Республикерчу ерриге а кIошташкахь сагIанаш дохуш, мовладаш доьшуш, вайн Даймахкана гIаролехь лаьттина къонахий дагалоцуш цхьаьнакхетарш дIадаьхьира оцу денна лерина.
Иштта Радион цIийнехь а билгалдаьккхира халкъийн Иэсан а, лазаман а де. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан кабинета чохь Iуьйранна буьйлабелла делкъа ламазан хан тIеккхаччалц Къуръан дийшира Хоси-Юьртарчу а, Гуьмсерчу а хьафизийн школашкахь дешначу кегийрхоша.
Цул тIаьхьа, Радион цIийнан актови залехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Ш.Жамалдаевс, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела С-С.Абдулмуслимовс, Правительствон Архивийн урхаллин хьаькама Н.Музаевс, республикин Iилманийн Академин президента Ш.Гапуровс, республикерчу юкъараллин-политикин векалша, тайп-тайпанчу кIошташкарчу кегийрхоша.
– Нохчийн халкъан исторехь дуккха а ду лазаме денош, царах цхьаъ ду 2004-чу шеран 9-гIа май, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхелхина де. Ахьмад-Хьаьжа шен халкъан бакъволу кIант вара, вайн халкъ тIеман кIуьра юккъера гIаттийна волу. И санна болу къонахий даима а вайн дегнашкахь бехар бу. Иштта, оцу новкъахь вайн дуккха а вежарий дIакхелхина. Дала гIазот къобалдойла церан, – элира Ш.Жамалдаевс.
Цхьаьнакхетаран коьрта дакъа дIадерзийначул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин культурин департаментерчу артисташа концертан программа гайтира.
Малхбузаран ламаз динчул тIаьхьа мовлад дийшира министерствехь. Цигахь дакъалецира Д.Умаровс, оцу ведомствон белхахоша, республикерчу Iеламнаха. Мовлад дешначул тIаьхьа гулбеллачара дуккха а дийцира бакъдуьнене бирзинчу нохчийн къонахех лаьцна.
– Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хIаллакьхиларх кIелхьарадаьккхина вайн халкъ. Цу хенахь цо болийна некъ бахьана долуш, маршоне кхаьчна вай. Тахана Кадыров Рамзана вайн республика Россин Федерацин ерриге а регионашна юкъахь уггаре а синтемечарах цхьаъ йина дIахIоттийна. Вайн иэсехь гуттаренна а вуьсур ву Нохчийн халкъан яхь йолу кIант, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, – элира Д.Умаровс.
Цхьаьнакхетар дерзош, доIа дира халкъан дуьхьа шайн са дIаделлачарна.
Хь.БАХТАЕВА
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо