Болх беш болчу пенсионерашна пенсеш тIекхетар ду

Бахархоша редакце доьху болх беш болчу пенсионерашна 1-чу августехь пенсеш тIетохаран къепенах а, бакъенех а, Россин Федерацин пенсийн керлачу законодотельствоца нийса а догIуш, страхови пенсин барам лакхабаккхарна йолчу кхечу таронех а лаьцна  дийцар. Пенсионерийн хеттаршна жоьпаш ло Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин юридически отделан хьаькаман заместитела Хасанов Iаламахьада.news_pensijafotojerrypic.com

– Болх беш болчу пенсионерашна августехь пенсеш шашах тIекхета пенси хIотточу а, ткъа иштта цул хьалха пенси юхалоручу а, я тIетухучу а хенахь хьесапе эцна йоцчу страхови пенсина хIиттийначу (дIаеллачу) страхови взносийн барамна тIе  доьгIна, хIораннан а пенсин коэффициент – ИПК – хIора шарахь 1-чу августехь алсамйоккхуш хиларна. Иза Россин Пенсионни фондан яр тIехь долчу пенсин страхованин системехь хIораннан а шен-шен (персонифицированни) хьесапан хаамашна тIедоьгIна ду.

2015-чу шеран 29-чу декабрехь тIеэцна 2016-чу шеран 1-чу январехь дуьйна гIуллакх дан доладелла долу №385 йолу Федеральни закон. Цо пенсин законодательствона юкъабеанчу хийцамашца нийса а догIуш, болх беш болчу пенсионерашна 2016-чу шарахь дуьйна луш ду страхови пенси а, чIагIдина, цунна тIе луш долу ахчанаш а, планан индексацеш а ца лоьруш. «Страхови пенсин хьокъехь» долчу 2013-чу шеран 28-чу декабрехьлерчу №400 йолчу Федеральни законаца нийса а догIуш, болх беш болчу пенсионерашна хIора шарахь августехь пенсеш юхалараран бакъенаш, аьлча а, страхови  пенсеш а, заьIап хиларна луш долу пенсеш а, заявлени а ца яздеш, хIора шарахь тIетохаран принцип ша хьалха ма-хиллара йисина. Бакъду, кхузахь цхьа башхалла ю: пенсеш юхалорур ду керлачу кепара – болх беш волчу пенсионерана язйийр ю 3-нал сов йоцуш йолу уггаре а алсам баллаш.

Законехь билгалйина ю 2015-чу шарера 2021-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь хIора шарахь IаIоран пенси вовшахтохарна страхови взносаш язъеш а, луш а боцчу страховани йинчу пенсионерашна а, IаIоран пенси вовшахтохарна страхови взносаш язъеш а, луш а болчу страховани йинчу пенсионерашна а язъеш йолчу хIораннан шен-шен пенсин коэффициентан хьесапе оьцуш болу мах. Августехь пенсина индексаци яр бахьана долуш пенси хIоранна а шен-шен барамехь тIекхетаран барам дуьххьалдIа бозуш бу болх луш волчо болх беш волчу пенсионерах 2015-чу шарахь, аьлча а  январера декабре кхаччалц Россин Пенсионни фонде дIаеллачу страхови взносийн барамах. Пенси тIетохарна пенсионера Пенсионни фонде заявлени яздан ца оьшу – иза шашах юхалорур ду карарчу шеран 1-чу августехь дуьйна.

Оцу кеппара, болх беш волчу пенсионерана 2015-чу шарахь хиллачу белхан алапе хьаьжжина, шен-шен пенсин коэффициент, я халкъалахь олуш ма-хиллара, баллаш язйийр ю. Цул тIаьхьа и баллаш цхьана пенсионнин коэффициентан «механа» эцна, алсамйоккхур ю. Августехь пенсеш тIетухуш хьесапе оьцур йолу ИПК кхаа балле нисйина ю.

Карарчу шарахь законца цхьана баллан механ барам хIоттийна 74 сом 27 кепек. Оцу бараме, иза лакхабоккхуш, хIора шарахь юхахьовсу, Россин Федерацин Правительствон сацамца чIагI а бо иза. Масала, ИПК-3×74 сом 27 кепек 222 сом 81 кепек. Оцу формулица нийса а догIуш, болх беш волчу пенсионеран пенси алсамдер ду 222 сом 81 кепекана. Ткъа цхьана шарахь  пенсин кхо балл яккхархьама, баттахь 2 эзар туьма алапа оьцуш хила декхарийлахь ву пенсионер. Ткъа нагахь санна пенсионер баттахь 4–5 эзар туьма а, цул сов а алапа оьцуш велахь, оцо алсамдоккхур ду тIекхеташ долу пенси.

Билгалдаккха деза  2015-чу шеран 1-чу январехь дуьйна пенсе боьлхуш болчарна тахана хаа дезарг, аьлча а тIейогIучу хенахь страхови пенсин барам хуьйцуш долу кхитIе долу бакъдерш:

– страхови стажан хан: вахархочун страхови стаж йоккха мел хили, алсам хир ю цуьнан пенсин бакъонаш, белхан хIора шарахь билггал болчу барамехь пенсин коэффициенташ язйийр ю цунна;

– страхови пенси хIотторан хан; пенсе воьду хан тIекхаьчначул тIаьхьа пенси хIоттор дехарна тIекхаччалц дIадаьллачу хIора шарахь пенси алсамдоккхур ду хьакъ йоллучу совгIатан коэффициентана, амма 0 шарал тIех доцуш;

– белхан алапин барам: официальни белхан алапа лакхара мел хили, лакхара хир ду пенси.

Пенсеш оьцуш болчу бахархоша  тIейогIучу хенахь лакхаяьккхина йолу коэффициент  юкъаялорхьама, иза оьцучуьра шаьш цхьана билггал йолчу, амма 12 баттал кIезиг йоцчу ханна совцаран хьокъехь Россин Пенсионни фондан территориальни органе заявлени яздан деза.

Пенси ца оьцуш дуьззина шераш дIа мел девли, лакхара ю совгIатан коэффиценташ,  делахь-хIета, юха а иза дала долийча, алсам хир бу пенсин барам. Масала, нагахь санна стаг шена хIоттийначу хенал пхи шо тIаьхьа пенси доьхуш велахь – цуьнан пенсии1,5-зза лакхара хир ду, 10 шо тIаьхьа доьхуш велахь, цуьнан пенси шоззачул а сов алсамдер ду.

I.ХАСАНОВ,

Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: