Зезагаша яьккхина Соьлжа-ГIала. Шахьаран коьртачу урамашкахь зезагаш духкучеран дехха могIанаш лаьтта. ХIора а зудчун, йоьIан карахь ала мегар долуш зезаг я зезагийн курс ю. Царна совгIаташ дан, эца баьхкинчу божарша дIаюьзна махлелоран «Беркат» марказ. Машенийн йийсарехь ю иза. ВархIолгIачуй, бархIолгIачуй мартехь гина и сурт дагна хьаам беш, воккхавевеш дара. Делахь а цхьа ойла-м кхоьллира цо: «ХIора дийнахь а хIунда дац вай вайн нанойн, йижарийн, йоIарийн, хIусамнанойн, шичойн… догъоьцуш, терго еш», – аьлла. Къаьсттина нанойн догъоьцуш, иза хьостуш, цунна там берг лохуш хIунда дац вай? Дала вайна мел даийтинчу дийнахь цкъа мукъана а церан дог хьаста дезар-кха вай, кхана байттамал хилале.
Ненан юьхь екхаелла гича вайн хIораннан дог ма делало, иза кхоьлина яйча, дуьне а сингаттаме ма хета вайна. ТIаккха даима бахьанаш лело дезар-кха ненан юьхь екхаелла хилийта, цунна хIора де а деза хетийта. Кхане йоцчу кху дуьненахь уьш мел лаьттар бу а ма ца хаьа. Болчарна дала дукха бахабойла наной. Ма доккха ирс, ниIмат ду-кх уьш хилар.
Муьлхха зуда а (бакъе ма-хиллара) цхьаннан нана ю. Цуьнан декхарх хьалха волуш вац доьзалхо, иза мел воккха хиларх, цо мел боккха хьал-бахам гулбарх, мел яккхий гIишлош-гIаланаш ярх. Шен нана резаяр массарна а тIехь ду. Цкъа Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу цхьа стаг веана. Цо цуьнга хаьттина: «ХIай Делан Элча, уггаре а хьалха хьан бохург дан деза ас?». Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла: «Нанас бохург дан деза». Иштта кхузза хаьттина цо. Кхуззе а изза жоп делла Делера салам-маршалла хиларо. «Цул тIаьхьа?» – юха а хаьттина цо. «Цул тIаьхьа дас бохург дан деза», – аьлла вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Оццул еза а, сийлахь а ю-кх бусалба нана.
Кхин цхьана хьадисехь дуьйцу цхьана стага шен ненан амал вуон ю бохуш арз дина хиларх лаьцна. Шена и хезча Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттина оцу стаге: «Хьо кийрахь лелочу хенахь а яра иза вуон амал йолуш?» «Яра», – аьлла оцу стага. «Хьо шина шарахь вакхочу хенахь а яра иза вуон амал йолуш? – юха а хаьттина Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). «Яра» – аьлла стага. «Дийнахь тем боцуш, буьйсанна наб йоцуш хьо кхоош, хьо Iалашвеш йолчу хенахь а яра иза вуон амал йолуш?» – кхин цкъа а хаьттина (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Мухьаммад Пайхамара. Оцу хаттарна жоп луш цо аьлла ша цуьнан декхарх ваьлла, ша шен ги а хаийна хьаьждайтина цуьнга, шен карахь а лелош хьаьждаран дерриге а арканаш кхочушдайтина цуьнга. ТIаккха, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цо дуьйцург хадош аьлла: «Хьо кийрахь волчу хенахь хьан нанна тоьхна хиллачу цхьана лазаран меха а дац ахь динарг, цуьнан декхарх а ца ваьлла хьо».
Ойла ейша цуьнан! Ненан декхарх вай девр ду аьлла хетий шуна? Ма дика ду иза иштта долуш. Дийнахь а, буьйсанна а церан терго яр, церан гIуллакхе хьажар совгIат хила деза-кх вайна, деза декхар а ца хеташ. ТIаккха иза къинтIера яларе, Дала гечдаре сатуьйсийла хир ду-кх вайн.
Ламаз дина а ваьлла, хьалагIаьттинчу шен кIанте нанас хаьттина: « КIант, со доIийна юкъалецирий ахь?» КIанта жоп делла: «Ас АллахI-Деле хьуна гечдар а дийхира, Нана резайина доьзалхо сайх вар а дийхира», – аьлла. Нана йист ца хилла. Юха кIанта цуьнга хаьттина: «Нана, амин ма ца эли ахь. Суна реза яц те хьо?» ТIаккха нанас аьлла: «КIант, суна даима а хьоме ву-кх хьо. Суна цатам хилча а (хьо бахьанехь) хьо доцург амал дац-кха сан. Со реза ю-кх хьуна!».
Халахеташ делахь а, хIокху сихачу заманахь кIезиг бац-кха иштта шайн нана резаеш, уьш шайн доIанашна юкъалоцуш, Деле иштта дехарш деш болу доьзалш. Сан дог Iаьвжа доьзалхочо шен ненан дош кагдича, иза цунна тIечевхича, нахана юккъехь ненан лаам хьаьшча. Воккха а хилла, шен доьзал а кхоьллина дIахIоьттича нисло-кх и санна дерг цхьаболчу ийман кIезиг долчу доьзалийн агIонгахьара. Амма и санначарна а, вайна массарна а хаа дезаш, даима дагахь латто дезаш ду цхьа бакъдерг: нана къинтIера ца яьлча ялсамане даха йиш яц вайн. Баккъал а ялсамани ненан когаш кIел ю. Вуьшта аьлча, нана резаярца бен декъала хила йиш яц вайн, мел чIогIа Iамал-Iибадат дарх. Аьлларг чIагIдеш цхьа масал дало лаьа. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) заманахь хилла ду иза. Алькъам цIе йолуш бусалба жима стаг хилла. Делах чIогIа кхоьруш, Iамал-Iибадат дукха лерина деш хилла цо. ТIекхаьчна цуьнан Iожаллин сахьт. Амма дIадаьлла долуш ца хилла цуьнан са, и бахьанехь боккхачу балехь хилла. ТIаккха цуьнан хIусамнанас стаг вахийтина Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу, цунах дагавала. Шена цомгашчуьнгахь долу хьал хиъча, цига шен кхо асхьаб вахийтина цо. Царна тIедиллина Алькъамца цхьаьна шахIадат даладар. Валаре вирзинарг волчу схьаькхаьчча, цуьнга тIаьхьара алар а доьхуш, шахIадат диллина асхьабаша. Амма цомгашчуьнга цхьа а дош алалуш ца хилла, АллахIан цIе яккхалуш ца хилла.
Цу хьокъехь дерг сихха хаийтина Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Шега иза хаийтича цо дийхира кIентан нана шена тIеялаяр, нагахь санна ялур йолуш елахь. Нагахь яцахь ша и йолчу гIур ву элира. Дукха хан ялале Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу схьаеара нана. Цуьнга цо хаьттира кIантах дерг. Цо дийцира иза Делах кхоьруш, сагIанаш дохуш, ламазаш деш, марханаш кхобуш дика бусалба хиларх лаьцна. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) юха а хаьттира цуьнга: «Хьоьца муха вара хьан кIант», – аьлла. Нанас даре дира шайн юкъаметтигаш дIора шера а, дика а яцара, аьлла. Шен хIусамненан алсам лерам беш хилла кIанта неначул а. Цуьнан хьашташка лерина хьожуш хилла. И бахьанехь вас хуьлуш хилла нанна.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийцина нанна и къинтIера ца ялахь кIанта бала хьоьгург хиларх лаьцна. Делахь а нана резахуьлуш ца хилла-кх къинтIера яла. ТIаккха Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашка дехна йоккха ц1е латаяр. Ткъа нене дийцина ша оцу ц1ергахь цуьнан к1ант ваго дагахь хиларх лаьцна. «Соьга лалур дац-кха сайн бIаьргашна хьалхха иза цIергахь вагавар», – аьлла йилхина декъаза нана. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нана кхетийна иза къинтIера ца ялахь цуьнан кIант даима а жоьжагIатехь цIеран бала Iовшуш хирг хиларх, цуьнан ламазаш, марханаш, сагIанаш, кхийолу Iамалш Дала къобалйийриг ца хиларх.
Цул тIаьхьа нанас даггара аьлла-кх «Дела дуьхьа сайн кIантана Алькъамна къинтIера ели-кх со. Со реза ю-кх сайн кIантана». Цо дуьйцург даггара ду-дац хьажа вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаш бахийтина цомгашниг волчу. ХIорш дIакхаьчча важа АллахIан цIе йохуш, шахIадаташ дохкуш хилла. Дела а хьехош са даьлла цуьнан.
Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лийча а вина, марчо а хьарчийна цунна, докъа ламаз а дина. Тезета гулбеллачаьрга цо аьлла: «Шен нана аьшнаш йиначунна, шен ненан лерам ца биначунна, иза охьа а таIийна, шен хIусамнана аййиначунна АллахIан, маликийн неIалт хир ду. АллахI резахир ву шен нана резайиначунна, иза къинтIера яьккхиначунна».
Вай дуьйцучух нийса кхетийтархьама билгалдаккха лаьа Дала бусалбанашна шайн хIусамнаношца а лараме хилар лоьхуш хилар. Шух тоьлларг ву шайн хIусамнанойн лерам беш верг» – аьлла ду Бухарис далийначу хьадисехь. Божаршна тIехь ду доьзалехь нийсо латтор. Зудчуьнца лераме хилахь а, нанас бохург коьрта хила деза.
Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша стигланашка вуьгучу буьйсанна цIеран бIогIамех дIадихкина, цIеран Iазап хьоьгуш адамаш гина. Цо Жабраил-малике хаьттина: «Уьш хIун адамаш ду?», – аьлла, Жабраил-малико цунна жоп делла: «Шайн дай-наной хьийзийна нах бу уьш», – аьлла. Иштта хир ду-кх да-нана къинтIера ца даьккхинчун хьал. Дала уьш къинтIера баххал мукъа а цаьрца дика хилар, церан дола дар, церан хьашташка хьовсар, уггаре а коьртаниг ийман лойла вайна массарна а.
Ден-ненан хьокъехь гIайгIбар, церан гIуллакх дар чекхдолуш дац хIокху дахарера дIабаханчул тIаьхьа а. Уьш кхелхинчул тIаьхьа а царна кхочу церан доьзалша йинчу дикачу Iамалан ял, мел. Цундела, тахана да-нана доцуш волчо а биц ма бойла уьш. ХIора дийнахь итт салават диллина а, итт Ихлас («КъулхIа») дешна а царна мел кхайкхабойла. Гуттар а дика хир ду, Къуръан а Iамийна, иза дешар, цара дуьненахь яза йисина фарз Iамалш царна тIера йоькхуш яр. Дала и дан пурба лойла вайна, Дала нана резайинарш дойла вайх.
С.ДАДАЕВ