«Кавказана машар – 2016» проект йовзийтар

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь «Кавказана машар – 2016» проектан презентаци а, «Вай цхьаъ ду» автопробегана лерина «горга стол» а дIаяьхьира.

Къилба федеральни округан Социологин а, регионоведенин а институтан Iилманан белхан а, экспертийн гIуллакхан а директоран заместитела Сериков Антона билгалдаьккхина ма-хиллара, «Кавказана машар – 2016» проект кхоьллина 2008-чу шарахь къоначу Iилманчийн тобано.Кавказна машар - 2016

– Оцу муьрехь Дона-тIерачу-Ростовехь дIахьош йолу йоккха форум-фестиваль яра иза. Къилбаседа Кавказан хIора а субъектан дуккха а векалш гуллора цигахь дакъалаца. Амма тайп-тайпана бахьанашца доьзна, массеран а ца нислора цигахь дакъалацар. Цундела Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу субъекташка дIадаха сацам бира оха, – элира А.Сериковс.

«Кавказана машар – 2016» проектан масех коьрта Iалашо ю: Iилманца боьзна болу кегийрхой вовшашна бовзийтар; Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а федеральни округашкарчу субъекташкахь кегийрхойн политика кхочушъярна тIехь терго латтор; тайп-тайпанчу халкъийн кегийрхойн вовшашца йолу юкъаметтигаш хийцаяларна тIехь таллам  бар а.

– Схьаоьцур вай Нохчийн Республика. ХIокху республикехь кегийрхойн политика лаккхарчу тIегIанехь дIахьош ю. Кхузара кегийрхой говза а, дешарна тIера а, чIогIа жигара а бу, – элира Сериков Антона.

«Вай – цхьаъ ду» автопробеган дакъалацархой хIинцале а хилла Ставрополан крайхь а, Дагестанехь а. Нохчийчоь чекхъяьлча, уьш кхочур бу ГIалгIайчу а, Къилбаседа ХIирийчу а, ГIебартойн-Балкхаройчу а, Адыгей а, Ростован областе а.

Уьш кхаьчначу хIора а субъектехь Кавказан халкъийн Кегийрхойн энциклопедина а, «Кавказана машар – 2016» проектана а презентаци дIахьо.

Автопробег дIайолаелла 5-чу майхь Дона-тIерачу-Ростовехь. Циггахь дIа а йоьрзур ю иза 17-чу майхь. Цунна юкъахь дакъалоцуш ву Къилба федеральни университетан 17 студент а, хьехархо а.

Кхузахь билгалдаккха догIу 1–3-чуй ноябрехь Дон-тIерачу-Ростовехь йолчу Къилба федеральни университетехь «Кавказна машар» цIе йолу Iилманан конгресс дIахьуриг хилар.

 

И.ХАСАХАНОВ

Суьрта тIехь: НПУ-хь «Кавказана машар – 2016» проект йовзийтар

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: