Дукха хан ю Мальсагов Руслан Дона-тIерачу-Ростовехь Iаш волу. Цкъа мацах Ростов гIаларчу гIишлошъяран институте деша веачхьана кхузахь Iар-вахар а, хьанал къахьегар а тайна цунна. ХIинца-м иза цигахь массарна а вевзаш ву. Юкъараллин гIуллакхаш а кхиамца дIакхоьхьуш ву Руслан. Ростован областехь бехаш болу нохчий а юкъараллин цхьаьнакхетаралле вовшахтоьхна цо. Цхьаьнакхетараллина «Кавказ» цIе тиллина.
Делахь а цу тIехь чекхдовлуш дац Мальсагов Русланан дика гIуллакхаш. Цо дуккха а къахьегна нохчичун цIарах цхьаъ мукъане а урам Ростовехь хилийта гIерташ. Дукха кехаташ яздина меттигерчу Iедалан векалшка. Царах цхьадолу кехаташ Советски Союзан Турпалхочун Висаитов Мовлидан Сийлахь цIе тиллар доьхуш яздина а дара. Бакъдерг дийцича, Висаитов Мовлид Ростов гIалина хийра стаг ца хилла. 1941-чу шеран май баттахь Ростов областана юкъайогIучу Новочеркасскехь ЦIечу Эскаран командирийн ялхбеттан курсаш чекхъяьхна цо. Оццу шеран гурахь немцойн фашисташ Ростовна тIегIоьртича, царна дуьхьал майра леттачу советийн бIаьхошна юкъахь хилла, цигахь чевнаш хилла а ву вайн турпала махкахо. 1943-чу шеран февралехь Ростов фашистех дIацIанъеш хиллачу буьрсачу тIемашкахь жигара дакъалаьцна Висаитов Мовлида. И дерриге а Ростов гIалин куьйгалхошна карла доккхуш кехаташ яздинера Мальсагов Руслана. Цхьа-ши шо дара Руслан цу гIуллакхана тIаьхьа ваьлла. Эххар а, кху деношкахь Ростов гIалин культурин урхаллин куьйгаллехь волчу М.С. Боровскойс тIе куьг яздинчу кехата тIехь мерза кхаъ боккхуш жоп деана Мальсагов Руслане. Кехато чIагIдарехь, Ростов гIалина йистехь юьллучу керлачу микрорайонехь Висаитов Мовлидан цIарах урам хир бу. Микрорайонан цIе «Суворовский» ю. Цигахь гIишлош ян йолийна, цхьа урам Висаитов Мовлидан сийлахь цIе тилла билгалбаьккхина бу. Иза Iаламат мехала гIулч ю Россин къаьмнийн вежаралла чIагIдарехь. Вайна цIеначу даггара дозалла дан бахьана ду иза. Дала тIаьхье беркате йойла Мальсагов Руслана дIадолийначу гIуллаккхан. Вайна массарна а юьхькIам бу иза, дуьйцуш ма-хиллара чекхдалахь.
А. ГАЗИЕВА
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо