Журналисташ вовшех дагабевлира

IMG__20150526

Соьлжа-Г1аларчу Радион ц1ийнехь цхьаьнакхетар хилира шайн коьртехь Россин Журналистийн Союзан  секретарь 1.Комалов коьртехь волчу Дагестанан Журналистийн  союзийн векалийн а, Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсийн куьйгалхойн а.

Дийцаре дира Нохчийн Республикина а, Россина а дуьхьал бечу хаамийн т1амна дуьхьал г1уллакхаш д1адахьа дезар. Гулбеллачийн барт хилира къоман а, къаьмнийн юкъарчу а теманашна материалаш язъян Къилбаседа Кавказерчу журналистийн клуб кхолла.

– Къилбаседа Кавказехь дехачу къаьмнашна юкъара доттаг1алла ч1аг1дарехь пайдехь хир йолу проекташ кхочушъян кест-кеста цхьаьнакхета  деза вай, иштта пайдехь хир ду семинараш д1аяхьар а, – бохура Нохчийн Республикин  журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама.

Иштта цигахь дийцира Къилбаседа Кавказерчу шуьйрачу хаамийн г1ирсийн коьртачу редакторийн Кхеташо кхолла езарх  лаьцна. Вовшах дагабовлуш хилча атта хир ду интернетан з1енашкахула баржочу зуламечу, харц хаамашна дуьхьал къийсам д1абахьа.

– Нохчийчохь арадолучу «Вести республики» газетан коьртачу редакторца тхан барт хилла цара схьаелла материалаш тхешан газетехь зорбатоха а, тхаьш долчохь хуьлуш долчух йолу материалаш церан газетехь зорбатоха  а, – бохура «Дагестанская правда» газетан коьртачу редактора Токолатова Бурлията.

Россин журналистийн союзан секретара Шафир Тимура билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказехь болчу журналистийн цхьаьна г1уллакхаш дан барт хилар шена мехала хеташ хилар.

– Шеко яц цхьаьна г1уллакхаш даро белхан эвсаралла лакхайоккхург хиларан. Тахана вайна гуш ду цхьаболчу питанчаша баржош болу хаамаш харц хилар. Кхуза схьадог1уш а б1аьрг бетташ 1ийна тхо, Нохчийчохь схьагуш долчу суьртаца массанхьа д1айийна аренаш а, г1али юккъехь ц1ано а ю. Критика ян оьшуш республика яц х1ара, – т1еч1аг1дира цо.

Циггахь Россин журналистийн союзан ц1арах совг1аташ дира Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн г1ирсийн  векалшна. «Корматаллин юкъараллин дуьхьа  хьуьнар гайтарна» сийлаллин билгало елира «Даймохк» газетан корреспондентана, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистана, къоман журналистикин къаночунна Магомаев Ширванина, иштта Сийлаллин грамота яларца билгалваьккхира «Орга» журналан коьрта редактор Минкаилов Эльбрус.

Р.МУСИПОВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Комментари йазйе

Хьан email гуш хир йац. ХӀокху билгалонца * къастийна могӀанаш деса дита йиш йац.

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: