Хонкарахь тIекIалъяьлла туристаш дIасабуьгуш йолу автобус. Цу тIехь хиллачу пассажирех 5 кхелхина, 32 стаг лазийна.
***
Ша Бразилин президентан даржера дIайоккхуш мехкан сенато бина сацам политикин карчам бар санна лерина Д.Роуссеффа. И гIуллакх къастадайта суьде делла цо.
***
Йеменехь тIекIал кхо эккхийтар дина. Оцу бохамашкахь 10 сов стаг кхелхина, чевнаш хилларш шозза алсам бу.
***
Европарламентана хетарехь Чина пачхьалкхехь хIинца а рыночни экономика яц.
***
Евросоюзо Россина дуьхьал йинчу санкцеша доккха зен до Желтойчоьнан экономикина. Цу хьокъехь дIахьедар дина мехкан правительствон векалша.
***
США-с а, НАТО-с а дIахьош ду Европин мехкашкахь яккхийчу ракетийн комплексаш дIахIиттор. ХIокху деношкахь цу тайпана рогIера комплекс дIахIоттийна Румынехь.
***
Иранан куьйгалло дIахьедина хIокху шарахь шайн махкара бахархой СаIудин Арави Хьаьждан гIур бац, аьлла. Иза доьзна хила тарло стохка Маккахь оцу махкара масех бIе стаг кхелхина хиларца.
***
Венехь дIадахьа лерина Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а куьйгалхойн цхьаьнакхетар. Нагорни Карабахехь долу хьал дийцаре дийр ду цигахь.
***
Украинин эскаре кегийрхой кхайкхаран гIуллакхана критика йинчу журналистана набахтехь яккха 3 шо хан тоьхна.
***
Россин Президента В.Путина Сочехь дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира мехкан оборонни промышленностан комплекс кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Премьер-министр Д.Медведев Могилев гIалахь цхьаьнакхийтира Белоруссин Премьер-министраца. Цара дийцира экономикин декъехь цхьаьна гIуллакхаш дарх лаьцна.
***
ХIокху шарахь мехкадаьтта даккхаран барам вайн махкахь 540 миллион тоннал алсам бер бу. Иштта хаам бина Россин экономикин министерствехь.
***
Сибиран а, Генарчу Малхбален а хьаннашкахь евлла цIерш дIайойъуш ду МЧС-н леррина кеманаш.
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо