Макалова Хеда дуьнен чу яьлла 1970-чу шеран бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь Астраханехь Генатаевски районерчу Федоровка юьртахь, Лечин а, Асетан а доьзалехь. Церан доьзал Нохчийчу цIабирзича, иза школе яхара Грозненски районерчу ГIуларехь. Циггахь чекхъяьккхина йоIа юккъера школа а. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалара №26 йолу училище чекхъяьккхина, «закройщикан» курсаш яьхна. Дешарна а, гIуллакхана а тIера йолу йоI цунах тоам бина ца Iийна. Жимма хан яьлча Москван кхузаманан гуманитарни академи (СГА) чекхйоккхий, информатикин а, вычислительни техникин а говзалла караерзайо цо. Делахь а, шена дукхабеза куьйгаговзаллин болх дIа ца тесна. 
Тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бина Хедас, «Дом бытехь» бедарш тоьгуш, ГIуларерчу школехь «Къинхьегаман» дарсаш луш, Соьлжа-ГIалин №9 йолчу училищехь говзанча-хьехархочун белхаш бина. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалин Берийн технически кхоллараллин станцехь (СДЮТТ) болх беш ю иза. Берашна: бедарш тега а, тIаргIанах а, туьтешца куьцаш дохуш суьрташ дахка а, иштта кхин дуккха а говзаллаш Iамайо цо.
… ХедагIеран доьзалехь 5 бер хилла (3 кIант а, 2 йоI а). Доьзал жима болуш церан да (Леча) кхелхина. ТIехь да воцчу доьзална дош атта олу бохуш, уьш галбовларна кхоьруш, даима а хьехарш деш, гIуллакх дойтуш, церан ойла акха ца ялийта гIерташ къахьегна нанас Асета.
Асет бедарш тега хууш хилла. Оцу гIуллакхе Хедин безам бахийтинарг а ю иза. Нанас цхьа а хало ца еш, кIорда а ца дойтуш гIуллакх дойтуш а, керланиг Iамош а хилла Хедина а, цуьнан йишина Седина а.
– Тхан нанас со жима йолуш бедарш тега а, кхача кечбан а Iамийра суна а, сан йишина а. Хаза мотт болуш а, хьекъал долуш а яра иза. Тхан нанна дукха шира туьйранаш хаьара. Ткъа оха гIуллакх дечу хенахь, сан а, Седин а самукъадоккхуш, тхойшинна туьйранаш дуьйцура цо. И бахьана долуш мел дукха гIуллакхаш дарах а гIелъялар хьесапе а ца оьцура. Цунна хаьара тхуна муьлхха а гIуллакх марздан.
Сайн балхах дерг аьлча, суна иза чIогIа дукхабеза. ДагадогIу, школехь каникулаш йолу хан яра иза. Иттех дийнахь ГIуларера Iалхан-ГIала гIаш некъ беш, сайна куьцаш дохуш тега Iамадайтира ас Зине ( штта яра хьехархочун цIе). Иза чIогIа реза хилира суна. Шен кхечу дешархоша шина дийнахь беш болу болх ас сарале чекхбоккху, олура цо. Суна итт де тоьира куьцаш дохуш тега Iама. Ас хIинца а даггара баркалла олу Зинина. 
ХIинца а денна керланиг довза лууш хуьлу со. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дуьйна а бедарш тоьгуш, куьйг-говза белхаш бан Iамош, сайна хуург берашна хьоьхуш схьайогIуш ю. Суна хаьа, сан болх чIогIа собар оьшуш буйла, амма сан цунах самукъадолу. Куьйг-говзаллин масех декъехь белхаш бо ас: «Макромэ», «Полимерни поппар» «Зезагийн флористика», иштта кхин а.
Зуда, къаьсттина нохчийн зуда, соьга хаьттича куьг-говза хила еза. Лакхара дешар чекхдаьккхина яцахь а, куьг-говза йолу зуда бан болх боцуш юьсур яц.
Сайн вешин зудабераш а Iамийна ас бедарш тега а, туьтешца куьцаш даха а. Цундела, цара шайна а, шайн йиш-вешина а тIеюху хIуманаш тоьгу. Шаьш болийна болх чекхбаьккхича чIогIа самукъадолу церан, тIаккха айса хьегна къа эрна ца хиллийла хаьа суна.
Баккъал а, Хедас беш болу болх хала а, собар оьшуш а бу. Цо дийцарехь, туьтешца куьцаш дохуш цхьа сурт дилла 6-7 бутт хан оьшу. Иза шен болх дукхабезаш ца хилча бан лур бац. Шена Iеминчух тоам беш яц Хеда тахана а. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь «Изобразительни искусствон» (ИЗО) факультетан 3-чу курсехь суртдиллархочун говзалла караерзош доьшуш ю иза.
З.САГАЕВА
Суьрташ тIехь: Макалова Хеда а, цуьнан дешархой а
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо