«Грозная битва XX» турниран толамхой билгалбевлла

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спортан холлехь «Грозная битва XX» турниран къийсадаларш хилира. Шайн шайн йозаллин категорешкахь дIадаьхьначу 16 тасадаларехь 13 тасадалар толамца дерзийра  латархойн «Ахмат» клубан декъашхоша.IMG_9961_w1200_h800

Йовзуьйту церан цIерш: Бетергараев Зелимхан, Бимарзаев Апти, Дамаев Саламбек, Умаханов Iайнди, Расуев Анзор, Исмаилов Нурбек, Бисултанов ШахIид,  Дадагов Аслахан, Джамбураев Мансур, Довгириев Шамиль, Тимаров Ислам, Мовлидаев Джамал, Адамов Хьусейн.

Суьйренан коьрта къовсам бара Бетергараев Зеламхас Тула Республикерчу Ондар Ренатана дуьхьал дIабаьхьнарг. ШолгIачу раундан хьалхарчу секундашкахь садукъдеш йолу прием йина туьйлира «Ахмат» клубан декъашхо.

Спортан «Ахмат» клуберчу латархоша дакъалоцур ду кестта Бишкекехь дIахьун йолчу «Грозная битва Азии» турнирехь.

Иштта, 22-чу майхь Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю «Ахмат» Гран-прин ахфинал. Оцу турниран коьрта латар хир ду WSOF уггаре а яйчу йозаллин категорин чемпиона Бибулатов Мохьмада (Ахмат клуб) Сантос Джованни да Сильвана дуьхьал дIахьон дерг.

Л.ДАУТОВА

Авторан сурт

№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: