Дуьненахь а шен хьекъалца, Iилманца, дикачу гIуллакхашца вевзаш хилла нохчийн халкъан сийлахь кIант, Иорданехь Iаш хилла Шайх Iабдул-Бакъи Джамо кхалхарца доьзна кадам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмехь йолчу цуьнан агIонехь зорбатоьхна бу иза. Цу тIехь цо билгалдоккху:
«Ассаламу Iалайкум! Чекхбели нохчийн халкъан сийлахьчу кIентан Iабдул-Бакъи Джамон дахаран некъ. Везачу АллахIа гечдойла цунна, барх кхачалур боцу Шен къинхетам бойла цунах! Дерриге а дуьненахь вевзаш Iеламстаг, Иорданин ХIашимин Паччахьаллин пачхьалкхан а, политикин а, юкъараллин а гIуллакххо вара иза. Нохчийчохь хуьлуш болчу юкъараллин-политикин, тIеман хиламашка сема ладоьгIна Iаш хуьлура Iабдул-Бакъи. Цуьнан хьехам, шен метта аьлла дош чIогIа оьшура вайна. Iабдул-Бакъин дог а, са а даима а Нохчийчоьца а, нохчийн халкъаца а дара.
ХIокху харц дуьнена ханна даьхкина хьеший ду вай дерриге а. ДIагIур долуш а ду, хан тIе ма кхеччи. Валар тIехь ду-кх вайна массарна а. Дала декъалвойла иза!
Халахетаран доккха дакъа кхачарца кадам бо ас Иорданин Паччахье IабдаллахI ШолгIачуьнга, Iабдул-Бакъин гергарчаьрга, бевза-безачаьрга. Тешна ву Iабдул-Бакъин цIе вайн халкъийн дуккха а тIаьхьенийн иэсехь юьсург хиларх. Иза халкъан иэсехь висийтарехьа дан оьшу гIуллакхаш дийр ду вай. Герггарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамна Iабдул-Бакъи Джамон цIе туьллур ю».