Сомалилендерчу 25 эзар доьзална – кхачанан сурсаташ

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо Сомалилендерчу  25 эзар доьзална гIо дина.0_589aa_b59edee5_XXL

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана шен инстаграмерчу агIонехь билгалдоккху лакхахь хьахийначу фондо Сомалилендерчу бахархошна сих-сиха кхачанан сурсаташ дохьуьйтуш  хилар.

– А-Хь.Кадыровн цIарахчу Регионан юкъараллин фондан Президентан Кадырова Айманин сацам хилла, Сомалилендерчу бахархошна ницкъ кхочучу барамехь гIо дан. Царна накъосталла даран гIуллакх доладелла дикка хан ю. Таханлерчу дийнахь сомалийцаш Эфиопина уллорчу лагершкахь бу. Цига хIинцале а 350 тонн кхачанан сурсаташ дахьийтина, – яздо Р.Кадыровс.

Иштта цо билгалдаьккхира и сагIа дIакхачорна а, дIасадекъарна а тIехь Iуналла деш Россин Федерацин Федеральни Собранин Федерацин Советан декъашхо З.Сабсаби хилар.

– Сабсаби Зияда дийцарехь, Сомалилендехь йокъа лаьттинчул тIаьхьа дукха догIанаш а ихна, бохамаш хилла, ялта а хIаллакьхилла, даьхний а лахделла. Иштта, царна дуьххьарлера гIо-орца кхочучу заманчохь Сомалилендехь мацалла хIоьттина, бIаьрзе хьаьвзина хиллачу бахархошна, и гIо шен хеннахь кхаьчна хилар билгалдаьккхира цо. Сомалийцаша баркаллаш бехира Нохчийн Республикин бахархошна а, фондан куьйгалхошна а шайн терго ярна. ХIокхул хьалха а 250 тонн кхачанан сурсаташ даьхьнера царна. Меттигерчу Iедалан белхахоша далочу терахьашца ООН-н структураша, регионерчу организацийн векалша, Герггарчу Малхбален пачхьалкхаша дечул а алсам ду Нохчийн Республико деш долу гIо-накъосталла, – довзуьйту Р.Кадыровс шен инстаграмерчу агIонехь.

Иштта, билгалдоккху сурсатийн яьшканаш гIо оьшучу доьзалшна шайга дIакхачош хилар (юкъарлончаш а боцуш).

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс дерриге а дуьнен тIера бусалбачу нахе Сомалилендерчу бахархошна гIодар доьхуш яздо: «Оха кхойкху ГIажарийн аймерчу а, Iаьрбийн мехкашкарчу а, Европерчу пачхьалкхашкарчу а нахе, иштта, дерриге а дуьненарчу бусалбачу нахе, дуьненаюкъарчу организацешка гIийла-мискачу нахехь долчу халачу хьелашка хьовсахьара шу, цаьрга ладогIахьара, мацалла ловш долчу берийн, зударийн, баккхийчу нехан терго яхьара аш! БIеннаш миллиардаш тIеман гIирсашна а ца духкуш, мацалла леш болчу нахана сагIийна хьажадахьара аш!».

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: