Россин къаьмнашна юкъахь дIаяьхьначу берийн «Голос» проектехь шолгIа меттиг яьккхина йолу Асланбекова Раяна «Даймохк» газетан редакцехь хьошалгIахь хилира хIокху деношкахь. Редакцин белхахошна цунах хаза кхаъ хилира. Раяна ган а, иза йовза а хьаьгна вара хIора а. Цуьнца цхьаьна редакце еанера Ленински районан Берийн кхоллараллин цIийнан (оцу цIийнан кхиархо хилла ю иза) директор Исапаева Мадина а, Раянин нана Асланбекова Луиза а. Россин ерриге а субъекташкара бераша дакъалаьцначу конкурсехь йоIа шен похIма хилар гайтина ца Iаш, лела хаарца гайтира ша бакъйолу нохчи йоI хилар.
Раяна декъал а еш вистхилира «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитель Дадаев Сайд-Хьасан: «Уггаре а хьалха «Голос» конкурсехь ахь гайтира хьуо нохчалла йолуш хилар. Иза уггаре а коьртаниг ду. Хьайн башхачу озаца ерриге а Россин бахархой цецбаьхна ца Iаш, сцени тIехь лела хаарца, оьзда хиларца массеран а хьайх бIаьрг а бузийтира ахь. Цхьана Соьлжа-ГIалина юьхькIам бина ца Iаш, ерриге а Нохчийчунна, дерриге а нохчийн халкъана юьхькIам бина ахь. Оха хьох дозалла до».
Нохчийн Республикина юьхькIам барна Раянига довха дешнаш элира нохчийн журналистикин ветерана Магомаев Салавдис, Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас, «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа, иштта кхечара.
Раяна дика аз долуш хиларал сов, хаза забар йолуш йоI хилар а билгалделира цхьаьнакхетарехь. Цо ечу забарша массеран а цхьатерра самукъа а даьккхира. Цо дийцира, «Голос» конкурсехь нислуш хиллачу халонех а, шен хьехархочух Агутин Леонидах а, шен нийсархойн шеца хиллачу дикачу юкъаметтигах а лаьцна. Редакцин белхахойн дехарца Раянас ненах лаьцна йиш лекхира. Цкъа а кIорда ца деш ладеггIал хаза аз ду цуьнан, иштта, мел дукха ладегIарх кIордор доцуш хаза хабар а хилла цуьнан. Цхьаьнакхетар дирзинчул тIаьхьа, къоначара Зорбанан цIийнан хьалхарчу гIат тIе йигира Раяна, цигахь цуьнга масех йиш лакхар а доьхуш. Нохчийн а, оьрсийн а, французийн а меттанашкахь эшарш лийкхира цо. Иза хьалхара йиш лакха йолалуш цунна гуо бинарш цхьа иттех стаг бен ца хиллехь а, иза йиш лакха йолаеллачул тIаьхьа цуьнга ладогIа гулбелларш дикка алсамбевллера. «Раяна, хьоьца сурт даккха лаьара тхуна», олий цунна тIебогIура. Раяница безамна сурт даккха луучеран чаккхе ян а яцара, цкъа сурт даьккхинарг юх-юха а цуьнца суьрташ дохуш гора. Ша кIадъяларе ца хьоьжуш, хIоранца а елалой-екхалой сурт доккхуьйтура цо. «Раяна, Дала тIаьхье беркате йойла хьан. Хьо тхан дозалла ду», олура тIехбовлучу баккхийчара иза мара а къовлуш. Иштта самукъане хан яьккхира редакцин белхахоша жимачу седанца. Ша дIайоьдуш цо хаийтира, «Даймохк» газетан редакцин белхахошца кхидIа а гергарло лелон шен лаам хилар. Дахарехь цо дан дагалаьцначух а, цуьнан сатийсамех а лаьцна оха дуьйцур ду газетан рогIерчу цхьана номерехь.
ЛОРСАНОВА Зарета
А.МУСАЕВАН а, И.ХАСАХАНОВН а, Хь.АВХАДОВАН а суьрташ тIехь «Даймохк» газетан редакцин коллектив Асланбекова Раяница цхьаьна
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо