Кху тIаьхьарчу масех шарахь Итон-Кхаьлла боьду некъ шарбеллачу суна, кху некъан бохалла цхьа бIаьрла хийцамаш цахиларна, бIеннаш шерашкахь а уьш кхузахь хилла хир бац аьлла хетара. Бакъдерг аьлча, иштта гена кхевдича, дуьненна а олалла дан араваьлла АстагI Тимар вайн дайша кху лаьмнашкахь сацор а девзара, Нашхан, Хьайбахан бохамаш а бевзара, цул тIаьхьа шина тIамах чекхдевллачу лаьмнийн кортошка яккхий тоьпаш йиттина, маьI-маьIIехь кIунзалан кеппехь буц-яр ялаза кIайдаргаш а гора. Уьш лаьмнийн дегIана йина чевнаш юьйла хуъушехь, чуьрко къовзоран тайппана бен, кху мокхазчу тархашна цара хIумма а ца динийла хаьара.
ХIай лаьмнаш, иза иштта дацахьара, шу тIехь лаьтта латта лилхина бухдаьлла, шу догIанах дилхина, дешна хир ма дара! Ткъа шу, эзарнаш шерашкахь санна, сийначу стиглане бохь кховдийна, бIаьштиг тIе кIайн холхаз теттина, дозаллица дIатесначу аренашкахь Iаламан ниIматаш кхиош ма деха. Шун ондалла зен санна, Дала шеран гуона чохь маьлхан зIаьнарш сов евлча, шовданан хишца леда дуьйлало шун баххьаш. Хьалха ца хиллачохь, гучудовлу керла хьостанаш. Церан комаьршалла бахьанехь басешкахь, гунашкахь, боьлакашкахь кхуьу хьеначу шуьрех юьзна бецаш. Уьш юкъаеллачохь, мелачу махо эсала хьоьсту цIен петIаматаш даьржа. Ла мел доьгIу а ца кIордош, тамашийначу эшарийн зевно хьоьсту лерса. Ишттачу исбаьхьаллин башхаллин духе кхиънарг кхета, кху дуьнен чохь цхьа даккхий хIуманаш нисдо моьттуш, адамо эрна садууш хиларх, теша, хIара ниIмат кхоьллинчу, кхиош-къагийначу Далла Iибадат дар бен, кхин генара хIуманаш оьшуш цахилар.
ХIетте а, и ерриге а исбаьхьаллаш деккъа хьайн бIаьрса хьоьстуш муха дуьтур ю? Цуьнан марзо муха йоькъур яц адамашца? Хууш ма ду, дуьне хазалло кIелхьардоккхур ду баьхнийла. Ткъа и исбаьхьаллаш таро ма яц кхузара дIаяхьа, уьш ган а таро ма яц кхуза ца кхаьчначун. ТIаккха а уьш дагах кхетар ма яц, хIара мохк Даймохк боцучунна… Ма дукха ду цу дашо чулоцург. Дуьненан рицкъанаш бахьанехь, цунах къаьстина лелча а, бераллин Iуьйранна, берзинчу когийн айраш даадаллалц, ша дуьнен тIе ваьллачу юьртан йистош гезъеш, гуонахарчу хьаннийн беркатех марзо оьцуш, цигахь хьаьмц стов, кхор-бIар, цIазам-комар мичахь кхуьу толлуш леллачун, дахаран халоно а, цуьнан комаьршалло а ца ширбо Даймахке безам. Ткъа Орган йистошца кхиъначун, цуьнан буьрсачу амалх бераллехь воьллачун, хIетте а, иза оьгIазаллица угIуш бердах летарх, наггахь харш дузий, гIергIаш тIехъэхарх, кхин кхераме а ца хета. Хаьа, ло дашар лахделча, дукха хьолахь, гуьйре екъаелча я Iа чIагIделча и хилахь а, бердашна чудуьжий, карийна кIеза санна, хьасталой иза хуьлий.
Ма башха хуьлу цу хенахь Орга! Цуьнан бердашца тасалой кхиъна хуьлу цIарах йогу хьаьрмакаш, можачу дешех лепаш хуьлу хьуьнан бIараш, шекъанан басахь къерза кхезарш. Ло диллинчул тIаьхьа, кIайчу шаршу тIе эгийначу Iаьржачу комарийн таммагIийн кеппара, догIанна язъеллачу стигалан басахьчу коканийн, мазе дирзинчу муттано чкъор этIадой, иза арагIоьрттинчохь, деттачу цIийн кепехь кегий бегнаш къеста.
ЭхI, ма чомехь хьоьжу уьш! Амма ша тIемашца хIаваъ цоьстучу олхазарийн пхьор ца хилахь, цергах хи тасахь а тIекхача аьтто болчохь цахиларна, сатийсамца деган куьг кховдадой, бита безаш хуьлу и башха кхача. Гуьйренан эсаро эгадо диттийн гIаш санна, я тайна тIелуьсту суьлхьанаш санна, шераш уьдуш, эга доьлча, хьайн Даймахках къаьстина яьккхина хан байттамалле йоьрзу. Хьо декъахь воцуш яйначу исбаьхьаллина тIекхиа лаам кхоллало. И адамашна кховдо, хьайгара зовкх цаьрца декъа лаьа.
Ишттачу ойланаша валийна хилла хир ву-кх кху аьрхачу Органан бердах «Дахаран хьоста «Вара» цIе тиллина жима оти латийна, Орган чIожах бухдуьйлучу мерзачу шовданан чам дуккха а адамашна бовзийта болчу сирлачу лаамца, хIара меттиг тойина, кху чIожан акхачу, готтачу метте, кху мехкан кIант Iадлан. «АллахI Дала Зам-Зам хи санна, дарбане дойла шуна хIара хи…» – аьлла, баьккхинчу луцано а гойту, шен къоман адамаш дезаш, цаьрца лераме а, шен Даймахках, цуьнан долчух а доккха дозалла долуш кIант иза хилар.
Даймехкан исбаьхьаллех ца Iебаш, ларваларан само яйна, галваьлла, Органо шен мара хьарчийначу оцу башхачу кIентан оьзда гIиллакхаш, цо хийла де доьхначунна дина гIуллакхаш, тIех вол-волучо шег-шегара дуьйцуш, и мел ца вевзачунна а вевзи-кх.
ХIара масех де шерашка дирзи-кх цуьнан йиш-вешина, бевза-безачарна, махкахошна. Церан сатийсам Iадланан цIарца богу. Ткъа иза, хилларг хIун ду ца хуу бала тхуна а битина, паргIатваьлла-те, куьг кховдийча ца кхачавеллачу, син тIемаш тIехь кхаьчна?!
Оха АллахI Деле воьху-кх хьо, Iадлан …
Саралиева Табарак
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо