ХIокху деношкахь шийла кхаъ кхаьчна Нана-Нохчийчу, кхелхина дуьненна а вевзаш волу, Иорданехь Iаш хилла волу Шайх Iабдул-Бакъи Джамо. 1922-чу шарахь Аз-Заркъа гIалахь дуьнен чу ваьлла вара иза. Жимачохь дуьйна иза къаьсташ хилла хьекъал, хьикмат хиларца, хIуманна хьесап дан а, духе кхиа а хаарца. 1952-чу шарахь Iабдул-Бакъис чекхъяьккхина Мисарера (Египет) Аль-АзхIар университет.
Шен 28 шо кхаьчначу хенахь Иорданин Парламентан депутат хоржу иза. Цул хьалха оцу пачхьалкхехь Iаш волу цхьа а нохчи мехкан парламенте хаьржина вацара. Депутат волуш Иорданин паччахьна а, халкъана а гира цуьнгахь долу Iилма, хаарш, хьекъал, кхетам. Цундела хилла хир дар-кха Iабдул-Бакъи масийтта шарахь Парламентан гIуллакхашкахула волчу министран а, ХIашимийн Паччахьаллин динан гIуллакхашкахула волчу министран а даржашкахь, боккха сий-ларам а беш, лаьттина хилар. Шовзткъе итт шарахь гергга Иорданин чоьхьарчу а, арахьарчу а политикехь мехала маьIна лелош вара иза.
Цуьнца цхьаьна оцу махкахь Iаш болчу нохчийн дика Iу а, верас а вара. Къона къанваллалц церан дола дора цо шен ницкъ ма-кхоччу. Церан имам а, тхьамда а вара иза. Нохчашна цо аьлларг дош хетара, цо бохучуьнга ла а дугIура.
Даима а са лаьтташ вара иза шен дай схьабевллачу Нохчийчохь. Цуьнан кхиамех воккхавера, лазамаша дог Iийжадора. 1901-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Гилнара дIакхелхина вара Иордане цуьнан да Джаму. Цуьнца цхьаьна кхин а 73 доьзал а хилла хиллера. Цкъа хьалха Хонкара (Турци) кхаьчна уьш. Цигахь милла а, мацалла а делла Джамун хIусамнана а, кIант а. Кхелхинарш Альваро гIалахь дIа а боьхкина, халла Иордани кхаьчна дийна бисинарш. Цигахь Эз-Заркъа юрт йиллина баха хевшира уьш. Царна юкъахь 17 Iеламстаг вара. Уьш махкахь бевзаш бара. Iаьрбийн Iеламнахана юкъахь дош лелаш а, дош хеташ а бара. Царна юкъахь кхиъна волу Iабдул-Бакъи (дас цигахь керла доьзал кхоьллинера), церан Iилманех, хьикматех ирс эцна вара.
Къаналлехьа лестина волу иза пхи-ялх шо хьалха Нохчийчу веара. Цо дакъалецира «Ислам – машаран а, цIиндаларан а дин» цIе йолчу Дуьненаюкъарчу II-чу маслаIатан форумехь. ХIетахь Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу маьждигехь хьехам бира Iабдул-Бакъис. Цо тIаьххьара бина хьехам хиллера иза.
Вайн нохчийн дерриге а къомана боккха иэшам бу Шайх Iабдул-Бакъи Джамо дIавалар. Иза нохчи ву алар а дозалла хеташ ма дара вай. Дала декъалвойла иза. Дала ийманца собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна.
«Даймохк» газетан белхахой
№54, шот, хIутосург (май) беттан 14-гIа де, 2016 шо