ЧIагIлуш ю къаьмнийн юкъаметтигаш

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь дIаяьхьира «Бахархойн цхьааллин сий-ларам чIагIбаран а, лакхабаккхаран а, къаьмнийн юкъаметтигаш аьхна яран а, халкъийн этнокультурни кхиор а» темина лерина «горга стол».Дагадовлар

Иза вовшахтоьхнера адамийн бакъонаш ларъяран регионашна юкъарчу юкъараллин «Коалиция» боламо. Цигахь дакъалецира оцу боламан председатела Яхъяев Денис, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан директоран заместитела Эльмерзаев ИсмаьIала, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамйин министерствон векала Вазаралиев Висадис, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитела, республикин правительственни республикин йоцучу организацийн регионан Союзан председатела Муцаев Мамис, иштта республикин Юкъараллин палатин декъашхоша.

Цхьаьнакхетар дIадолош Д.Яхъяевс доклад йира СССР йоьхначул тIаьхьа къаьмнашна юкъахь хилла хьелаш довзуьйтуш. Иштта, цо билгалдаьккхира вайн республикехь дехаш иттанаш къаьмнаш хилар, церан атта дахар хилийта республикин куьйгалло массо а тайпа хьелаш кхуллуш хилар.

И.Эльмерзаевс баркалла элира юкъараллин организацийн дакъалацархошна  цара бечу балхана, республикехь и тайпа гIуллакхаш дIадахьар мехалла хилар  билгалдаьккхира.

Цхьаьнакхетар дерзош юкъараллин векалшна Сийлаллин грамоташ а, мидалш а елира.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Сийлаллин грамота елира Д.Яхъевна, «Бахархой социальни Iалашбарна» юкъараллин мидалшца билгалбехира М.Дунаев а, В.Вазаралиев а. Иштта, «Коалиция» боламан Сийлаллин грамоташ елира  «Грозный-Информ» хаамийн агентсвон политикин-бакъонийн отделан редакторна И.Джабраилована а, оццу отделан корреспондентана Л.Цагуевана а.

 

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: