ХIокху деношкахь «Даймохк» газетан редакцин журналиста интервью ийцира «Вайнах» радион куьйгалхочуьнгара Джаватханов Рамзанера. Иза шун тидаме юьллу оха.
– Рамзан, мел хан ю «Вайнах» радио болх беш йолу?
– «Вайнах» радио болх бан йолаелла 1928-чу шарахь. ТIаккха 88 шо хуьлу-кх тхан радион. Дукха хан ца йисина тхан 100 шо кхача а.
– Тахана масс стаг ву шун коллективехь болх беш?
– Тахана тхан коллективехь болх беш 30 стаг ву. Царна юкъахь нохчийн журналистикин ветеранаш бу, шайн балха тIехь алссам зеделларг долуш. Царах Iемаш схьабогIуш кегийрхой бу. Царна юкъахь похIме журналисташ бу. Къоман журналистикин кхане цаьргахь ю аьлла хета суна.
– Масс редакци ю «Вайнах» радиоканалехь?
– «Вайнах» радиоканалехь ши редакци ю. Царах цхьаъ информационни ю, ткъа шолгIаниг – тематически.
– Ткъа нохчийн маттахь болх беш редакцеш яц шун?
– Дера ю. Аьлча а, оцу хьалха цIе яьккхинчу редакцешкахь журналистийн тобанаш ю нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь белхаш беш. Оха дозалла до нохчийн маттахь болх беш болчу тхайн журналистех. Махкахь а тоьллачарех бу аьлла хета тхуна уьш. Масала, цIерш яьхча массарна уьш бевзаш бу аьлла, дог тешна а ву со: Кусаев Iадиз, Исраилова Яха, Эльмурзаева Роза, иштта дIа кхинберш а. Нохчийн мотт ца буьйцуш Iойла дац нохчийн махкахь. Цунах тхо дика кхета. Берашна леррина а йо оха нохчийн маттахь передачаш.
– Тахана дерриге а дуьне интернет чу дирзинчу муьрехь, хала дуй радиохь болх бан?
– Карарчу хенахь дерриге а дуьнен чохь интернет шуьйра яьржинехь а, радио шен тIегIана тIера охьа ца яьлла. Хьалха санна шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь, шен хьакъ йолу меттиг дIалаьцна ю радио. Техникин аьттонаш алсамбовларо мелхо шорйо радион таронаш. РадиоладогIархойн аьтто бу новкъахь вогIуш-воьдуш машенахь а, интернетехула а радиога ладогIа. Иштта ладугIуш, тхан эфир терго йоцуш ца юьтту, кест-кеста тхоьца зIене бовлучу махкарчу бахархоша.
– Шайн радиоладогIархошка хIун эр дара ахь?
– РадиоладогIархошка суна ала лууш дерг тхоьга ладогIар а, оха бечу белхан мах хадор а ду. ЛадугIуш ца хилча, тхан дийца дог догIур дац. Оха дерриге а махкахошка дIакхачийтархьама дуьйцуш ду, хьоьгуш долу къа а церан дуьхьа ду.
– Баркалла.
Интервью дIаяьхьнарг – ДАЧАЕВА Аза
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо