ШаIбан – Элчанан бутт

  Шех Элчанан (I.с.в.с.) бутт олуш беза бу ШаIбан бутт. Оцу баттахь марханаш  кхабар суннат, Делера йоккха ял хир йолуш Iибадат ду. Къаьсттина деза лерина ШаIбан 13, 14–15-чу деношкахь марханаш кхабар. Оцу буьйсанашкахь Жабраил малик деана Элча (I.с.в.с) волчу. Беттан 13-чу буьйсанна деанчу Жабраил малика аьлла: «Я РасулуллахI, хьала а гIаттий, суннат ламаз а дай, хьайн уммат доьхуш Деле доIанаш дехьа».00-014

Элчано, хьала а гIаьттина, суннат ламаз а дина, Деле доIанаш дина шен уммат доьхуш. Цу буса, юха а деана Жабраил малик Элча (I.с.в.с) волчу. Цо цуьнга аьлла: «Дала хьан умматах кхоалгIа дакъа делла хьуна».

14-чу буса Жабраил малик юха а деана Элча (I.с.в.с.) волчу. «Далла, хьаста а лой, доIанаш дехьа, хьайн уммат доьхуш», – аьлла цо. Элчано (I.с.в.с) Далла, хьаста а луш, доIанаш дина. Цу буьйсанна сатоссуш юха а деана Жабраил малик: «ШолгIа дакъа а делла хьуна  Дала», – аьлла цо.

15-чу буьйсанна а деана Джабраил малик. Элчане (I.с.в.с.) доIанаш дехьа аьлла цо. Элчано (I.с.в.с.) доIанаш дина, шен уммат Деле доьхуш. Кхул хьалха а санна сатоссуш юха деанчу Жабраил малико аьлла: «Хьан умматах кхоалгIа дакъа а делла хьуна Дала, Шеца – Делаца накъост лоцурш бац царна юккъехь».

Юха аьлла Жабраил малико: «ХIай, Мухьаммад, хьайн корта хьалаайбай стигала хьажахьа. Хьала хьаьжча хIун го хьуна?». Хьала хьаьжча стигалан неIарш йиллина гира цунна. Маликаш гира цунна дуьненна юххерчу стигала  тIера Iарша тIекхаччалц сужуд деш, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) уммат Деле доьхуш.

Хьалхарчу стигланан неIарехь малик дара мохь бетташ: «ХIокху буьйсанна рукуIа деш болу нах декъала хир бу». ШолгIачу стигалан неIарехь малик дара мохь бетташ: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Далла сужуд  деш болчу нахана». КхоалгIачу стигалан неIарехь  мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Дела хьехош болчу нахана». ЙоьалгIачу стигалан неIарехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Деле доIанаш деш болчу нахана». ПхоьалгIачу стигалан неIарехь мохь беттачу малико бохура: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Делах кхоьруш, Деле доIанаш деш болчу нахана». ЯлхалгIачу стигалан неIарехь долчу малико мохь беттара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна дика Iамалш еш болчу нахана». ВорхIалгIачу стигалан неIарехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Къуръан доьшуш болчу нахана», – бохуш.

Кхин цхьа малик а хилла мохь бетташ: «ХIай, Деле доьхуш, доIанаш деш цхьа а вуй шуна юккъехь? Шун дехарна жоп лур ду. Ша динчу вуочу хIуманна дохко ваьлла стаг вуй? Дохко а ваьлла, цо тоба дахь, цуьнан тоба къобалдийр ду».

Мухьаммад Пайхамара (I.с.в.с.) аьлла: «Делан къинхетаман неIарш шен умматна йиллина ю и буьйса йолаелчахьана сатассалц йолчу ханна».

Дала цу буьйсанна хьалха буьту жоьжахате баха хьакъ хилла нах. Ванин-Калба бохуш цхьа къам ду дукха жаш лелош. Церан уьстагIашна тIехь мел болчу чон цIарах цхьацца хьалха вуьту Дала цу буьйсанна. (Вай юьйцург ШаIбанан 15-гIа буьйса ю – с.д.).

Вайн Элчано (I.с.в.с.) аьлла: «ШаIбан баттахь шена цхьа эзар салават диллинчу стеган хьашташ кхочушдийр ду Дала, бIе эзар дуьненан хьашташ а. БIе эзар диканиг яздийр ду цунна. БIе эзар вуониг дIа а доккхур ду. БIе эзар дарж а лур ду цунна. Веза хинволчу Дала ларван эзар малик дохуьйтур ду, массо вуочу хIуманах иза ларвар а доьхуш. Иза дийна мел ву цунна юххехь а, велча цуьнан коша тIехь а, Деле а воьхуш. Къематде кхаччалц лаьттар ду уьш». Иштта ду ШаIбан баттахь вайн Пайхамарна  (I.с.в.с.)салават диллар.

Вай еш йолу кхийолу Iамал маликаша, талла а толий,  Далла тIехьош ю. Пайхамарна (I.с.в.с) салават диллина Iамал маликаша, талла а ца толлуш, Далла тIейоьду. Ахь дуьллуш долу салават нийса дацахь а, Дала шегара нис а дой дIаоьцу, Элча (I.с.в.с.) шена дукха веза дела. Далла  Элча (I.с.в.с.) мел дукха веза вайга дийцалур дац. ХIетте а, Далла Элча (I.с.в.с.) везарх цхьакIеззиг дуьйцур вай.

Дала нуьре хен кхоьллина, шен диъ га а долуш. И диъ га – Абубакар, Iумар, Iусман, Iела хилла. Оцу деа гена юккъе кIайчу нуьре, ша горга а йолуш, кад санна, хIума хIоттийна Дала. Цу чу дуьнен чохь хирг ма-хиллара вайн Пайхамар (I.с.в.с.) хIоттийна. Цунна гуонаха дIахIиттийна Дала мел кхоьллина синош. ТIаккха Дала оцу синошка аьлла: «ДIахьовсал!». Синош дIахьаьвсина. ДIахьаьвсича корта гинарш бу. Царах паччахьаш хилла. Юьхь гинарш бу. Царах элий хилла. Беснеш гинарш – хьекъал долу нах хилла. Хьаж гинарш – сий долу нах хилла. БIаьргаш гинарш – хьафизаш хилла. ЦIоцкъамаш гинарш – Къуръан дукха доьшу нах хилла. Мара гинарш – лоьраш хилла. Лергаш гинарш – хIума схьалоцуш, ладогIа лууш нах хилла. Балдаш гинарш – Дела дукха хьехош нах хилла. Накха гинарш – пайхамарш, эвлаяаш, Iулмааш (Iеламнах) хилла. Бага гинарш – марха кхобуш болу нах хилла. Цергаш гинарш –  сибаташ хаза долу нах хилла. Лаг гинарш – моллала кхойкхуш болу нах хилла. Ворта гинарш – йохк-эцар лелош болу нах хилла. ЧIениг гинарш – собаре нах хилла. Мотт байнарш – маттана говза, Делан дуьхьа машар беш болу нах хилла. Маж гинарш – Делан дуьхьа къахьоьгуш болу нах хилла. Белш гинарш гIазотан охIланаш хилла. Ши пхьарс гинарш – тур-цхьамза лелош болу нах хилла. Аьтту пхьарс  гинарш – дикачу хIуманна ка йолу нах. Аьрру пхьарс гинарш – гIазотана кечам беш болу нах. Ши куьг гинарш – комаьрша нах хилла. Куьйгийн тIиэш (тIехулонаш) гинарш – бIаьрмециг нах хилла. Аьрру кераюкъ гинарш – ялта нийса доькъу нах хилла. Аьтту куьйган кераюкъ гинарш – шайх беркат долу нах хилла. ПIелгаш гинарш – йоза яздеш болу нах. ПIелгийн буьхьигаш гинарш – хIума тоьгуш болу нах (тIеюха хIума йоцуш кхиерг тоьгуш – нуьйр, гIомат, и.дI.кх.а). Аьтту куьйган пIелгийн тIиэш гинарш – бедарш еш болу нах. Аьрру куьйган пIелгийн тIиэш гинарш – аьчга-пхьераш. Аьтту куьйган тIиэш гинарш – мехах силам дуьллуш болу нах. Аьрру куьйган тIиэш гинарш – хьун хьокхуш болу нах. МIараш гинарш – хаза духарш лелон нах. Букъ гинарш – шарIана муьтIахь нах. Гай гинарш – Дала шайна деллачух кхачам беш болу нах. Когаш гинарш – гIаш некъ беш берш. Коган кIелонаш гинарш – талла лелаш болу нах. Цуьнан IиндагI гинарш –  мехах пондарш а, эшарш а лоькхуш лелаш берш.

ДIахьовсал аьлча, дIахьаьвсича хIумма а цагинчарах жуьгтий, эрмалой, керстанаш хилла. ДIахьовсал аьлча, цахьаьвсинарш Ям, Къуддур, Намруз, ФирIун, Жалут, Сахар, Бухтанасар, АбужахIил хилла.

Мухьаммадан   (I.с.в.с.) нур эццахь шайна гинехьара: Адам пайхамарна  дуьхьал Иблис дер дацара; Нухь пайхамарна дуьхьал Ям вер вацара, Салахь пайхамарна дуьхьал Къуддур вер вацара, ИбрахIим пайхамарна дуьхьал Намруз вер вацара, Муса пайхамарна дуьхьал ФирIун вер вацара, Дауд пайхамарна дуьхьал Жалут вер вацара, Сулейман пайхамарна дуьхьал Сахар вер вацара, Iийса пайхамарна дуьхьал Бухтанасар вер вацара, шолгIа Дажжал хир вацара, Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.с.) дуьхьал АбужахIил вер вацара. Уьш дакъаза бевлла дела Мухьаммадан  (I.с.в.с.) нур ца гайтина Дала царна.

Оццул вазвина кхоьллинчу Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с) бутт лоруш бу ШаIбан. Цуьнан лерам бар, оцу баттахь марханаш кхабар бусалбачу нахана чIогIа мелехь ду. Дала уьш кхаба пурба а, ницкъ а, собар а, ийман а лойла вайна.

 

Зорбане кечйинарг – С.ХАМЗАТОВ

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: