Соьлжа-ГIалина – хьакъ доллу совгIат

Кху деношкахь Кремлехь даздаран хьолехь дIадаьхьира «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе яларан хьокъехь йолу грамоташ дIаялар. Соьлжа-ГIала, Гатчины, Старая Руссия, Петрозаводск, Феодосия гIалийн векалшна уьш дIаелира Россин Федерацин Президента Путин Владимира.

b_0_0_0_00_images_doc_news_vruchenie_gramoty

Нохчийчоьнан делегацина хьалхаваьлла вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

В.Путина шен къамелехь билгалдаьккхира, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман шерашкахь Кавказехь уггаре а къиза тIемаш Соьлжа-ГIала йолчу агIор хилла хилар.

– НГIАССР-н эзарнаш бахархой шайн мохк ларбан гIаттар бахьана долуш мостагI юхатуьйхира. Лаьттахула шайга Соьлжа-ГIала ца яккхаелча, фашистийн эскарша хIаваэхула тIелатарца мехкадаьттан заводашна бомбанаш етташ доккха зен дира. Делахь а, йоццачу хенахь соьлжаг1алахоша меттахIоттийна йолу заводаш юха а фронташка мехкадаьттан сурсаташ д1акхехьийта йолаелира, – бохура цо.

Пачхьалкхан Куьйгалхочо Соьлжа-ГIалин мэре Кадыров Исламе дIаелира грамота. Ткъа И.Кадыровс Нохчийчоьнан бахархойн цIарах даггара баркалла элира В.Путинна. Билгалдаьккхира, «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе ялар Нохчийчоьнна доккха совгIат хилар.

– Соьлжа-ГIалин бахархоша тIом болчу хенахь гайтина йолу майралла а, турпалалла а тидамза ца йитар тхуна чIогIа хазахета. Нохчийчоь шен турпалхошца евзаш ю. Тахана а терроризмана дуьхьал къийсам латтош декъалхилла Нохчийн Республикин хьалхара  Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн къоман эзарнаш кхиболу  кIентий а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан д1адолорца оцу турпалхойн цIерш техкина Соьлжа-ГIалин урамашна, – бохура цо.

Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» аьлла цIе яларан хьокъехь долу указ карарчу шеран апрель баттахь арадаьлла.

Р.АБДУЛМУСЛИМОВ

 №70, еара, 25 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: