Суо Соьлжа-ГIалахь волчу хенахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а къаьмнийн а, динийн а, юкъаметтигаш аьхна хилийтарехьа дечу гIуллакхийн таллам бича со чIагIвелира иза шен дуккха а агIонаш йолчу декхарийн кеп (модель) хиларан ойланехь.
Цуьнан чоьхьара а, арахьара а цхьаьнадозаран зIенаш ю. Чоьхьара уьш Нохчийчоьнан пачхьалкхан а, муниципальни а ерриге а органаш а, юкъараллин организацеш а юкъалоцуш ю. Ткъа арахьара – ерриге а Россин Федерацихула пачхьалкхан а, муниципальни а структурашца, юкъараллин организацешца, цхьамогIа дозанал арахьарчу пачхьалкхашца зIенаш латтор. Оцу системин аьрда бIогIам а, бух а бу «2025-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь Россин Федерацин пачхьалкхан къоман политикин стратеги» а, Нохчийн Республикин изза Стратеги а. Оцу системин таронаша, суна гарехь, дикка жигарадоху пачхьалкхан кегийрхойн политика кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон гIуллакхаш. Иза дика гуш ду 2015-чу шарахь кхочушдинчу дуккха а гIуллакхашкахь.
Россин Федерацин ерриге а субъекташ юкъаяхана а, дозанал арахьара доттагIаллин ницкъаш юкъаийзош а йолчу оцу чолхечу системо чIагIбо, къаьмнийн а, динийн а башхаллаш тIехь ловзарш лело а, адамашна юкъахь дегазалла кхолла а хIинца а цкъа аьтто болучу ницкъийн букъ кагбийриг хиларх болу тешам. Оцу зуламечу ницкъаша адамашна юкъахь нислучу галморзахаллех пайдаоьцу юкъараллехь кегарий бархьама, террористически зуламаш дарца, цIий Iенорца бакъонийн къепе йохорхьама.
2001-чу шеран 11-чу сентябрехь Дуьне кхийтира терроризм вайна массарна а, вайх хIоранна а кхераме хиларх. Иза хIора махкахь йолчу бакъонан къепенна дуьхьал хилла ца Iаш, дуьненан бакъонан къепенна тIехьажийна а ю. Дуьненаюкъара терроризм глобализацин кхузаманахь долчу кхиаран билггалчу кепаша кхоьллина ю.
Дуьненахь сихачу боларшца алсамболуш бу халкъийн а, тукхамийн а барам. Къаьсттина дебаш ду адамаш Азехь а, Африкехь а. «Урхалла далуш боцучу жимачу кегарийн» механизм юкъаяьккхинчеран аьтту беш ду къаьмнийн а, динийн а хьал. Ткъа цуьнан авторалла США-хь а, цуьнан бартахо йолчу НАТО-хь а ду. Цуьнан мостагIаллин тулгIенаш Лаьтта тIехула дIасайоьлхуш ю, терроризм а яржош. Цуьнца бехха а, атта боцу а къийсам дIабахьар хьалхахьа лаьтта. Террористаш хIинца мекара бу. Царна хIилланаш, моттарханаш лело Iемина. ХIинцале а, масала, Иракехь а, Ливехь а, Шемахь а эксперташна хала ду ИГИЛ-н террористаш муьлхарнаш лара беза, «умеренни гIаттамхой» муьлхарнаш лара беза бохург къасто.
Дуьненан Хийцалуш йолчу къепенехь долчу дуьненаюкъарчу хьоло а, къаьмнашна а, динашна а юкъарчу гIоьртинчу хьоло а вайн юх-юха а доьзуьйту вай шен-шен къаьмнийн хьехашкахь охьаховшо гIертачарна дуьхьал машаре боцу къийсам дIабахьарехьа гIуллакхаш дIадахьа. Оцу гIуллакхан мах – Россин Федерацехь къоман кхерамазаллина кхачояр. Юха а билгалдаккха дезаш хуьлу къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигашца йоьзна йолу проблемаш синтемечу бакъонийн къепенна дуьхьал хьовсийна хилар. Цунна тIе тидам бахийтира Россин Федерацин Президента В.В.Путина шен «Росси: Къоман гIуллакх» статья тIехь («Независимая газета» 12.01.2012г.).
Россин Президента куьйгалла дечу Къаьмнийн юкъаметтигийн советан кхеташонашкахь кест-кеста тидам тIебохуьйту къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигийн хьолан мах хадорехь системни тIедахаран а, дуккха а агIонаш хьесапе эцаран а эвсараллина. Россин Федерацин тайп-тайпанчу меттигашкахь тIаьхьарчу кхаа шарахь къомаллин а, динан а агIонаш шайца йолуш хиллачу хиламийн хьесап даро таро ло билггал маьIнаш даха.
Цкъа-делахь, «къаьмнашна юкъара» аьлла статус еллехь а, оцу къизачу къийсамийн бахьана ларране а лара мегар дац къаьмнийн а, динийн а галморзахаллаш. Бахьанаш дара зуламечу, хьарамчу некъашца гулдина материальни зовкхаш карадерзорехь я дIасадекъарехь нисъелла галморзахаллаш. Кхузахь даррехь гуш ю зуламхойн тобанийн хьал-бахам гулбаран Iалашонаш. Наггахь и тобанаш вовшахтуху цхьана къомах долчу адамех. Амма иза идеологин хьежамашца деш дац, ткъа коньюктурни ойланашца деш ду: тоба социальни дIакъаьстина хилар чIагIдеш, зуламхойн кхечу тобане дехьаваларна болу кхерам лахбеш.
ШолгIа делахь, Россин Федерацин амалехь ма-хиллара, хааделира, берриге а махкахь а санна, тайп-тайпанчу меттигашкахь граждански юкъараллин структурийн ледара хилар. Адамаш машаре хилира зуламхойн тобанаша, доьзалша шайна луъург лелорца. Шайн ницкъах болу тешам дIабелира церан, закон талхочарна хIумма а деш цахилар гича (Кондопога, Кущевск, Черкизовски рынок).
КхоалгIа делахь, цу тайппана зуламхойн тобанаш вовшах а кхета, цара шайна луъу къизаллаш а лелайо меттигера Iедал царна хIуъа а могуьйтуш хилча, лартIехь долчу, законашна муьтIахь долчу адамийн дахар талхош йолчу оцу социальни суьрхашна хIуъа а тардолуьйтуш хилча. Хьаххийначуьра аьлча, экстремистийн ойла йолуш берш даима а ца Iа цхьа хан тIекхаччалц тийна-таьIна, шаьш гарх ларлуш. Дукха хьолахь уьш кура кIентий хуьлий лела, я террористийн гIеранаш хуьлу царах.
Вай даьхначу маьIнашкахь гучудолу къаьмнийн машар талхор даима а бакъонийн къепе талхорца доьзна хилар. Цундела бакъонийн къепе чIагI ца йича, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран проблема дIаяккхалур яц. Терроризман коьрта Iалашо ю, хууш ма-хиллара, къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигашкахь долу гIоьртина долу хьал ма-хуьллу карзахдаккхар, ма-дарра аьлча мостагIалле дерзор. Дера, экономикин, культурин, адамийн бакъонаш ларъяран, кхузаманан технологийн, дешаран, кхечу законашкахь йолчу юкъаметтигаша, коьрта хиларе терра, Iедалера леррина тидам беш хилар лоьху. Делахь а, бакъонийн къепе ларъяран гIуллакхаш мехалла кхин лахара йолуш дац. ЧIагIо йоллуш бакъонийн къепе къоман кхерамазаллин коьртачех цхьа зIе ю ала мегар ду. И ца хилча, кхидерг дерриге а гIорасиз ду.
Хетарехь, Нохчийн Республикин экономикин кхиорна бух билла, йоццачу хенахь чIанадалар дIадаккха, республикин инфраструктура меттахIотто ницкъ кхочур бацара бакъонийн къепе шеконе хиллехь. Къилбаседа Кавказера хьал кхин дIора дика дацахь а, пачхьалкхан органийн, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн система, граждански юкъараллин структурин дакъош бакъонийн рожехь болх беш ду. Соьлжа-ГIалин а, кхечу гIаланийн а, яртийн а урамашкахь адамаша кхераман ойла а ца йо, уьш паргIат шайн гIуллакхаш деш бу.
Цу тIе дицдан ца деза къамел Россин Федерацин къилберчу дозанийн хьокъехь хилар. Оцу дозанашна гергахьа тIемаш беш ма ю дуьненаюкъара террористически организацеш. Даима а тIекхозабелла лаьтташ бу уьш Нохчийн Республике кхачаран кхерам. НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхаша кхоьллина йолчу «жимачу кегарийн» тулгIенаш вайн дозанашкахь ловзуш ю, къаьмнашна а, динашна а юкъарчу машарна кхерамаш а туьйсуш. Вай дицдала ца деза оцу «жимачу кегарийн» коьрта бух адамашна юкъахь йолу галморзахаллаш къовсаме ерзор хилар, царна юкъахь йолчу муьлххачу а башхаллех: къоман, динан динна чоьхьарчу (суннизм, шиизм, салафизм, тIарикъат, и.дI.кх.) пайда а оьцуш. Нагахь санна вахабизмах терроризман идеологи хиллехь, НАТО-с кхоьллина «урхалла далуш боцу жима кегарий» цуьнан садаIаран система («пехаш») ю.
«Урхалла далуш боцчу жимачу кегарийн» коьрта Iалашо ю хIуъа дина а (бакъе ма хиллара, оьзда боцчу некъаца) синтем бохор, лартIехь дIадоьдуш долу дахар галдаккхар. Аьлча а, бакъонийн къепе йохор, пачхьалкхан ерриге а конструкци харцор ду. Масала, Иракехь, Ливехь, Тунисехь санна. Изза Iалашо ю Шемахь юьхьарлаьцнарг а. Тешна хиларца ала мегар ду: иза Нохчийн Республикехь чекхдер дац. Кхузахь къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигашна, уьш аьхна хилийтарна хаддаза боккха тидам бу тIебохуьйтуш. Иза дерриге а дика гуш ду, масала, оцу декъехь болх беш йолчу шина министерствон балха тIехь. Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство а ю и шиъ. Цара беш болу болх дика бевза суна.
Лакхахь аьлларг хьесапе эцча суна чIогIа нийса хета бакъонийн къепе республикин Iедалан семачу тергонехь хилар. Зуламаш дар даьржина хилла хан дагайогIучара хадо ма-безза мах хадор бу бакъонийн къепе чIагIъяран. Цхьа а вац нуьцкъалчу структураша бинчу белхан жамIаш дайдан гIерташ. Бакъ а долуш, дика болх бина цара. Делахь а тахана дика бакъонийн къепе хиларехь а, бегIийла юкъараллин хьал хиларехь а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьуьнар билггал ду. Иза иштта дац цхьамма а ца олу Нохчийчохь а, цуьнан дозанел арахьа а баккъал а террористически кхерамна хьалха нисделча.
Тахана Соьлжа-ГIалахь дийнан а, буьйсанан а муьлххачу сахьтехь боккхачу синтемехь, сапаргIат хуьлу. Тайп-тайпанчу шерашкахь, цу юкъахь «шовкъечу» 90-чу шерашкахь а хилла со Нохчийчохь. И баккхий, башха хийцамаш, кхечеран къинхьегаман хьуьнарш дай ца деш, даррехь аьлча Кадыров Рамзан бахьана долуш хилла бу. Шен исбаьхьаллица инзарвохуш, зазадоккхуш йолу Соьлжа-ГIала ца юьйцу вай.
2000-чу шеран апрелехь Социалистически къинхьегаман турпалхочуьнца Ш.Хаджиевца саьлнашна юккъехула волавелла лелла со. Цо цхьана хенахь Соьлжа-ГIалахь дукха цIенош, яккхий гIишлош йинера. Цо шен бIаьрхиш ца лечкъадора. «ГIала меттахIотталучуьра яьлла», – чIагIдора цо юх-юха а.
Амма Соьлжа-ГIала меттахIоттийра, меттахIоттийра кхул хьалха цхьанна а, цхьана а меттехь а, цкъа а гина доцчу сихачу боларшца. Мел дукха школаш, больницаш яра йохийна. Церан метта дIахIиттийна кхузаманан больницаш, школаш, библиотекаш, культурин а, спортан а туьшаш. Иштта кхуьуш, хазлуш ю Нохчийчуьра кхийолу гIаланаш а, ерриге а ярташ а. Цундела вайн чIагIдан йиш ю: къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигаш яьхна йолчохь, кегийрхой ийманехь, Даймахке безам болуш кхиочохь, бакъонийн къепе ларъечохь кхиамаш а хуьлу, лелочух беркат а хуьлу. Иза вайна го Нохчийчоьнан масална тIехь. Кхузахь долчу хьоло вай тешадо къоман а, динан а башхаллаш а, ур-аттал галморзахаллаш а йолу тайп-тайпанчу къаьмнех а, динех а долу адамаш, лулахой санна бертахь дахарна новкъарло цахиларх. Оцу дерригенан юьххьехь лаьттина ву Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Ткъа цуьнан кIанта Кадыров Рамзана шен ден сатийсамаш дахаран бакъдолчуьнга берзийна.
МАКУЕВ Руман,
Орловски пачхьалкхан университетан кафедрин заведующи,
юридически Iилманийн доктор, милицин полковник
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо