Хьаннийн терго яран ведомствошна юкъара гIарол

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин белхахоша хьаннаш цIейийларх ларъярехь а, уьш Iалашъяран декъехь  терго ярехь а гIо-накъосталла дийр ду республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствона. Иштта хаам бина Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькаман заместитела Абдулвахабов Расула.lis

«Хьаннашна тIехь къаьсттина терго латтор ю цIеяларна кхерам ца хилийтаран 4-чу а, 5-чу а классашна юкъайогIучу кIошташкахь. Иштта декхарш тхуна тIедехкина Нохчийн Республикехь цIеран кхерамазалла Iалашъярна а, чрезвычайни хьелаш дIакхайкхорна а, церан зенаш дIадахарна а леринчу Правительствон комиссин декъашхойн цхьаьнакхетарехь», – элира Р.Абдулвахабовс.

Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, хьаннийн терго ярна леринчу гIаролашна юкъагIур бу тайп-тайпанчу ведомствийн векалш.

«Карарчу хенахь къастийна ведомствошна юкъарчу  гIаролан 42 тоба. Царна юкъахь тхан ведомствон а, Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствон а, кIоштийн администрацийн а векалш бу», – билгалдаьккхира цо.

Ведомствошна юкъарчу гIаролан балхана юкъа дуккха а декхарш догIу: цIеяларан хьолана тIехь терго латтор, бахархошца кхетаман болх дIабахьар, дежурни службийн номерш тIехь йолу некъан билгалонаш кечъяр, уьш дIахIиттор, иштта дIа кхин а.

«Нагахь санна хьаннашкара цIе дIаяйъа шайн аьтто ца хилахь, оцу гIаролийн таро ю рагI а йоцуш МЧС-н а, Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствон а цIеяйаран машенаш кхайкха», – элира Р.Абдулвахабовс.

И.ИСЛАМОВ

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: