Юьхь
Нохчийн къоман культура кхиорехь шатайпа лераме меттиг дIалоцуш ю къоман театр. Тахана, гIеметтахIоьттина, кхиамца болх беш ю иза. ХIинца-м масех театр ю Соьлжа-ГIалахь. Уьш дерриге а нохчийн къоман театральни искусствон мехала дакъош ду. Массо а театр вайна дукхаеза. Ткъа цхьа бIе шо хьалха и дозаллаш дойла вайн яцара. Нийса хир дац театр езарш бацара аьлча. Оьрсийн паччахьан эскаран эпсар волу Шерипов Хьайдарбек гIоьртира Соьлжа-ГIалахь театр кхолла. Нохчийн драматурги цу муьрехь зIийдиг тасаза хиларна Л.Андреевн а, В.Гаршинан а пьесаш хIитто лууш, цхьайолу ролаш ша ловзош къахьийгира цо 1905-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Делахь а, нохчий кийча бацара, текхно безамах къамел деш болу оьрсийн яздархойн турпалхой дагца къобалбина тIелаца а, церан бехке боцчу лаамех кхета а. Бакъду, шен вашас Зойрбека сценари язйина Хьайдарбека театрализовани нохчийн синкъерам хIоттийра 1912-чу шарахь аьхка Соьлжа-ГIалина юккъехь болчу Александровски урамехь, тIаьхьо иза Первомайски урам хилира, хIинца-м иза шайх Митаевн цIарах урам бу. Синкъерамах Iаламат чIогIа самукъадаьллера хьовсархойн. Нохчийн къомах боцчу кегийрхошна а тIехь чIогIа тайнера иза. Юха а хIоттон беза бохуш хабарш дара дуьйцуш. Делахь а, кхин цкъа а синкъерам хIоттабале, дуьненан хьалхара тIом болабелира, тIаккха цунна тIаьххье 1917-чу шеран революци схьакхечира. Цкъачунна театр дагайогIучохь дацара нохчийн халкъ. Амма советийн Iедал дIахIоьттинчу хьалхарчу шерашкахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь кхиамца болх бан йолаелира драматически кружокаш. Цунна къеггина тоьшалла ду 1926-чу шарахь Ростов гIалахь дIаяьхьна Къилбаседа Кавказерчу халкъийн театральни фестиваль. ТIаьхьо, вевзаш волчу нохчийн яздархочо Ошаев Халида куьйгалла дечу драматически кружокан векалш бара оцу фестивалехь дакъалоцуш. Ошаевн «Дайн Iедал» цIе йолу цхьана актах лаьтташ йолчу пьеси тIехь хIоттийна спектакль яра цара гайтинарг. Къона актераш тIех дика ловзарна, похIма долуш хиларна шолгIа меттиг елира жюрис Соьлжа-ГIалара баьхкинчу хьешашна. Цу муьрехь и тайпа драматически кружокаш алссам хилла Нохчийчохь. Делахь а, Нохчийн къоман театран бух хилла дIахIоьттинарг 1928-чу шарахь Яндаров Мохьмада вовшахтоьхна драматический кружок ю.
Хьалхара гIулчаш
Юьхьанца дуьйна цу тобанца болх беш хилла нохчийн литературин бухбиллархо Бадуев СаьIид. Цундела кхаьчна хила там бу Яндаровс куьйгалла ден театральни тоба юьхьарлаьцначу Iалашоне. Леррина цу тобанна яздора СаьIида забарийн дийцарш, тайп-тайпана интермедеш, скетчаш. Дукха хьолахь, дIадаьлла бодане мел дерг емалдеш, советийн Iедало серлайохучу керлачу анайистех хуьлура тобано хIиттайо постановкаш. Хьовсархойн самукъадоккхура цара. Луш алапа дацахь а, актераш хила луучу кегийрхоша къахьоьгура де а, буьйса а ца лоьруш. Церан жигаралла тидамза юьсийла дацара. Яндаров Мохьмад а, цуьнан накъостий а къар ца баларо леррина сацам тIеэцийтира Нохчийчоьнан куьйгалле, 1931-чу шеран 1-чу майхь дуьйна къоман театральни студи схьайоьллуш. Яндаров Мохьмада куьйгалла дечу драматически кружокерчу актерашна корматаллин баххаш довзийта Iалашо йолуш, хьехархой кхайкхира студехь болх бан. Актеран говзалла нохчийн къоначу артисташна караерзо гIо-накъосталла деш вара режиссер Владимир Шатов. Мукъамийн баххаш довзуьйтуш композитор Георгий Мепурнов вара. Дийнахь театрах, музыкех, хелхарех йолчу лекцешка ладугIура студийцаша, ткъа суьйранна, хьалха санна, самукъане спектаклаш хIиттайора. Цул сов, дукха дацахь а, мелла а алапа дара студехь доьшуш болчу актерашна диллина. Шина шарахь дийшира студийцаша. 1933-чу шеран 1-чу майхь хилира студийцийн дипломни спектакль. Леррина цу балхана Бадуев СаьIида керла пьеса язйира. Цуьнан цIе «ЦIен гIап» яра. Изза цIе йолуш дипломни спектакль хIоттийра студийцаша. Iаламат боккхачу кхиамца чекхъелира «ЦIен гIап» спектаклан премьера. Дукха адам дара премьере гулделла. МогIарера спектакль хилла Iаш яцара «ЦIен гIап». Нохчийн къона актераш шайн кхоллараллин кхиарехь зер а дара иза. 1933-чу шеран июнь беттан хьалхарчу деношкахь Iалхан-ГIалахь хиллачу цIечу партизанийн республикански конференцехь гайтира и спектакль. Ткъа 1933-чу шеран 11-чу июнехь арадаьллачу «Известия» газетан агIонаш тIехь йоккха статья зорбане елира, Нохчийчохь къоман театр кхоллаяларх дуьйцуш, цигахь болх беш болу похIме актераш хьехош, революционни шовкъах юьззина йолу «ЦIен гIап» спектаклан бухе йиллина, изза цIе йолу пьеса язйинчу авторан корматаллин таронаш хестош. Иза боккха кхиам бара. Театран сцени тIехь хьалхара гIулчаш йохучу къоначу актерашна мерза кхаъ бара иза. Ткъа цу спектаклехь къеггина васташ кхоьллинарш а, нохчийн къоман театр кхоллаяларан хьостанехь лаьттинарш а хIара адамаш дара: Бадуев Мовжди, Зубайраев ЯрагIи, Чимаев Хьамид, Исаева Асет, Мустапаева Хьулимат, Ташухаджиева Асет иштта дуккха а кхиберш. Церан башха хьуьнарш, лаккхара корматалла ю нохчийн халкъ шайн къоман театрах хоттадалийтинарг.

Кхиаран новкъахь
1934-чу шарахь Москвахь долчу лакхарчу Iедало шен сацамца вовшахтуьйхира Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. Вайн махках Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республика хилира, коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а йолуш. Керлачу субъектехь хийцамаш бан буьйлабеллачу куьйгалхоша къоман театр а шайн тидамера ца ялийтира. Цара кехат яздира Гуьржийчу, цигарчу хьаькамашка вайн къоман театр когайоьдуш гIо-накъосталла дар доьхуш. Сихха жоп деара Гуьржехара. Гуьржийн куьйгалхоша шаьш долчу Iама дIакхойкхура нохчийн къона актераш. Соьлжа-ГIалахь буьсуш болчаьрца болх бан режиссер Чхартишвили Арчил ваийтира цара. Нохчийн кегийрхойн йоккха тоба яхара Тбилиси, шайна юкъахь Хакишева Хьава, Саидов Билал, Зубайраев ЯрагIи, иштта кхиберш а болуш. Соьлжа-ГIалахь биснарш бацара мукъа Iаш. Чхартишвилис шеца керла пьеса еанера вайнехан театрехь хIотто дагахь. Пьесин цIе «Анзор» яра. Цуьнан автор гуьржийн драматург Шаншиашвили Сандро вара. Оцу пьеси тIехь спектакль хIотторца дIаболийра режиссера вайнехан театрехь болх. Спектакль Iаламат шовкъе нисъеллера. Хьовсархоша езаш тIе а эцнера. Нохчийн яздархочуьнца Бадуев СаьIидца уллора гергарло тасаделлера Арчилан. Иштта цаьрца гергарло лелош вара композитор Мепурнов Георгий Христофорович. Каяьллачу минотехь нохчийн ярташкхула чекхволура кхо доттагI. Чхартишвилис вайнехан Iер-дахаран кеп йовзар лоьхура оцу экспедицешкахь. Бадуев СаьIида баккхийчу нехан къамелашка ладугIура, къоман бартан кхоллараллин жовхIарш дIаяздора, юьртан дахарехь забаре мел долчун сема тидам бора. Ткъа Мепурнов нохчийн мукъамаш дIаязбеш хуьлура. Иза цецвуьйлура церан исбаьхьаллех, лаккхара мах хадабора нохчийн ширачу мукъамийн а, узамийн а. Цхьа хан яьлча и дерриге а керлачу спектакле доьрзура. Цу муьрехь язйина ю Бадуев СаьIидан дукхахйолу пьесаш. «Лаьмнаш хийцалуш», «Дашо Iам», «ЦаIебас зуда ялор», «Большевикаллица ялта дIадер», иштта дуккха а кхиерш. Уьш ерриге а Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран сцени тIехь хIиттийна пьесаш ю. Бакъду, цхьана Бадуев СаьIидан пьесаш хIиттийна Iаш-м яцара вайн театр. Режиссер Чхартишвили Арчил а волуш театро хIоттийна Пшавелин Важа новеллаш тIехь «Ламара» цIе йолу спектакль, оьрсийн драматурган А.Корнейчукан пьеси тIехь «Платон Кречет» цIе йолу спектакль.
1936-чу шарахь кхиамца Москвахь театральни институт чекхъяьккхина Соьлжа-ГIала цIавирзира нохчийн дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон. Гуьржийн драматургаша И.Гамрекелис, Нахуцришвилис яздинчу «Майра Кикила» цIе йолчу туьйранна тIехь хIоттийна яра цуьнан дипломни спектакль. Цуьнца цхьаьна къоначу режиссера хIоттийра Саидов Билала язйинчу «Зайнап» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль а. Къаьсттина кхиамца чекхъелира «Майра Кикила» цIе йолу спектакль, коьртачу ролехь Бадуев Мовжди волуш. Вайн махкахошна хазахетта Iаш яцара шовкъе спектакль. 1938-чу шарахь Москвахь а гайтира иза. Цигахь зорбане дуьйлучу дукхах долчу газеташа лаккхара мах хадийра нохчийн актерийн а, къоначу режиссеран а белхан. Мерза кхаъ бара иза вайнехан театральни искусство кхиочу беркатечу новкъахь, хьанал къахьоьгучу адамашна. Москварчу говзанчаша, театрезархоша бинчу хастамаша дог-ойла ир-кара хIоттийнера вайн актерийн, кханенах тешийнера, керлачу анайистошка сатийса бакъо хиларх дегайовхо чIагIйинера. Делахь а, вай дагадаийта деза дийца даьхнарш ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш хилар. Сталинизман къизалло олалла ден мур бара иза. Дукха адам хIаллакдинера цхьа бахьана а доцуш. Цхьана Нохч-ГIалгIайн Республикехь 31-чу июлан суьйранна НКВД-с дIайолийначу операцехь 1-чу августан сай-бодий къастале
14 000 стаг чувоьллинера. Цул тIаьхьа а дIалехьош дара бехк боцу адамаш. Нохчийн дукха яздархой бара царна юкъахь. Царах цхьаъ вара Бадуев СаьIид. 40 шо кхачаза вара иза чувуллуш, шен кхоллараллица гIеметтахIоьттина хиллехь а. «ПетIамат» цIе йолу керла драма язйина ваьлла, театрехь цуьнан репетицеш йойтуш вара яздархо дIалоцуш. Герга дара премьерин де а. Делахь а, цу муьрехь ган йоьгIна ца хиллера махкахошна «ПетIамат». Бадуев СаьIид чуволларал сов, театр а дIакъевлира, национализман бен бу аьлла. Чхартишвили Арчилан хьехархо хилла волу Ахметели Сандро Тбилисехь чувоьллина аьлла шийла кхаъ кхечира. Вайнехан къоман драматически театр кхуллуш гIо-накъосталла дан веанчу режиссерана, вайн махкахь цхьа бохам хиларна кхоьруш, нохчийн актераша лаьмнашкахула дехьа ваьккхина Гуьржийчу дIахьажийра иза. Буьрса зама яра, маьршачу адамийн дегнаш шелдеш, кханенах дог дуьллуьйтуш, вовшашка болу тешам дIабоккхуш. Масех баттахь къевлина лаьттира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан театр. Инзаре ирча бехк бара цуьнан кхоллараллин тобанна тIетеIош берг. Даймахкана а, советийн халкъана а ямартчу идеологин репертуарни политика дIакхоьхьуш лоьрура НКВД-с къоман театр. Цундела дукхах болчу нохчийн актерех а тешам байначух тера дара, юьхь-дуьхьал кхаьрга схьа ца алахь а. Мухха делахь а, эха шарахь сов болх бан бакъо ца луш, къевлина лаьттира Соьлжа-ГIалара Нохч-ГIалгIайн драматически театр. Эххар а, къоначу яздархочо Музаев Нурдис язйина «Асет» цIе йолу керла пьеса еара республикин культурин министерстве. Иза советийн Iедало Кавказан къоьжачу лаьмнашка деанчу ирсах, компартис дIакхойкхучу сирлачу анайисте дIакхача болчу лаамца, нохчийн кегийрхой дог резадина новкъабевлла хиларх а лаьцна яра. Массарел а жигара хьийзаш яра пьесин коьрта турпалхо Асет. Коммунизман зевнечу зIаьнарех Iехаделла ловзадуьйлура цуьнан кийрара къона дог. Нохч-ГIалгIайн республикин куьйгалхошна Iаламат чIогIа тайра пьеса. Сихха иза къоман театран сцени тIехь хIоттор тIедуьллуш, кхидIа а болх бан бакъо елира нохчийн актерашна. Театран коьрта режиссер В.Вайнштейн хIоттийра. «Асет» спектакль хIоттор Батукаев ХIаронна дитина, В.Вишневскийс язйинчу «1919» цIе йолчу пьеси тIехь болх бан волавелира театран коьрта режиссер. 1919-чу шарахь Сталин Иосифа гайтинчу доьналлех, майраллех, Россин халкъаш ирсе кхачо Iалашо йолуш цо гайтинчу хьуьнарех яра пьеса. Цу спектаклана чIогIа резахилира республикин куьйгалхой. Цул тIаьхьа театро гуьржийн драматурган Г.Мдиванин «Честь» пьеса хIоттийра. В.Биль-Беловцерковскийс язйинчу «Шторм» цIе йолчу пьеси тIехь, изза цIе йолу спектакль хIоттийра. Театран болх а, и спектаклаш а хестош Iаламат дукха статьяш ю оцу муьрехь Соьлжа-ГIалахь зорбане дийлинчу газеташ тIехь. Цунах там хиллачу Iедалан векалша 1938-чу шеран август баттахь театрера кегийрхойн йоккха тоба Москварчу театральни институте деша хьажийра, цаьрга Iилманан буха тIехь актерийн говзалла кхоччуш караерзаяйта. Иза а советийн Iедалах схьадаьлла беркат лорура меттигерчу газеташа. Лаккхара говзалла йолуш хIора къоман театрехь болх бан актераш кхиор, советийн Iедалехь бен хила тарлуш дац бохуш, яздора шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Амма газеташа дуьйцург цхьаъ дара, ткъа хьовсархойн лехамашкахь кхин хиллера. Уьш мелла а хера бовла буьйлабелира коммунистически идеологино театр хьаша йолийча. Нохч-ГIалгIайн республикерчу бахархоша, дукха хьолахь театрехь лоьхург самалхадалар дара, дахаран шогаллех жимма садаIа, шайн самукъадаккха богIура уьш театре. Революционни шовкъ а, цуьнга кхойкхурш а цу муьран дахарехь хьаьхнера. Цунах сихха кхийтира театран исбаьхьаллин куьйгалхой. Театран коьрта режиссер волчу Вайнштейн Владимира нохчийн къоначу яздархочуьнца Музаев Нурдица цхьаьна керла самукъане пьеса язйира, вайнехан халкъан забаре дийцарш бухе дохкуш. Пьесин цIе «Мекхаш-Мирза» яра. Цу пьеси тIехь хIоттийна спектакль мерза кхаъ хилла дIахIоьттира театрезархошна. Мукъа Iаш режиссер Батукаев ХIарон а вацара. Нохчийн поэтаца Гадаев Мохьмад-Салахьца къоман бартан кхоллараллина тIетевжаш «Адин Сурхо» цIе йолу пьеса хIоттийна, театран сцени тIехь гайтира цо. Цул сов, дуьненна вевзачу Мольеран «Лекарь по неволе» пьеса хIоттийнера цо. Иштта М.Лермонтовн говзара тIехь «Бэла» спектакль хIоттийнера. Буденый Семенан хьуьнарех дуьйцуш «Олеко Дундич» цIе йолу спектакль яра театран репертуарехь. Доцца аьлча, хьакъ доллучу тIегIане вайнехан театр хьалаяккха лууш, хьанал къахьоьгуш бара нохчийн актераш, де-буьйса ца лоьруш. Амма дерриге а дохийра 1941-чу шеран 22-чу июнехь дIаболабеллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамо.

Буьрсачу тIеман шийла денош
Ямартлонца фашисташа тIелатар дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалучу деношкахь, Веданахь гастролашкахь яра вайнехан къоман театр. Алссам спектаклаш яра театро веданхошна гайта яьхьна. Амма Даймахко шийла орца даьккхинчу миноташкахь, театран актераш шайн лаамца циггара ЦIечу Эскаре гIуллакх дан бахара. Ибрагимов ИсмаьIал, Туликов Абухьаьжа, Горчханов Iусман, Исаев Тапа, вежарий АлхазовгIар Тута а, Сайд-Ахьмад а, Гандаев Сайда, Сатабаев Ширвани, Докаев Сайд-Ахьмад, Магомадов Ваха, Сапаров Мохьмад, иштта яра 1941-чу шеран 23-чу июнехь Веданара тIаме дIабаханчу актерийн цIерш. Москварчу театральни институтера, доьшуш болччуьра, тIаме дIабахна вайнехан студенташ а тIетоьхча, уьш ткъа сов стаг хуьлура. БIаьрг-негIар ца тухуш, луьрачу мостагIчуьнца тIеман арахь юьхь-дуьхьал хIотта, Москвара дIабаханчу турпалчу кIентий цIерш хIорш ю: Шоипов Хьасан, Цароев Iабдулла, Магомаев Мохьмад, Мациев Ваха, Баркинхоев Хьасан. Бакъду, царах кхо стаг бен дийна цIа-м ца вирзира. ТIом болабеллачу хьалхарчу дийнахь, шайца болу мехкарий балош Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла Нохчийчу цIавирзира. Бакъду, цIабирзинера аьлла мукъа Iан йиш ца хилира церан. ЦIахь бисинчу а, Москвара цIабирзинчу а актерех цхьаьнатоьхна йоккха концертни бригада йира. И бригада ЦIечу Эскаран векалшна хьалха концерташ яла декхарийлахь яра. Кхаа шарахь дIакхийхьира вайнехан артисташа и хала некъ. Шело, гIело, мацалла ловш. Нохч-ГIалгIайчохь концерташца уьш кхачаза меттиг яцара. Цул сов, Ставрополь, Ростов, гIалмакхойн аренаш гезйина вайн актераша, чевнаш хилла госпиталехь болчу бIаьхошна хьалха концерташ луш. Исаева Асет, Хакишева Хьава, Исакова Зина, Айдамирова Марем, Ганукаева Йисита, Алиева Тамара, Зубайраев ЯрагIи, Докашев Ваха, Садыков Iандарбек, Чимаев Хьамид, Эсамбаев Махьмуд, иштта дуккха кхиболу артисташ бара оцу концерташкахь дакъалоцуш. 1942-чу шеран июнь баттахь Армавире кхечира вайнехан артистийн бригада, цигахь цкъачунна туп тоьхна лаьттачу Нохч-ГIалгIайн 255-чу дошлойн полкан бIаьхошна хьалха концерт яла Iалашо лаьцна. Iаламат чIогIа самукъадаьллера вайн турпалчу махкахойн Нохчийчуьра артисташ шаьш долчу кхаьчча. Шина кIирнах сов, цхьаьна мерза хан яьккхира цара. Цул сов, шайна лучу алапах ахчанаш вовшахтоьхна фронте дIахьажо цхьа танк а ийцира къоман театро. Цуьнца цхьаьна, – 1943-чу шеран бIаьстенан юьххьехь дехарца Москва кехат а дахьийтира театран артисташа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театрана Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIе тиллар доьхуш. И дехар кхочуш а хилира. Бакъду, мел даккхий совгIаташ вайнехан къоман театро динехь а, мел яккхий сийлахь цIерш цунна техкинехь а, дерриге а нохчийн халкъана цIевзина схьакхечира 1944-чу шеран 23-чу февралан шийла Iуьйре. Вайнах махках бехира. Оцу декъазчу декъахь яра вайнехан къоман театр а. ДIасабаьржира иттех шарахь сов халкъан дозалла хилла лаьттина нохчийн актераш. Ур-аттала Пятигорскерчу оперни театрехь болх беш хилла Эсамбаев Махьмуд а ца витира Кавказехь. Казахстане, ГIиргIизойчу йоьдучу шалонна дуьхьалваьккхина, Пятигорскехь цIерпошта тIе хаийра, похIме хелхарча. Дерриге а нохчийн къам а советийн халкъийн мостагI леринера. Цуьнгара даьлларг хIун ду хууш цхьа а вацара. Шаьш мича буьгу хууш нохчий а бацара. Делахь а, шалон дIа а йолаелла зударийн, берийн маьхьарий девлча, божарий боьхна хьаьвзича, цхьана воккхачу стага мохь тоьхнна эли бахара: «Дукха дохий ма хьовзийша нохчий! Дела воцчу вай дуьгийла яц, Цо вай Шен къинхетамах дохур дац!»
Массара лайна хало а, гIело а, шело а, харцо а лан дийзира нохчийн актерийн Казахстанехь доккхучу кхойтта шарахь. Бакъду, мукъа Iаш-м бацара уьш цигахь а. Уггаре а вайнехан адамийн гIаддайначу муьрехь, Джамбульски областан Лениногорскерчу шахтехь болх беш хиллачу нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона 1946-чу шеран чаккхенехь, цIеххьана дагаваьлла, схьагулбира юххерчу кIошташкахь болу вайнехан артисташ. Керла 1947-гIа шо тIекхачале «Аршин-мал-Алан» спектакль хIотто дагадеанера цунна. Садыков Iандарбека, Ганукаева Йиситас, иштта кхечу артисташа дакъа а лоцуш, цара хIоттийра и спектакль. Хьовсархоша Iаламат чIогIа самукъадаларца тIеийцира иза. Дагахь доцу кхиам спектаклан хилча, цигарчу бахархойн дехаршца вайнехан актераша оьрсийн маттахь а хIоттийра «Аршин-мал-Алан» спектакль. ТIаккха казахийн маттахь а хIоттийра. Эххар а, Джамбулерчу Iедале хаам кхечира, хIора буса клубехь алссам адам гулдой, нохчий уьш делош бу аьлла. ТIаккха схьакхечира Iедалан векалш. Амма кхара лелош долчух кхетча, цара Батукаев ХIарон Джамбуле дIавигира, цигахь оьрсийн драматически театр вовшахтохар тIе а дуьллуш. Цундела вайн массеран а дозаллица дийца йиш ю, Джамбулера оьрсийн драматически театр нохчаша вовшахтоьхна хиларх лаьцна. 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яьлча а, 13 шарахь Даймахке сатийсинчу Батукаев ХIаронан цIаверза йиш ца хилира. Иза театрехь коьрта режиссер вара, цундела хIитто йолийна спектаклаш чекх ца евлча цуьнан юкъара волийла дацара. МеттахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министерствос иза цIавоьхуш Москварчу Iедале дукха кехаташ яздар бахьанехь 1958-чу шарахь кхечира иза дай баьхначу лаьтта тIе.
Театр меттахIоттор
13 шо хьалха Iедало махках баьхна артисташ берриге а цIа берзийна 1958-чу шарахь болх бан йолаелира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу драматически театр. Нохчийн яздархочо Ошаев Халида язйинчу «Асланбек Шерипов» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийначу спектакальца дIаболийра театро шен болх. Цул тIаьхьа Мусаев Мохьмада язйинчу «Теркан тулгIенаш» цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийра спектакль. Патриотизман тема яра цу муьрехь хьалхаяьккхинарг. Цуьнан а шен бахьанаш дара. «Аьхка лаьхьанах кхийринарг, Iай карсах кхоьру», – бохург санна. «Шерипов Асланбек» спектаклехь вуьйцург Нохчийчоьнан ЦIечу Эскаран командир хилла Шерипов Асланбек хиллехь а, «Теркан тулгIенаш» спектаклехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна нохчийн кIентий бара. Церан доьналла, майралла, яхь дIа ца луш бала кийча хилар дара гойтуш.
Вайнах цIабирзинчу 1957-чу шарахь кегийрхойн йоккха тоба хьажийра Ленинградерчу театральни институте деша, актерийн говзалла караерзо, корматаллин баххаш Iамо. Театрехь студи схьайиллира. Москвара баьхкина режиссераш М.Минаев, цуьнан хIусамнана Л.Горькая бара театрехь болх беш, студехь кегийрхой Iамош. Омаев Дагун, Багалова Зулай, Магомадов Сайхан, Хучиев Адам, Хадзиев Мохьмад, Эсамбаева Зарема, Арсамерзоев Леча, иштта кхидIа а похIме актераш белира вайна вайнехан къоман театрехь кхоьллинчу студис. 1962-чу шарахь театральни институт кхиамца чекхъяьккхина цIайирзира Ленинграде деша яхана тоба. Идаев Юсуп, Цицкиев Мохьмад, Дудаев Муса, Давлетмирзаев МутIелип, Адаев СаьIид, Солцаев Мималт, Хакишев Руслан, Паскаева Раиса, Хаджиева Неля, Минкаилова Зоя, Саиева Тайбат, йижарий ИсаевгIар, иштта кхиберш а, дукха хан ялале дозалла хилла дIахIиттира шайн похIмица театран репертуар серлайохуш. Хаддаза керлачу спектаклашца шайн хьовсархойн дегнаш хьистина цара. Цхьабосса кхиамца гойтура вайнехан авторша, оьрсийн драматургаша язйина пьесаш. Ца хьегадора дуьненаюкъарчу драмех а. Делахь а, цкъа а нур довр доцуш цхьа спектакль ю Нохчийн театран репертуарехь. Иза 1965-чу шеран 1-чу майхь премьера хилла «Бож-Iела» цIе йолу спектакль ю, изза цIе а йолуш Хамидов Iабдуллас язйинчу пьеси тIехь, дуьххьара режиссера П.Харлипа хIоттийна, Давлетмирзаев МутIелип вара коьртачу ролехь. Мел хала хеташ делахь а, кхиболу актераш дIабевлла вайна юкъара. Дала гечдойла царна массарна! РСФСР-н халкъан артистка Исаева Асет Маймин роль ловзош яра. РСФСР-н халкъан артист Зубайраев ЯрагIи Абубешаран роль ловзош вара. Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Дениев Iальвис кхоьллина Сутарбин васт цкъа а дицлур дац и спектакль гиначарна. Иштта тамехь Зулайн васт кхоьллинера Нохч-ГIалгIайн халкъан артисткас Алиева Тамарас. ЦIена нохчийн мотт, ира забар, шовкъе хелхарш, и дерриге а шеца долуш яра «Бож-Iела» спектакль, уьттазлагIа хьаьжча а хьовсархошна кIорда ца еш.
Кхиамийн гIушлакхехь
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театр Къилбаседа Кавказал генна арахьа гIараяла юьйлира. Хакишев Русланан «ЦIий Iанийна ловзар», «Яхь йолу кIентий» спектаклаш а, театран коьрта режиссер волчу Солцаев Мималтан «Бешто», «ПетIамат», «Шерипов Асланбек» спектаклаш, дара цуьнан коьрта бахьана. Къоман драматически театран сцени тIехь Малхбузерчу Европин драмаш хIитто йолийра. Корнелан «Сид», «Кориолан», «Ричард-3». Москвара, Ленинградерчу театран говзанчаша лаккхара мах хадабора вайнехан театран сцени тIехь хIиттийначу спектаклийн. СССР-хь тоьллачу итт театрана юкъахь цIе йоккхуш яра къоман театр. Ткъа цуьнан коьрта режиссер Солцаев Мималт СССР-н тоьллачу пхеа режиссерана юкъахь хьахош вара. Нохчийн режиссерийн похIма, церан говзалла яра уьш гIарабаьхнарг. Бакъду, уьш цкъа а Iийна бац Малхбузерчу Европин драмаш хIиттош, шаьш баьхначу кхиамех тоам бина. Дукхах болчу вайнахана бийцар дастаме хетачу муьрехь, цIена буьйцуш нохчийн мотт хилла къоман театрехь. Сцени тIехь гойтуш йолчу спектаклашкахь йоIбIаьрг санна лардина цара дайх дисина оьзда гIиллакхаш. Цул сов, нохчийн режиссерийн даима садиъна къоман дIадаьллачо, шаьш хIиттийначу спектаклашкахь царна гайта лиъна къонахийн яхь, доьналла, майралла. Цунна къеггина тоьшалла ду, Хакишев Руслана хIоттийна хилла «Яхь йолу кIентий» цIе йолу спектакль. ТIаьхьо Советийн Iедалан урх малъяла йоьлча, театро кхин цкъа а юьхьарлоцу и тема, шен халкъан къаьхьа денош карладохуш. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиоран декъехь а Iаламат йоккха мехалла йолуш яра театро хIиттийна хIара спектаклаш: «Маршо я Iожалла!», «Дай баьхна латта», «Дела воцург накъост воцуш», «Дуьне духучу хенахь», иштта кхиерш а. Нохчийн къоман театр цкъа а ца яьхна шен халкъана пе тоьхна. Халкъан хиллачу иэшамаша дог эшийна цуьнан. Халкъан кхиамаш хазахеташ кхайкхийна цо. Нохчийн театран бакъо ю юьхькIай селхане юхахьажа. Къаьхьа чам бетталучу дахарехь шен халкъо бина некъ беш схьаеана иза.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзинчу бохамах а дакъа кхаьчна къоман театрана. Йохийра гIишло, хIаллакьхилира реквизит, декорацеш, духарш, шайн хIусамех бевлира дукхах болу актераш. Амма яхь дIа-м ца елира цара. Луьрачу тIеман кхийсарш нилха евлча, массо а цхьаъ санна балха аравелира, керлачу спектаклашца вайн самукъадаьккхира. Цундела вайна дукхабеза нохчийн актераш, мел буьрсачу халонашна а уьш къар ца баларна, вайн самукъадаккха кийча хиларна. Дуьйцийла йоцуш къен хир яра нохчийн культура болх беш къоман театр яцахьара, театран сцена серлайохуш болх беш Давлетмирзаев МутIелип, Омаев Дагун, Джамаев Iимран, Азаев Хьамид, Гичаева Раиса, Багалова Зулай, Айдамирова Зулай, иштта дуккха кхиберш бацахьара. Нохчийн къоман мах боцу беркат хилла лаьтта церан къегина похIма. Халкъо а, махко а дозалло до царах. Церан хьаналчу къинхьегамо кхачийна нохчийн театр кхиамийн гIушлакхе. Уьш бахьанехь лаьтта къоман театраца халкъан мерза уьйр, хада йиш йоцу гергарлонаш а. 85 шо кхечи и нуьцкъала гергарло хIора дийнахь чIагIлуш схьадогIу.
Тахана Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу гIуллакххо, похIме режиссер Ахмадова Хьава ю нохчийн къоман театрана коьртехь. Цо шеца алссам кегийрхой балийна театре. Церан спектаклаша дегайовхо кхуллу театран кхане сирла хирг хиларх. Iаламат мехала хета Ахмадова Хьавана ша схьаяьлла халкъ, цуьнан мотт, гIиллакх-оьздангалла кIорггера евзаш, езаш хилар. Ткъа уггаре а коьртаниг – Хьавана дукхабеза ша беш болу болх. Цуьнан кхоллараллин экаме са дIаийна говзаллин лаккхарчу шен корматаллех, керлачу спектаклашка сатийса хьовсархошна бакъо а луш.
А.ГАЗИЕВА
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо