17-гIа май, 1918 шо. Грозненски кIоштан БердкIел юьртахь вина Идрисов Абухьаьжа, Советски Союзан Турпалхо. Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, «Советская Россия» колхозехь жаIунан болх бина. 1939-чу шарахь дуьйна Советски Эскарехь гIуллакх деш хилла. 1941-чу шарахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо ву. Лакхара сержант А.Идрисов 1232-чу гIашлойн полкан (2-гIа Прибалтийски фронт) иччархо (снайпер) вара. 1944-чу шеран март баттана мостагIчун цо хIаллакбинчу салтийн, эпсарийн барам 349-га кхаьчна. Iаламат лакхара гайтам хилла иза. Цундела ларамаза дацара 1944-чу шеран 3-чу июнехь Идрисов Абухьаьжина Советски Союзан Турпалхочун цIе ялар. Цул сов, цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна ЦIечу Байракхан, ЦIечу Седанан орденшций, дуккха а мидалшций.
Эскарера мукъаваьллачул тIаьхьа халкъан бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь белхаш бина А.Идрисовс.
Кхалхар хилла 1983-чу шеран октябрь беттан 22-чу дийнахь. Цуьнан къонахаллин дахар дика масал хилла лаьтта Нохчийчоьнан кегийрхошна.
17-гIа май, 1942 шо. Малхабекан кIоштан Доьлака юьртахь вина Салатов Руслан, медицинин Iилманийн доктор, Россин Федерацин хьакъволу лор. Дешна Саратоверчу пачхьалкхан лоьрийн институтехь. Къинхьегаман некъ дIаболийна 1966-чу шарахь Малхабекан кIоштан больницехь лор-хирург волуш. Цул тIаьхьа дешна Къилбаседа ХIирийчоьнан медицинин институтан хирургин кафедрехь йолчу онкологин ординатурехь. Дешар чекхдаьлча цхьана шарахь болх бина Владикавказерчу гарнизонан госпиталехь.
1971-чу шарахь дуьйна цуьнан дахаран а, къинхьегаман а некъ, къаста йиш йоцуш, бозабелла Ростоверчу Iилманан-талламан онкологин институтаца.
Кхузахь цо чекхйоккху аспирантура, 1982-чу шарахь кхиамца чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2002-чу шарахь медицинин Iилманийн докторан диссертаци. Iилманан 150 сов белхан автор, цуьнан куьйгаллица чIагIйина Iилманийн кандидатан бархI а, Iилманийн докторан цхьаъ а диссертаци. 30 шо сов ду цо институтан хирургин отделенина тIехь куьйгалла ден. Салатов Русланан Iилманан талламех а, белхан зеделлачух а шуьйра пайдаоьцу онкологин цамгаршна молха-дарба лелорехь. Лоьран къинхьегаман хьуьнарш билгалдаьхна пачхьалкхан дуккха а совгIаташца.
18-гIа май, 1948 шо. ГIиргIизойн махкарчу Ош гIалахь вина Сайдуллаев Хьасан, поэт, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. 1967-чу шарахь Мескитарчу юккъерчу школехь хьехархо волуш дIаболабо Хьасана шен къинхьегаман некъ. ХIетахь дуьйна ша пенсе ваххалц оцу школехь болх бира цо (хьехархо, директоран заместитель, директор).
Дуьххьарлера стихотворени зорбане елира 1964-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь. Стихийн, поэмийн пхеа гуларан автор («Iуьйренан нур», «Даймахкана тешам», «ДоттагIий тIекхойкху кхерч», «Зевне бердаш», «Сатийсаман кхоллам»). ТIаьхьарчунна юкъаяхана прозехь язйина произведенеш а.
Тахана а поэзин хьаьрмахь жигара къахьоьгуш схьавогIу поэт.
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо