президента В.В.Путина дIахьедира: «Нохчаша а, гIалгIаша а Iаламат дукха  гIуллакхаш  дина  Сийлахь-боккхачу Даймехкан  тIамехь  толам  баккхийтарехьа. Уьш  тIех  майра летта, шаьш  турпала  бIаьхой а, Даймохк ларбархой  а хилар  гойтуш. Иза цIена бакъдерг ду. Цунна  дуккха а тоьшаллаш ду. Нохчийн  шайн  амалца а, вадца а  турпала  халкъ ду. Вайн юкъарчу  цIа  чу бала  беанчу хьелашкахь  цара  шаьш  иштта  ган а  гайтира».

ТIеман юьххьехь  дуьйна  коьртачех хилла дIахIоьттира  тIамехь  йолчу  техникина  ягорган-хьакхаран материалашца  кхачояр. Цуьнца доьзна  цIеххьана  лакхаделира Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран предприятийн  маьIна. Кхузара ягорган-хьакхаран  материалаш  ма  яра фронте  дIахьовсош  ерш.  И маьIна  кхин а лакхаделира  1941-чу шеран чаккхенехь, тIелеташ  долчу  немцойн  эскарша СССР-н европин декъехь  хилла  мехкадаьттанах  гIуллакхден  заводаш  йохийча.

1942-чу шарахь  дуьйна  советийн  авиацин, бронетехникин, транспортан, тIеман-хIордан  кеманийн доккхах долу  дакъа  Соьлжа-ГIаларчу  а, Бакурчу а мехкадаьттанна а, бензинна а тIехь  болх беш  дара. Делахь-хIета, Соьлжа-ГIаларчу  мехкадаьттанхойн а,  мехкадаьттанах гIуллакхдархойн  а турпалаллин  къинхьегамах бозуш  бара, дукхах долчунна, советийн-германин  фронтехь  вайн  бIаьхойн  хинболу   кхиамаш.

ТIом  дIа  ма-болабелли, I94I-чу шеран 23-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь йоккха  митинг  хилира. Цигахь республикин  бахархоша  чIагIо  йира  немцойн  фашисташна  тIехь толам  баккхарна  оьшуш  дерг  дерриге а дан. Республикин  мехкадаьттанхоша  дIахьедира  мехкадаьтта  даккхар а, цунах  гIуллакхдар а шаьш дикка  алсамдаккха  сацам  хилла  хилар. 1941-чу шеран  июль  баттахь  «Грознефтекомбинатан» белхахоша  мехкадаьтта  даккхаран  план  103 процентана  кхочушйира. Турпалаллица  къахьийгира  мехкадаьттанах гIуллакхдархоша а.

1335754827_znamya-pobedi-nad-reihstagom-1280x1024

Ерриге а  Къилбаседа Кавказан  бахархойн дог-ойла гIатторехь Iаламат  доккха  маьIна  лелийра  1942-чу  шеран  август баттахь  Буру-ГIалахь (Владикавказ) дIаяьхьначу  антифашистски  вуно  йоккхачу  митинго. Оцу  митингехь  дакъалоцуш хиллачу  халкъаша  тIеэцначу  резолюцехь  бохура: «ЛадогIа  тхоьга, маршо  дукхаезаш  долу  Къилбаседа Кавказан халкъаш! Вайн сийлахь  декхар  ду  мостагIех  Кавказ  ларъяр, иза  церан  кара  цаяхийтар. Вай  дерриге а, цхьаъ санна, гIовтта деза  ЦIечу  Эскарна  гIоьнна. Некъ бехка беза  мостагIчунна, юхалахка а, хIаллакьян а еза мостагIийн гIеранаш. Кавказан  лаьмнашкахь, Донан, ГIобанан, Теркан, Соьлжан  маьршачу  аренашкахь  кхиъна  вежарий, майра къонахий… гIовтта  Iожаллин  тIаме. Тоха,  хIаллакве, ата  вайн  неIалт  хилла  мостагIа – немцойн  талорхой,  йовсарш!

…Нохчий, гIалгIай,  Даймехкан дуьхьа  шен са  дIаделла  волчу  Нохчийн цIен эскар вовшахтоьхна волчу  Шерипов Асланбекан сирлачу  васто ир-кара  хIиттадойла шу мостагIчуьнца  дIахьош  болчу  Iожаллин  тIамна!

Теркахой, соьлжахой! Дагалаца, мел  нуьцкъала  тохар дира кIайгвардейцашна, шун  станицашкахь вовшахтоьхначу  гIалагIазкхийн революционни  дивизис. Шайн дайн а, баккхийчу  вежарийн  а некъаца дIагIо».

Хууш ма-хиллара, фашистийн  Германина т1ехь СССР-о толам баккхаран уггаре а коьртачех  бахьана дара советийн  халкъийн  цхьаалла хилар. Шайн юкъарчу  мостагIчунна дуьхьал цхьаъ  хилла  дIахIиттира уьш. Фашистийн  пропагандисташа дукха къа а хьийгира, и цхьаалла йохо, халкъийн барт бохо  гIерташ. Цунна боккха ницкъ тIе а бахийтира. Къаьсттина боккха болх дIабаьхьира оцу декъехь  Къилбаседа Кавказехь. Ламанхой советийн Iедална дуьхьал баха, кхузахь боккха  гIаттам бан сатуьйсура цара. Делахь а, Къилбаседа  Кавказан лаьмнашца  дехачу  халкъаша  шаьш  Iеха ца  дайтира. Сталинан къизачу  политике  хьаьжна  ца Iаш, вайн юкъара  даймохк – СССР – ларъян дIахIиттира уьш.

Немцойн пропагандина дуьхьал  къийсам  дIабахьаран дика  гIирс  хилла дIахIоьттира  1942-чу шарахь НГIАССР-н Iедалан гIоьнца  вовшахтоьхна  йолу  Граждански  тIеман  дакъалацархойн-къанойн тобанаш. Уьш регионехула дIасалелара немцойн харц  пропагандех бахархой кхетош. ХIеттахь, 1942-чу шарахь, къаноша – Нохч-ГIалгIайчоьнан а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а  векалша – Къилбаседа Кавказерчу  ламанахошка  кхайкхам бира. Цу тIехь бохура: «Фашистийн  агенташа а, питанчаша а эладитанаш даржадо лаьмнашкарчу халкъашца  немцойн дика  юкъаметтигаш ю бохуш. Харц ду! Эхь дайна, харцдерг! Гитлерхойн цхьатерра  цабезам бу Советийн  Союзин дерриге а халкъашка: гIебартошка а, оьрсашка а, украинхошка а, белорусашка а… Вайн ницкъ вовшашца  дахалур  доцуш доттагIалла  хиларехь, оьрсийн  доккхачу  халкъо гIодарехь  бу. Делахь-хIета, дерриге а цхьаъ санна, хан а, къам а ца лоьруш, вайн чIирхочунна Гитлерна  дуьхьал болчу  сийлахьчу тIаме хIуьттур  ду  вай! И документ Къилбаседа Кавказехь массанхьа а доьшуш  дара, Советийн  Союзан  дерриге а  халкъаш олалле  лоьцуш, царна  Iожалла  йохьуш  болу немцойн  фашисташ  Iорабохуш.

Къилбаседа Кавказехь  тIемаш  дуьйладелча, къаьсттина фронт Нохч-ГIалгIайчоьнан дозанашна  герга  кхача  йолаелча, дIаболийра  республика  тIамна  дуьхьало  ярна  чIагIъяран  болх.  Нохч-ГIалгIайчохь дуьхьалонан чIагIонаш ян езаш яра  Теркан аьтту  бердайистера – Моздокан  районера Дагестанан АССР-н дозане  кхаччалц – 100 километр еха. Цул сов, вовшахтоьхнера  къаьсттина  йолу дуьхьало яран  район, арахьара  гуо 140 километр  беха  бара  цуьнан, ткъа чоьхьарниг – 75  километр. ЧIагIонийн  и зил байта вовшахтоьхнера 80 эзар стаг. Йоццачу хенахь тылан къинхьегамхоша масех эзар даккхий герзаш дIахIитто а, кхо эзар сов кегий герзаш дIахIитто а, дуьхьало ян а меттигаш кечйира, танканашна дуьхьал 87 километр саьнгарш, оьрнаш, дехира. Гуш ма-хиллара, йоццачу хенахь Iаламат боккха болх бира. СССР-н НКО-н дуьхьалонан белхаш баран эскаран уьтталгIачу урхаллехула а, саперийн уьтталгIачу эскарехула а долчу 1942-чу шеран 10-чу январехьлерчу омранехь билгалдоккхура яккхий халонаш а Iовшуш, Iаьнан шийлачу хенахь, эрна арахь Нохч-ГIалгIайчоьнан къахьегархой сийлаллица ларийра шайна тIедехкинчу декхаршца.

Соьлжа-ГIалина гуонаха дуьхьалонан чIагIонаш ярахь (1942-чу шеран августера 1943-чу шеран январь чекхбаллалц) шаьш-шайн ца кхоош къахьегарна I63 стагана Советийн Союзан орденашций, мидалшций, 184 стагана НПАССР-н Лакхарчу Советан Сийлаллин грамоташций совгIаташ дира. Хьесапе эца шайна 1941–1942-чуй шерашкахь, цIен  эскарш юхадовлуш долуш, пачхьалкхан совгIаташ наггахь бен луш хилла цахилар. Гарехь, Соьлжа-ГIалина гуонаха дуьхьалонан чIагIонаш ярехь НГIАССР-н бахархоша шайгара гайтинарг баккъал а къинхьегаман йоккха турпалалла хилла.

Советийн халкъо фашистийн Германина тIехь толам баккхарна кхачойинчарах цхьаъ дара экономика тIеман некъа тIе яккхар, тIеман эвсаре бахам вовшахтохар, тIеман техника, герзаш, патармаш арахецар, оцу дерригенца а фронтана кхачояр, цунна кхачанан сурсаташ латтор дара. И доккха, чолхе декхар  тIехдика кхочушдира. Цу тIе хьесапе эца деза 1941-ра шо тIекхочуш Германин хьашташ кхочушдеш ерриге а Европин промышленность хилла хилар. Къаьсттина дукха герзаш деш яра Чехословакера тIеман заводаш.

ТIеман бахаман дика болх беш йолу система вовшахтохаран Iалашонца а, оьшуш хьал хIоттахь промышленность а, говзанчаш а кхечанхьа дIакхалхоран Iалашонца а СССР-н оборонан Пачхьалкхан комитет распоряженица 1941-чу шеран 22-чу октябрехь фронтана гергахь йолчу областашкахь дуьхьалонан меттигера комитеташ вовшахтухура. Цуьнца нийса а догIуш, ВКП(б)-н областан бюрон а, Соьлжа-ГIалин а комитетийн 1941-чу шеран 25-чу октябрехьлерчу сацамца вовшахтуьйхира В.А.Иванов коьртехь волу (ВКП(б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман а, гIалин комитетан а хьалхара секретарь) Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан гIалин комитет. Цуьнан заместитель хIоттийра НГIАССР-н СНК-н председатель С.К.Моллаев. Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан комитетана хьалхахIоттийна коьрта декхар дара мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттан сурсаташ дахар а алсамдаккхар, цаьрца хаддаза фронтана кхачояр а.

Советийн Iедалан шерашкахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленность чIогIа кхиаре кхаьчнера. Иза кхачойина яра заманан техникица. Цигахь болх беш бара корматалла йолу белхахой а, инженерно-технически белхахой а. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболучу хенахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан комбинатехь 12 мехкадаьттан промыслаш ара, уьш юкъайогIура «Старогрознефть», «Октябрьнефть», «Малга-бекнефть», «Дагнефть» тресташна. Цул совнаха «Грознефтезаводы» трест а яра.

Республикин мехкадаьттан промышленностан промыслашкахь а, заводашкахь а къахьоьгуш вара 28,5 эзар белхахо. Царна юкъахь 4218 нохчи а, гIалгIа а вара. 1944-гIа шо тIекхочуш церан барам 1,5-зза алсамбаьллера. Республикин халкъан бахаман валови продукцех 2,3 дакъа кхочура мехкадаьттан продукцина, ткъа промышленни продукцин барам 85 процент бара.

НГIАССР-н мехкадаьттан промышленность тIеман некъа тIе йоккхучу а, мехкадаьтта даккхар а, цунах гIуллакхдар а алсамдоккхучу а хьелашкахь кхерам кхоллабелира Соьлжа-ГIала фашистийн эскарша дIаяккхарна. Советийн эскарша луьра дуьхьало ешшехь 1941-чу шеран октябрь беттан чаккхенехь немцойн эскарийн аьтто белира дуьхьалонан зил хадо, республикин дозанашна герга кхача. Баккъал а боккха кхерам кхоллабелира, мехкадаьттан промыслаш церан караяхарна. 1941-чу шеран гурахь Гитлера шен инарлашна хьалха хIоттийра хIуъа дина а Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промыслаш схьаяхаран декхар. Девзаш ду цо хIетахь аьлла хIара дешнаш: «Нагахь санна герггарчу хенахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьтта сан кара ца дерзадахь, Германи тIамехь оьшур ю». Цундела, гIиртира немцой 1941-1942-чуй шерашкахь, шайна баккхий эшамаш хиларе хьаьжна ца Iаш, Соьлжа-ГIалина тIекхача.  Оцу хьелашкахь СССР-н Оборонин пачхьалкхан комитето сацам бо «Грознефтекомбинатан» предприятийн  мехкадаьттан оборудовани дIалеIаран а, кхечанхьа дIаяхьаран а хьокъехь. 40 дийнахь дIалийчIира шайх пайдаоьцуш йолу дийнахь-бусий 1624 тонна мехкадаьтта доккхуш йолу 678 скважина, 427 электромотор, скважинашкара хьалаяьккхира насосни 416200 метр биргIа, 391504 метр шланга. Делахь а, оцу дерригене а хьаьжна ца Iаш, «Грознефтекомбинато» 194-чу шеран декабрехь мехкадаьтта даккхаран план 102,7 процентана кхочушйира. Вуьшта, 1941-чу шарахь мехкадаьтта а, газ а яккхаран план комбинато хенал 55 де хьалха кхочушйира.

1941-чу шеран декабрехь Дона-тIера-Ростов гIала немцойн эскарех паргIатъяккхарца доьзна цхьана ханна дIабелира Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан промыслаш мостагIаша дIалацаран кхерам. Цуьнца доьзна СССР-н ГКО-с хьалха хIоттийра мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводаш а, шайх пайдаоьцу скважинаш а сихха меттахIитторан декхар.

Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан районан маьIна лакхадолура ЦIен Эскар юха мел долу а, мехкан европера дакъа мостагIийн кара мел доьду а, ЦIечу эскаран барам алсам мел болу а. Иза алсамдаларца лакхадолура фронташ мехкадаьттане а, мехкадаьттан сурсаташка а долу хьашт-дезар. Оцу хьелашкахь СССР-н ГКО-с хьалха хIоттийра мехкадаьтта а, мехкадаьттан сурсаташ а дахар алсамдаккхаран  декхар. 1942-чу шеран 26-чу майхь «Правда» газето яздора: «Кхин а чIогIа кхион деза мехкадаьтта даккхар. ДуьххьалдIа мехкадаьтта даккхар а доцуш, лаккхара октанови мехкадаьтта даккхар оьшу ЦIечу Эскарна.

Хьалха хIоттийна декхар дуьззина кхочушдар чолхе даьккхира фронтехь долу хьал цIеххьана ледара даларо. 1942-чу шеран июнан чаккхенехь а, июлан юьххьехь а немцойн эскарша Кавказана тIелатар дIадолийра. Оцу тIелатаран коьрта Iалашо яра СССР-н къилбехь мехкадаьттан сурсаташ арахоьцуш йолу мехала Соьлжа-ГIала а, Баку а схьаяккхар. МостагIийн тIеман ницкъ ла ца баларна советийн эскарш юхадовла дезаш хуьлура. Фронт Соьлжа-ГIалина а, Малгобекана а герга кхечира. Кхолладеллачу хьолаца доьзна 1942-чу шеран август беттан юьххьехь СССР-н ГКО-н тIедилларца сацийра «Малгобекнефть» а, «Гроскнефть» а трестийн болх. Шайх пайдаоьцуш хилла скважинаш а, промышленни ерриге а  объекташ а оцу районера дIаехира. 1942-чу шеран 3-чу сентябрех СССР-н ГКО-с тIеийцира Малгобек — Соьлжа-ГIала мехкадаьттан биргIа вовшахъяккхаран хьокъехь болу сацам. И белхаш дIабахьа меттигерчу бахархойх эзар стаг вовшахтуьйхира. Церан ницкъашца дIалийIира мехкадаьттан 2153 скважина. (ерриге а скважинех 83 процент яра уьш), буру тухуш йолу 13 скважина (ерригенах а 88 процент яра уьш). Сацийра мехкадаьттан шина районан — Малгобекан а, Горскин а болх. Дийнахь-бусий 4400 тонна мехкадаьтта доккхуш яра уьш. «Грознефтекомбинато» доккхучух ах гергга мехкадаьтта доккхура цигахь. Цул сов, цигара дIаяьхьира 4200 вагон оборудовани а, коьчалш а, 9000 сов мехкадаьтта даккхар а, церан доьзалш а. Оцу дерригено а, тIедалийра Соьлжа-ГIалин промышленни районехь мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттанах гIуллакхдар а лахдаларна.

И лазаме а, чолхе а гIуллакхаш ца дича данне а ца довлуш дара. ХIунда аьлча Соьлжа-ГIалара а, Малгобекера а мехкадаьттан районаш мостагIийн карайоьлхуш хьал хиллехь, Германин мехала стратегически аьргалла хир яра Кавказехь кхидIа а тIелатарш дIадаьхьна ца Iаш, советско-германски ерриге а фронтехь кхиамца тIемаш бан, тIелатарш дан а. Делахь а, советийн бIаьхойн майралла а, доьналла а бахьанехь, фашистийн ницкъ ца кхечира нохчийн цхьа метр хиллал латта дIадаккха. МостагIий Теркан бердайистехь совцийра. Цигахь даккхий зенаш а хилла, дуьхьало еш, шаьш долччохь латта дийзира церан.

Фронтехь хийцаделлачу хьоло 1942-чу шеран ноябрехь Соьлжа-ГIалин къинхьегамхоша таро елира цхьадолчу декъана промыслаш а, заводаш а меттахIиттор дIадоло. Йоццачу хенахь цхьайолу скважинаш, метта а хIиттийна, болх бан юьйлаелира. 1943-чу шеран январехь шайх пайдаоьцуш яра 367 скважина. 1942-чу шеран декабрехь «Грознефтекомбинатехь» дийнахь-бусий 900 тонна мехкадаьтта доккхуш хиллехь. 1943-чу шеран январехь иза 1271 тонна доккхура.

ТIеман хьелашкахь доккхачу  маьIне дара юкъахдийлар а доцуш фронтана, ягоргаца, къаьсттина  авиабензинца  кхачояр. СССР-н ГКО-н 1941-чу шеран I5-чу июлехьлерчу сацамца а, СССР-н мехкадаьттан промышленностан Наркоматан  декхарца  нийса а догIуш «Грознефтезаводы» тресто а, ГрозНИИ-с а  йоццачу хенахь  талламаш  бира производствон процессаш хийцарна а, бензинан а, хьакхаран материалийн а  керла кепаш  арахецарна  кхачоярна  тIехьовсийна. Оцу  Iалашонца  хуьйцуш-карлаехира  заводашкара  установкаш. Керла гIирсаш  хIиттийра. Цо таро елира  фронтана  лаккхара октанови ягориг арахецар сихха  лакхадаккха. Иштта, «Б-78» авиабензин  арахецар 1941-чу шеран гуьйре  тIекхочуш 3,5-зза  алсамделира. Амма  иза а кхачаме  дацара  фронтана: 1942-чу шарахь дуьйна  советийн фронтехь тIеттIа  алсамдовла ма дуьйладелира  кеманаш а, танкаш а. 1942-чу шеран юьххьехь СССР-н ГКО-с тIедиллира «Б-78» авиабензин  даккхар  алсамдаккхаран декхар. 1942-чу шеран хьалхарчу эхехь Соьлжа-ГIаларчу Iилманчийн аьтто белира  башха  установка ян. Цо таро лора лаккхара октанови бензин даккхар  масехазза алсамдаккха. СССР-н СНК-о сацам  бира  и процесс Советийн Союзан мехкадаьттанах гIуллакхдечу ерриге а промышленностехь шуьйрра юкъаяло. Даймахко лаккхара  мах  хадийра  Соьлжа-ГIаларчу Iилманчийн  а, мехкадаьттанхойн  а къинхьегаман  хьуьнаран. СССР-н Лакхарчу Советан  Президиуман 1942-чу шеран 6-чу февралехьлерчу  Указца «Малгобекнефть» трестан шолгIачу  промыслана  Ленинан орденца  совгIат  дира, ткъа Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран шолгIачу  заводана – Къинхьегаман ЦIечу Байракхан  орденца.

Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а бохург санна  промышленность тIеман  продукци  арахецарна  тIеяьккхина  яра. 1941-гIа шо чекхдолуш республикерчу 28 предприятехь  карадерзийнера  минометаш, тайп-тайпана  минаш, гранаташ, лелхаш болу гIирсаш, танкашна  дуьхьалонаш (ежаш), дуккха а кхийолу тIеман  дуьхьалонан продукци  арахецар. Фронтан  хьашташна  Соьлжа-ГIаларчу  предприятешкахь  арахоьцуш  яра  90 тайпа продукци, коьчалш.

Нохч-ГIалгIайчоьнан къинхьегамхоша  хаддаза  кхачо йора  Соьлжа-ГIалина гергахьа долчу  эскаршна оьшуш  мел долчуьнца. Деккъа цхьана  1942-чу шарахь «Грознефтекомбинатан» предприятеша 35,5  миллион  соьмана  тIеман  продукци  арахийцира. Цул сов, Соьлжа-ГIаларчу  заводаша а, пхьалгIанаша а  боккха болх бора тайп-тайпана  герзаш, тIеман  техника  тоеш, тIаьхьалонан меженаш арахоьцуш.

Фронтан хьашташ кхочушдеш хилла  йолчу  республикин промышленностан дерриге а дакъошкахь дикка хийцамаш  бинера  тIамо. Масала, 1942-чу шеран 15-чу сентябрана тIекхочуш меттигерчу  промышленностан  системехь 20 предприятех 7 бен  ца  йисинера. Амма уьш а болх беш йоцчу новкъа яра, белхахой  кIезиг хиларна. Иштта, «ЦIен варзап» заводан цхьайолчу  цехашкахь белхалошна  40 процентана бен  кхачойина  яцара, механически  пхьалгIашкахь а, химически  заводашкахь а – 10 процент гергга. Йоккха  къелла  яра  яьргаллин. Белхалой тоьаш  цахиларан  проблема  цхьадолчу  декъана  дIаяьккхинера  зударий  балха  эцарца (1943-чу шарна  республикин мехкадаьттан промышленностехь болх бечарах ах гергга зударий бара). ФЗО-н школашкахь а, къинхьегаман тIаьхьалонан училищешкахь а  сихбинна Iамо болийра  эскаре  кхойкху хан  йоцу  кегийрхой. Фронте  дIабаханчу  белхалойн  метта  дIахIиттабора  уьш.

Хьал вуно чолхе  доллушехь  республикерчу предприятеша  кхочушйора  фронтан заказаш. Иштта, масала, консервийн завод куьйга кхуьсу  гранаташ ян йолаеллера. 1942-гIа  шо  чекхдолуш 943-гIа  шо  долалуш  советийн  салтийн  турпалаллин хьуьнарш  бахьанехь  немцойн фашисташ хIаллакбира  Къилбаседа Кавказехь, уьш Нохч-ГIалгIайн Республикин дозанашкара юхалаьхкира. Цу юкъахь  республикин  тылан  белхалойн хьуьнар а дара. Цара  ЦIечу Эскарна   кхачойора  оьшуш  мел  долчуьнца. Къаьсттина  доккха  дакъа кхочура мехкадаьттанхошна. 1942-чу шарахь дуьйна советийн авиацин доккхах долу  дакъа Соьлжа-ГIаларчу авиабензинца  кхачоеш дара.

I943-чу шарахь дуьйна  керла  декхарш хIиттийра республикин  мехкадаьттанхошна  хьалха. 1943-чу шеран 20-чу апрелехь СССР-н ГКО-с тIеийцира «Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленность цхьадолчу  декъана  меттахIотторан гIуллакхийн хьокъехь» болу сацам. Цо тIедуьллура  йоццачу  хенахь мехкадаьтта даккхар  1943-чу шеран  январехь хиллачу  барамашка дIакхачор, шо чекхдалале  цуьнан барам 2,5-зза алсамбаккхар, дIакъевлина хилла 124 скважина юха  болх бан  йолаялийтар, авиабензин даккхар 14-зза, мехкадаьтта даккхар  2-зза алсамдаккхар, энергетика, машенашъяр, промышленностан  кхидолу  дакъош меттахIиттор  а, кхиор а. Хьесапе  эца  деза  1943-чу шарахь кеманаш а, танкаш а яр цIеххьана  алсамдаьлла хилар. Ткъа цо, шен рогIехь, лоьхура  ягорган-хьакхаран материалаш арахецар алсамдаккхар.

И дерриге а хьесапе  а эцна, Соьлжа-ГIалин белхалоша, инженерно-технически белхахоша  кхочушдира  и декхарш, шайн берриге а ницкъ тIе а бахийтина. 1944-г1а шо  долалуш  «Грознефтекомбината» промыслийн гIуллакхдеш  йолу  скважинаш  кхузза сов  алсамъевллера. 1943-чу шарца  дуьстича,  1944-чу шеран юьххьехь мехкадаьттан  заводийн нуьцкъалла 283 процентана  алсамъяьллера. Делахь а, тIеттIа  лакхадовлуш долчу фронтан  а, халкъан  бахаман а хьашташа  лоьхура  кхин а алсам  мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттан  сурсаташ  арахецар а. Цуьнца  доьзна  1944-чу шеран  27-чу январехь СССР-н ГКО-с тIеийцира республикин  мехкадаьттан  промышленность  кхидIа а  кхиоран хьокъехь болу  сацам. Документо билгалдора 1944-чу шеран декабрехь  дийнахь-бусий  доккхучу мехкадаьттан  барам  4 эзар  тонне дIакхачор, аьлча а 25 процентана  алсамдаккхар, мехкадаьттан  керла  скважинаш, компрессорни станцеш,  электролинеш, механически  пхьалгIнаш болх бан  юьйлаялийтар, Горская – Соьлжа-ГIала  мехкадаьттан  биргIа  меттахIоттор, и.дI.кх. Цул сов,  сацамо  билгалдохура Соьлжа-ГIалин  мехкадаьттанах гIуллакхден промышленность  меттахIотторехь  дан догIу гIуллакхаш. Оцу  Iалашонна  къастош  69,2 миллион  сом  ахча  дара  (цу  хенахь  дукха  ахча  ду иза). И декхарш кхочушдарна  мехкадаьттан  промышленностана керла ялх эзар белхало юкъаозо везаш вара. ХьалхахIиттийна Iалашонаш кхочушъярехь коьрта тIаьхьало яра Нохч-ГIалгIайчуьра  ярташ, районаш. Амма 23-чу февралехь берриге а нохчий а, гIалгIай а лаххьийна махках баьхна Юккъерчу Азе а, Казахстане а дIабахийтинера. Сталинан рожан оцу къизачу зуламо бIеннаш эзарнаш адамашна бала а, гIайгIа а еана ца Iаш, доккха тохар дира республикин экономикина. И бахьанехь кхочуш ца беш бисира СССР-н ГКО-н 1944-чу шеран 27-чу январехьлера сацам, ткъа иштта фронтана мехкадаьттан сурсаташ а, кхачанан сурсаташ а дахьийтаран декхарш. 1944-гIа шо чекхдолуш, 1943-чу шеран чаккхенца дуьстича, лахделира мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттанах гIуллакхдар а. Коьрта бахьана дара болх бан нах цахилар. Фронтана республикера кхачанан сурсаташ дахьийтар эханнал сов лахделира. Гуш ма-хиллара, шен зуламе лаам чекхбаккхархьама муьлхха а эшамаш хилийта кийча вара Сталин.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна нохчаша жигара дакъалецира вайн даймохк ларбарехь. ТIеман шерашкахь НГIАССР-ра фронта дIахьажийна 50 эзар стаг. Царах 30 эзар сов нохчи хилла. Уьш кхин а дуккха а алсам хилла хир бара 1943-чу шеран июнехь дуьйна, Бериян тIедилларца,  нохчий фронте бигар сацийна ца хиллехь. Оцу ханна Сталина бина баьлла бара нохчий махках бахаран хьокъехь болу сацам.

Нохчаша, СССР-н кхечу халкъаша а санна, шайн берриге а ницкъаш дIалора немцойн фашисташна дуьхьал дIахьочу къийсамна. 1942-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь вовшахтуьйхира 242-гIа лаьмнийн стрелкови а, 317-гIа стрелкови а дивизеш. Цара жигара дакъалецира Кавказан фронтехь немцошна дуьхьал дIабаьхьначу тIамехь. 242-гIа дивизи Къилбаседа Кавказера Праге кхаччалц дIаяхара. 317-чу дивизис немцойн фашисташна дуьхьал тIом бира Кавказехь а, Белоруссехь а, дакъалецира Берлин схьаяккхарехь а. 1945-чу шеран август баттахь дивизис дакъалецира генарчу Малхбалехь Японин Квантунски эскар хIаллакдарехь а. 1942-чу шарахь Сталинграда юххехь тIемаш бира нохч-гIалгIайн дошлойн 225-чу полко. Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизион тIемаш беш яра дошлойн 4-чу гвардейски корпусна юкъахь.

Нохчий шайн майраллица, доьналлица, хьуьнаршца гIарабевлира Москвахь, Ленинградехь, Сталинградехь, Къилбаседехь, Iаьржачу хIорда йистехь, Европин мехкаш паргIатдохуш. ТIеман муьрехь уггаре а хьалха Советийн Союзан турпалхо хиллачарах цхьаъ вара Нурадилов Ханпаша. 1942-чу шарахь Къилба-Малхбузе фронтан газето цунах лаьцна яздора: «Цкъа а лийр воцу Кавказан Турпалхо, пулеметчик Нурадилов Ханпаша. Цо вийна 920 фашист. БIаьхо-нарт, бIаьхо-аьрзу… Нохч-ГIалгIайчуьра фронте а веана, Нурадилов Ханпашас шегара гайтина майрачу нохчийн халкъан тоьлла амалш — цуьнан турпалла, аьрзунан само,  майралла, доьналла, хьуьнар…». Нурадилов Ханпашас Сталинградана уллехь турпалаллица Iожалла тIеийцира, ткъа цуьнан доьзал бохийна, махках баьккхина, Казахстане дIахьажийра.

Иттаннаш эзарнаш нохчаша а, гIалгIаша а тIемаш бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь. Царах эзарнашна орденашца а, мидалшца а совгIаташ дира. Дукха бара Советийн Союзин Турпалхой хилларш а. Эзарнаш нохчий заьIапхой хилла  цIабирзира фронтера.

Республикин къинхьегамхоша, шайн ницкъаш ца кхоош белхаш бира тылехь. Фашисташ Соьлжа-ГIаларчу а, Бакурчу а мехкадаьттанна тIекхача лууш чугIертачу, СССР-н промышленни кхиъна долу дерриге а дакъа гитлерхойн карадаханчу вуно чолхечу хенахь республикехь мехкадаьтта даккхар, тIех мехала авиабензин даккхар шозза сов алсамдаккха ницкъ кхечира.

Нохч-ГIалгIайчуьрчу колхозхоша даьхнилелоран сурсаташ пачхьалкхана дIадаларан 1943-чу шеран план тIекхочушйира. Пачхьалкхана планал совнаха дIаделира 66200 пунт ялта, 60840 пунт стоьмаш, 21150 пунт картолаш.

Цу тайппана, Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъаша, СССР-н дерриге а халкъаша а санна, хьокъала йоллу хазна юкъайиллина фашистийн Германина тIехь толам баккхарна.

Ш.ГАПУРОВ, академик, историн Iилманийн доктор

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: