Малхбалехьара гIатта бегабеллачу малхо охьахецначу буьйдачу зIаьнарийн серлонехь буьйса чекхъяларх кхета хан йолуш кхочу тхан урамерчу Шедидан туькана бепиг дохьуш вогIург. Дукха хьолахь, оццу хенахь балха яха новкъа йолу со тIекхочу цунна. Тахана а нисделира иштта. Каранахь доллу куьг бете а лаьцна йоьддушехь, Iуьйренан цIевзина шело чекхйолу мара а, легаш а зовзош. Цунах озалуш, доккха са ца доккхуш, жим-жима садоьIучу суна, машенан неI схьайоьллушехь, цу чуьра араяьллачу Iаьнарх, хIинцца куьркара схьадаьккхинчу керлачу бепиган башха хьожа кхета. Бете лаьцначу куьйгаца тIоьрмиг а хуьйций, боккхачу къурдаца чуузу ас цуьнан хьожа.
ЭхI, ма башха хуьлу иза! Багара Iа йолуш шийла елахь а, и аьхна хьожа схьакхетча, малхо шен комаьршаллица и бепиг дина ялта кхиош тIехецначу зIаьнарийн йовхо а, серло а хаало. Дукха ховха хиларна, уьрсаца цастар ца даккхалун бепиг куьйгаца дохош, куьркан йовхонехь ц1ийъелла, кегий цуьргаш юдуш, «ткъарш» олуш санна а хеталой, цергах хи тосуш меттиг а нисло. Ишттачу Iуьйренан исбаьхьалло дийнна де хаздо.
Сарралц сайна цхьа хазна карийча санна, дог айъаделла, токх долуш лелла, ц1а ян новкъа яьлла со, «Беркат» базарахь нехийн оьланна уллехь, чам боцуш дохийна, дашийна 1уьллучу баьпкана т1екхочу. Цунна уллехь я цициг а, я ж1аьла а, я олхазар а ца хааделира суна, нагахь санна царна аьлла охьадиллинехь а, «кхоьссина» ца алало соьга. Сан сарралц хилла деган айъам буьйжира, суна вас хилира. Дависарг, оццул баьпкан юьхк, тахана вай кхоамза, сий дайъина, нехийн оьланан лулахо диначул, вайн дай махках баьхначу хенахь царна кхочуш хиллехьара, цхьа б1е ах б1е эзар сов
нохчи къаьстина хир вацара. Х1инца кхета со, цигара ц1а йирзинчу тхан нанас, «хаза хир ду шу» бохуш, бепиган цуьргаш охьадожа ца дуьтуьйтуш,
тхоьга даийтарх а, ткъа багийна хьокхам-межарг хилча, «майра хир ду шу» бохуш, к1енташка баийтарх а.
Мел доккхачу хьоло дукъдина вай делахь а, т1алам хила безара сискалан. Схьа ма даллара д1аэца а таро ю и деллачун. Хама боцург хамаза дов, олуш ду вайн. Дала ма дуьтийла вай оцу баьпкан юьхках хьега.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан сурт