Берийн могашалла Iалашъяран туш ярна бух боьттина

Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь ян леринчу берийн могашалла Iалашъяран туьшана бух буттуш, цу юккъе капсула йилларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана.

Цкъа хилла а Нажи-Юьртахь хиллачунна даима а иэсехь юьсу исбаьхьчу Iаламан хазалла, цул сов, цIена хIаваъ, шовданан хи, сапаргIат доккху тийналла – цундела хаьржина берийн могашалла Iалашъяран туш ян меттиг Бенахь (нийсса аьлча, оцу юьртана итт километр генахь цхьа эзар ах эзар метр лакхахь). Р.Кадыровс а хаийтира шен къамелехь, и туш ян лерина меттиг вайн махкахь хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а уггаре а хаза хилар.

Республикин куьйгалло вайн махкара лаьмнашца йолу кIошташ кхиорехь дIахьош дуккха а белхаш бу. Герггарчу хенахь оцу меттигашна леррина терго йийриг хилар хаийтира Р.Кадыровс. Иштта, таханлерчу дийнахь, коьртачу декъана, корматаллин говзанчаш кхио безаш хилар билгалдаьккхира цо.

– Берийн могашалла Iалашъяран туьшаш вайн республикехь оьшуш ю, уьш, ницкъ кхочучу барамехь, тоьллачарех хилийта хьовса дезаш ду вай. Лаккхарчу тIегIанехь дIабахьа беза кхузахь ян леринчу туьшан гIишлошъяран декъехь болу белхаш. Дала мукъ лахь, кхузахь шайн доьзалхойн могашалла меттахIотто таро хир ю ерриге а республикерчу бахархойн, – элира Р.Кадыровс.

Туш 350 берана лерина хир ю. Берашна могашалла Iалашъяран декъехь гIуллакхаш дан кечйина меттигаш йоцурш, царна садаIа а, самукъадаккха а лерина меттигаш хир ю (бассейн, автомобилийн къийсадаларийн некъ, спортан тайп-тайпана майданаш, и. дI. кх.).

«Чеченстрой» компанис йийр ю туьшан гIишлош (3 гектар лаьтта тIехь ян лерина ю уьш).

Хь.АВХАДОВА

№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: