Ве-моз санна цIена…

Воккханиг веха хIусам бIаьрг ма-кхийтти, генара дуьйна а билгал хуьлу. Хуьлу, лами тIера дуьйна цхьа ша тайпа, оьзда. НеIара уллохь, пенах товжийна Iаса, чоьхьа ваьлча, баьрчче хIоттийначу дечиган маьнги тIехь Iуьллу ламазан куз, гуччохь кхозу суьлхьанаш. Даго гергара хеташ тIеоьцу иштта хIусам. Иштта ойланаш кхоллаелира Гуьмсан районерчу Жалкхехь ехачу Бетельгириева Шумисатан хIусаме кхаьчча. Цига кхачаран бахьана дара иза дукха наха хьекъал, хьуьнар долуш, оьзда йоккха стаг ю алар.IMG-20160510-WA0009

Хьал-де хаьттина девлча, цуьнан амалех уггаре а хьалха хаалуш ерг – яхь яра. Шен тайпанах, ша яьккхинчу хенах, хьегначу къинах иза йоккхаер дара. Мацалла, хало тIехIоьттича иза йоьхна яц, цо Деле дехнарг  хьанал рицкъ бен дацара. Шумисатна иза Дала шортта луш а хиллера.

Шина куьйго юьхькIайчу еш яьхна иза 86 шарахь. Темаш, цатемаш… Моссазза делхийна, делийна хир ду цара йоккхачу стеган дог?…

Шумисат собаре, иэсехь  хилар Делан къинхетам бу. Хаттарш дукха дара тхан цуьнга дан. «Дерриге а Делера ду» – бохуш яьхначу цуьнга, – «Нохчийн йоI муха кхион еза? Шун нанас муха кхиийра шу? Сибарех дигар, цигахь текхна шераш хIун деш дIадевлира хьан? Хеттарш а, хилларш а цхьаьна ца догIуш дукха нисделирий дахарехь?»

«Стаканан бошхепа доьттина ве-моз санна цIена а, сирла а хила деза зудабер», – олура тхан нанас, – аьлла  дагалецамашка елира  йоккха стаг…

«Iуьйранна тхуна марта кечдан хIуттура нана. Ламаз карахь долуш бен цIе а ца латайора цо. «Рицкъ хьанал  ца даийча доьзал я дика а, я муьтIахь а кхуьур бац», – олуш хиллера ШумисатгIеран нанас.

Дуби-Эвларчу Вашандаройн тайпанах волчу Жунайдан а, ГIизкъин а доьзалера ю Шумисат. Иза 1930-чу шарахь дуьнен чу яьлла. Шуьйтан районерчу Вашандарахь Iаш бара уьш иза жима йолуш. Кхеран шайн кIотар хилла. Даьхнех дерг аьлча, иза Нохчийчохь ду мел бохучу тайпана лелош-кхиош а дара. Чот яйна дукха котамаш, москалш, уьстагIий, бежанаш, говраш яра церан. УьстагIа, бежана дийча церан неIарех силу дой, божарийн  кетарш йора нанас ГIизкъис.  Аренаш дIаерзийча, доьрчий дуьззина хьаьжкIаш а, кIа а, чIоьнаш дуьззина ахьар а хуьлура. Беш-хас дIадерзийна, гурахь чубоьрзура доьзал. ТIаргIа къажбеш, тайн уьйригаш гулйой,  пазаташ, истангаш  дора. Iай Дагестанера зударий богIура кхаьрга истангаш деш болх бан. Дукха жима яра Шумисат шен куьйга юьйцина дуьхьарлера пазаташ ша йича.

Дена тIаьхьа хIуттий кертахула лелара  иза. Да Жунайд дош лелаш, хьекъал долуш стаг вара. Юьртахошна тIе дика-вуон деача Жунайд цIахь вуй хьожий бен, адам ца гулдойтура кхеран юьртарчу Юсуп-Моллас. Ткъа иза ломахь йолчу ярташка хьалавоьдура дохка мехкадаьттий, туьхий оьций.  Дех хьаьгна йолу йоI,  иза цIавеача, цунна там хуьлу агIо лоьхуш хуьлура. Ламаз эца лоха гIант схьадададой, куьйгех хьакха гата дIакховдо кийчча лаьттара Шумисат.

Къайллаха божалийн, баннийн тхевнаш тIехула лела Iеминера йоIана. Иза аьрха хилар а дацара иза, цу тIера дIахьаьжча цунна, шена Вашандаройн мохк  гина ца Iаш,  ерриге а Шуьйта гуш хетара. Лаьмнийн баххьашна тIейогIаеллачу марханех куьг Iотталур ду моьттуш, сел цIена, хуьлура хIаваъ, мел хьежарх ши бIаьрг ца Iебара Даймехкан Iаламан хазаллех.

Иштта цхьана дийнахь, дехха дIа лаьттачу  божалийн тхевнашна   тIе елира  хIара шеца цхьаьна наштаран чийлик текхош.

Иза ша а яцара цул бен. Дашочу чалахь кIайн тIулгаш санна, котамийн хIоаш дара Iохкуш. УьйтIахь Iачу дега кхин цхьаъ чийлик дехна, цкъа дIахIоьттича ши чийлик дуьззина хIоаш лахьийра йоIа. Беркат дарий техьа аьлча, цуьнан шорто цкъа а йист йоцуш ду моьттура ламанхошна. Къам делхоза, шен махках даккхаза, ирсе дара цкъачунна.

Ялсамани  санна болчу махкахь муха Iийр вара накхарш ца лелош? Уьш а дара кхеран. ХIора шарахь бохург санна, кхеран цIенош НКВД-н белхахоша дагош дара, «Кулакийн бахам дебон бакъо яц» – олий. Иза хууш волчу кхеран вашас хьун кечйора, дукъошна, утармашна дечиг нисдой. ЦIе хьаьрчинчу божалийн тхевнашна тIехь хIоаш лелхаш хезча, ша йилхина дагадогIу Шумисатна. «Накхарш лелор  чIогIа карадирзинера суна. Тхан цIийнах со а, тхан да а, дейиша Ату а, тхо кхоъ  дара накхарш лелош. Айса 30 яьшка накхарш лелийна ас 2013-гIа шо кхаччалц», – йоьлуш дуьйцу Шумисата.

Юучух, молучух, бедарх ца хьоьгуш, токхе шераш а девлира чекх.

Цул тIаьхьа йогIу хан йишйоьхна еара. 1944-чу шарахь, нохчийн халкъ махках даьккхира. ГIиргIизойн махкахь Бетельгириев Мисирпаше маре яхара Шумисат. Дуьххьарлера доьзалхо гучуваьлча бедарш  тега Iамийра цо шена. ГIиргIизойн махкарчу Фергански областан Чавой юьртахь «Молотобаза» заводе балха вахара Мисирпаша.

Иза гинсу  (ртуть) доккху завод яра, могашаллина кхераме йолуш. Цкъа цIийндас деанчу алапах туьканара ши  юргIа оьций чуйогIу Шумисат. Ши куьг паргIат  Iен Iемина йоцу иза саготта яра, шен куьйга къахьоьгуш, сом даккха некъ лохуш. ЮргIанаш схьадостий, юха тIе керла дари а тоьгуш, дукха хаза диъ юргIа тийгира цо. Уьш шайн уьйтIа махе даьхна хьалатесира Шумисата. Кхеран кетIахула дIасалелачу гIезалойн зударшна уьш хазделла,  мичара эцна   хатта чубирзина хиллера. Шайн юьртарчу туьканара дуй хиъна царна. «Аш эций схьадаста, ас шуна а керла юргIанаш дийр ду!» – аьлла цаьрца гIиллакх лецира цо.

ТIаккха юьртахь мел бехачара шайна юргIанаш тоьгуьйтура кхуьнга. «Цхьа юргIа тоьгург ши сом ах сом лора. Кога ага а техкош, багахь олуш назма а йолуш, юргIанаш охуш, бедарш тоьгуш дукха суьйренаш текхира ас» – дуьйцура цо. ХIорш бехачу юьртарчу заводехь даима а чан хуьлура.  «Боккхуш берг кIора белахьара иштта зуламе а хир дацара вайна, руда кхераме ду. Юьртахула охьадогIучу хино кIелхьардохуш ду вай. Дела болх бу-кх», – олура суьйранна чувеанчу цIийндас, Мисирпашас.

Бинчу балхах схьадала ахча ца хилча, Шумисатна котамаш а лора гIиргIизойн а, гIезалойн а зударша. Иштта зIаькардаьхни дебо йолаеллачу цуьнан 200 сов котам вовшахкхийтира. ЦIийндас цкъа а, цхьа а сом кхуьнгара схьа ца оьцура.

«ХIусамнана хьо ю. Хьуна хьайна хуур ду вайн хьашташна оьшшучул рицкъ дохка», – олура цо. «СагIа а шайн цIийндайшка хаьттиний бен ма даккхалаш!» – олуш хиллачу шайн ненан ГIизкъин дешнаш дагадогIий, ша мел лелочунна тIехь Мисирпашех дагайолура Шумисат. Шен йоI анддаяьлча, заводехь къахьоьгучу белхалошна кхача кечбан балха яхара иза. Дийнахь 27 уьстагIах юург ян езара кхуьнан. Ша а туьппалгал бен йоцу хIара, тIуьппалгана тIе  дохкуш уьстагIийн жижигах дакъош даха хIуттура. ДаьIахкаш хIинццалц дIакхуьссуш хиллера цигахь. Ткъа хIокхо уьш отий, чорпи  чу кхуьйссуьйтура. Шайна лучу кхачанан чам тобелла хаалора белхалошна. Заводан директорна чIогIа тайнера Шумисат массо а хIуманан тIалам беш хилар.

1957-чу шарахь ГIиргIизойн махкара цIабирзира БетельгириевгIар. ХIара шиъ Нойбоьрехь сецира. «Тхо цIадогIуш машен эццал ахча гулделлера соьгахь. Ахча даккха жима яцахь а, иза Iалашдан жима ю со», – аьлла, тхайн Бабехь (марненехь) дуьтура ас», – дуьйцура цо. ЦIадаьхкича, Нойбоьрехь нехан хилла божал хьаьхна, цу чохь кхо бутт баьккхира. Амма цхьана дийнахь а мукъа ца Iийра. Колхозо лелийначу аренашка арайолий, ло кIелахь йисина хьаьжкIаш гулйора ас. Иштта, 27 гали хьаьжкIаш тилийна, царах ахьар дайтина, иза доьхкича а ахча гулделира. Бухкаца (гехь мохь лелош тIаьрсигах бина стомма муш) докъаран литтанаш кхоьхьура. Эса оьций, цунах етт бора. Дукха хан ялале Жалкхехь дакъа эцна, охьабаьхкира. Цхьана аьхка буьйдачу кибарчигех цIенош дира. Мисирпаша Сесанахь милицехь участкови вара. Цуьнан стогалла юьйцуш яра наха. Цхьана дийнахь Веданара лаьцна стаг валош, охьавогIуш хилла хIара. Лаьцна стаг шен говра а хаийна, ша улло хIоьттина гIаш вогIуш хилла иза. «Ой, хьо хIара говра а хаийна ма вогIу?!» – мохь баьлла милицин хьаькаман. «Со хIара вен вахана вацара, хIара лаца вахана вара!», – аьлла Мисирпашас. Эццахь дов долий, балхара дIавоккху хIара. 1973-чу шарахь Гуьмсехь  хIусам ло царна. Шумисат бедарш  тоьгучу цехе балха йоьду. Божарийн костюмаш, хечеш тоьгуш 10 шарахь болх бо, цул тIаьхьа –берийн бешахь. Советийн Iедал  доха гергадахча Дагестанерчу  ГIизларе оьхуш хорбазаш лелош, бIаьста котаман цхьа эзар кIорни оьций, гурахь йохка котамаш кхиайора.

«Адам партал даьлла вайн. Къинхьегамо бен ирсе ца во  стаг. Беркат хаьдда хьанал цабехачеран, амма хьанал вехарг вуон Iаш вац. Котам, бежана кхаьбча, хас дийча  доьзалшна хаддаза напха лаьттар дара. Хьалха чу хьаша веача котамийн бун чу йолура зуда, ткъа хIинца луларчу туькана хьоду. Иштта хила ца дезара… Дера ца дезара…» – ойлане йолу йоккха стаг.

Мисирпашин а, Шумистан а кхоъ йоI а, шиъ кIант а вара. Царех цхьа йоI а, цхьа  кIант а кхелхина Нохчийн Республикехь тIемаш болуш. 2000-чу шарахь дIавелира доьзалан да а.

Шен ялх шо долуш дуьйна къахьегна ю Шумисат. Шен дахаран хIора шо а, де а, шайн нанас ма-аллара, ве-моз санна цIена, сирла, хьанал даьккхина  ю иза.

Хьанал ваьхнарг шозза декъал хир ву, кху дуьненахь, бакъдуьненахь а. Дала мукъ лахь! Вайн наной иштта бара. Ткъа вай? Вайх къахета цкъачунна. Дахар чолхе дацахь а, беса а, теза а ду вайн.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Бетельгириева Шумисат

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: