Ветеран декъалйира
Йина 75 шо кхачарца доьзна прокуратурин органийн ветеран Уциева Шарифа декъалйира республикин прокуратурин белхахоша. Беха некъ бина цо оцу органашкахь гIуллакх деш: Соьлжан районан, Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски, Октябрьски, Ленински районийн прокуратурашкахь талламхочун даржехь, регионан прокуратурин аппаратехь тайп-тайпанчу даржашкахь.
Карарчу хенахь Шарифа прокуратурин ветеранийн а, пенсионерийн а Ерригроссин юкъараллин организацин меттигерчу отделенин секретаран декхарш кхочушдеш ю. Жигара дакъалоцу прокуратурин кадраш кхетош-кхиорехь прокуратурин органашца цхьаьний дечу гIуллакхашкахь.
Республикин прокуроран пенсионни кхачоярехула йолчу лакхарчу гIоьнчас Дугаева Хьавас шайн куьйгалхочун цIарах даггара декъалйира юбиляр, делира зезагаш а, мехала совгIаташ а, дIахаийтира иза дуккха а шерашкахь могаш-маьрша ехийла шайна лууш хилар.
Сайт дIакъевлина
Интернетан сеташкахь таллам бечу хенахь гучуделира цхьана сайта тIехь Россин Федерацин Лакхарчу суьдан сацамца вайн махкахь йихкина йолчу, «Исламан пачхьалкх», «Джебхат ан-Нусра» санна йолчу дуьненаюкъарчу терроризман организацийн гIуллакхаш гойтуш хилар. Цул сов цигахь гойтуш дара Шемахь Россис дIахьош йолчу операцехь дакъалоцуш болчу РФ-н ВС-н ВКС-н пилотийн суьрташ а, царах болу хаамаш а.
Регионан прокуратуро еллачу искана тIе а доьгIна, Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан суьдо шен сацамца доза тоьхна оцу сайтана тIекхачарна.
Лечкъарх гIуллакх ца хилира
Веданан районан прокуроран заместитела Джабраилов Рамзана бехкеваран сацамц чIагI а бина, РФ-н УК-н 208-чу статьян 2-чу декъаца догIуш долу зуламаш дарна бехкевеш волчу Кужулов Iаббазан уголовни гIуллакх суьде къастадайта дIадахьийтина.
Талламан органашна хетарехь, Кужулов 2000-чу шарахь Веданан районехь гIуллакх деш хиллачу бакъойоцчу герзаца кечъеллачу тобанна юкъавахара. Маьршачу адамашна а, бакъонаш ларъяран органийн белхахошна а дуьхьал даккхий зуламаш динчу оцу тобанан дукхах болу декъашхой а, церан куьйгалхо а хIаллаквина.
ХIетахь дуьйна лохуш хилла волу Кужулов бакъонаш ларъяран органаша кху шеран январь бутт чекхболуш лаца а лаьцна, чувоьллина. И тайпа зулам дарна законо 10 шаре кхаччалц хан тохар магийна.
Тешнабехк шех боьду
Мобильни телефонехь «WhatsApp»-хула къамел деш боьршачу стегачух шен аз тар а дина, шеца къамеле яьлларг еххачу хенахь Iеха а еш, Юшаева Заримас 2015-чу шеран июнехь-июлехь цуьнгара ахча а, 320 эзар соьман механа дашо хIуманаш а ехира. Кхеташ ма-хиллара, шен хьаштана хьовзийра цо ахча а, и хIуманаш а.
Иза дерриге ма-дарра гучудаьккхира Теркан районан прокуратуро Юшаевана дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх толлучу хенахь. Иза бехке йира РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачуьнца реза а хилла, Теркан районан суьдо и зулам дарна бехке лерира Юшаева. И тайпа зулам дарна хьалха а цунна хан тоьхна хилла хилар хьесапе а эцна, юкъарчу рожан колонехь якхха 4 шо хан туьйхира суьдо бехке еш йолчунна.
Шен декхар кхочуш ца дича…
Аргун гIалин прокуратурехь чIагIдина РФ-н УК-н 156-чу статьяца догIуш долу зулам дарна (дас шен кхиаза долу бер кхетош-кхиорца доьзна долу декхарш хьакъ ма-дду кхочушдеш цахилар) Джахаев Хьамадана дуьхьал долийна хиллачу уголовни гIуллакхехула долу бехкеваран акт.
Бинчу талламо гайтина Джахаевс «кхетош-кхиоран Iаткъам баран Iалашонца» шен 11 шо кхаьчначу кIантана йиттина хилар. Цу тIе да профилактика яран органашкахь хьесапе эцна ву, дуккхазза а административни жоьпе озийна шен бераш хьакъ ма-дду кхетош-кхиош цахиларна а, царна напха латтош цахиларна а, вахош долчу маларша Iаткъам беш ву. Иза дерриге а хууш доллушехь дознанин органо дуьхьало йора уголовни гIуллакх доло.
Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца доьзна прокуратура юкъагIортар бахьанехь бух боцу сацам бохийна. Карарчу хенахь Джахаевна дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх маслаIатан суьде хьажийна. Цул сов прокуратуро дехарца меттигерчу полицин кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу отделан белхахо низаман жоьпе озийна.
Нийсо меттахIоттийна
РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъана (баккхийчу барамашкахь наркотикаш Iалашъярна) тIе а доьгIна, чIогIачу рожан колонехь яккха 3 шой, 4 буттий хан тухуш суьдо йинчу кхиэлаца доьзна ТIехьа-Мартан районашна юкъарчу прокуратуро динчу дехаре хьаьжира апелляци яран тIегIанан суд.
ГIуллакх къасточу хенахь гучуделира 2014-чу шеран октябрехь Габисов Исламера 2,86 грамм героин схьаяьккхина хилар, иза цо йохка ойла йолуш Iалашъеш хилла цахилар. И гIуллакх бух боцуш даз а дина, суьдо нийсонан кхиэл ца йира чIогIачу рожан колонехь яккха хан тохарца. Иштта гучудевлира кхин талхораш а.
Прокуратуро далийна бакъдерш бух болуш а лерина, республикин Лакхарчу суьдо ТIехьа-Мартан районан суьдан сацам хийцира, Габисовна юкъарчу рожан коллонехь яккха 3 шой, 2 буттий хан а тухуш. Сацам шен бакъоне бирзина.
Бух боцу сацам
Хьалха-Мартан районерчу Iалхан-Юьртана уллохь дов даьллачу хенахь Шамилов Мохьдана кхиазхочунна коьртах буй тохар бахьанехь коьртан хье меттахболуш гIуллакх хилира, лазийначун могашаллина эшам а хуьлуш.
РФ-н УК-н 115-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна Шамиловна дуьхьал долийна хилла уголовни гIуллакх сацош сацам тIеийцира Хьалха-Мартан районехула волчу маслаIатан суьдхочо, довхошна юкъахь маслаIат хилла хилар хьесапе а эцна. Бакъду, законо лоьхуш ма-хиллара, суьдхо ца хьаьжира и маслаIат шина а агIонан лаамца хилла я ца хилла, эшам хиллачу кхиазхочунна хIун хета.
Цуьнца доьзна регионан прокуроран заместитела Мельник Павла апелляцин арз яздина маслаIатан суьдхочо бинчу бух боцчу сацамна дуьхьал, тIедиллина уголовни гIуллакх суьде хьажор.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо