Дукха хан йоццуш дуьненарчу дукхах йолчу пачхьалкхашкахь билгалдаьккхира Фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 71 шо кхачар. Оцу дийнахь дагалецира тIамехь дакъалаьцнарш берриге а. Кхин а эзар шо даларх, 9-чу майхь халкъаша дагалоьцур бу хIара дуьне фашизман мокхачу уьнах кIелхьара даьккхинарш берриге а, хIора а ша-ша а, царна юкъахь эзарнаш, эзарнаш вайн махкахой а. Шайн догIмаш, синош толаман дуьхьа махийна дIаделла цара. Оцу турпалхошна юкъахь хьахо хьакъ ву Ибрагимов Жалавди (Джалауди).
Шеларчу Iалавдин доьзалехь кхиъна вара иза. Дукха хьалхе воккха хила, дахарехь шен некъ лаха, оцу некъа тIехь мехкан а, халкъан а дуьхьа къахьега лууш вара иза. Цо и некъ юьхьар а лецира. 1938-чу шарахь Жалавди Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан меттан а, историн а институте балха вахара. Цигахь цо Нохч-ГIалгIайн дошаман «переписчикан» даржехь болх бира кIеззигчу хенахь.
Алссам хаарш долуш а, къинхьегамна тIера а волу Ж.Ибрагимов оцу балхахь синхьаам хуьлуш вацара. Цундела 1939-чу шеран январь баттахь республикин «Ленинец» газетан редакце балха вахара («Комсомольское племя» цIе тиллира газетана тIаьхьуо). Къоначу корреспондентийн отделана куьйгалла дар тешийнера цунах. Воккхаварца бора цо болх. Даима цунна гуонаха хуьлура къона журналисташ. ХIара ша а ма вара къона а, нийсархошна масал хилла лаьтташ а.
Амма цIеххьана, оццу шеран ноябрь баттахь ЦIечу Эскарехь гIуллакхдан кхайкхира Жалавди. Бита дийзира дагна безабелла болх. Цул а сийлахь а, деза а дара бIаьхаллин декхарш кхочушдар. Цунах дика кхеташ волчу нохчийн кIанта боккхачу лаамца караерзайора бIаьхаллин говзаллаш. ЧIогIа яхь йолуш вара иза. Цундела деш дерг массарачул а дика, сиха, говза дан гIертара. Цуьнан и амал чIогIа тайнера командирашна. Иза масална валавора даима а. Чекхйолуш яра эскарехь гIуллакхден хан. ЦIа вахаран а, цIа вахча ша ден долчун а ойланаш яр хIинца кест-кеста хуьлура Жалавдин. Мерза сатийсамаш бара цуьнан маьршачу дахарца боьзна. Делахь а и сатийсамаш кхочушхила боьгIна цахиллера. Ямартлонца, тешнабехкаца Советийн Союзана тIелетира фашистийн Германи. Ж.Ибрагимов тIеман-гIашлойн училище деша хьажаво, лаккхара кхетам а, ира хьекъал а, майралла а, доьналла а долчу салтичух эпсар ван дагахь. Цигахь кхиамца дешна ваьлла вайн махкахо, къона эпсар фронте вохуьйту.
Тайп-тайпанчу меттигашкахь фашисташна дуьхьал тIемаш бо цо. Билггал хууш дац Ж.Ибрагимовс маца, муьлхачу фронтехь тIемаш бина. Амма шеко йоцуш ду мостагIех и дера летта хилар, шегара цо доккха хьуьнар, стогалла, турпалалла гайтина хилар. Цунна бIаьрла тоьшалла ду фронтерчу цхьана газетехь зорбатоьхна хилла статья. Цу тIехь дуьйцу лакхарчу лейтенанта Ибрагимов Жалавдис куьйгалла деш хиллачу ротерчу бIаьхойн хьуьнарех а, царна масал хилла лаьттачу командирах а лаьцна.
… «ТIаьхьарчу тIемашкахь лакхарчу лейтенантан Ибрагимов Жалавдин ротин тIемалоша шайн сий а, ларам а тIех лакхабаьккхина.
… КIохцал-серийн дуьхьарлонаш йохийначул тIаьхьа бIаьхой майрра хьалхахьа бахара, мостагIчун керташна тIех лелхаш, цул тIаьхьа яккхийчу саьнгаршна тIех а буьйлуш. Немцоша луьра дуьхьало йора. Делахь а, ротин бIаьхой хьалхахьа оьхура, фашистех вайн мохк схьабоккхуш. Шен куьйга кIелахь болчу тIемалошна майраллин а, доьналлин а, турпалаллин а масал гойтура лакхарчу лейтенанта Ж.Ибрагимовс. Шен куьйга иттех фашист хIаллаквира цо. Ибрагимовс шегарчу хьуьнарца ир-кара хIиттабора шен бIаьхой, церан дог-ойла гIаттайора. ТIом уггар а марсабаьллачу хенахь ротин командир мостагIчун дIаьндаргаша вожийра. Шена тIехьаьлханчу бIаьхошка цо аьлла тIаьххьара дешнаш иштта дара: «Накъостий, мостагI дехьа ма валийталаш. Сацавелаш йовсар!» Цуьнан бIаьхоша шайга дина весет лерира и дешнаш. Цара мостагI сацийра, чекх ца валийтира, лаьллина вайн махках ваьккхира, шен бенахь хIаллаквира. Амма и толам а, толаман шатлакх а ган доьгIна ца хиллера Ленинградски областан Старорусски районерчу Сычево (Давыдово) юьртана къилбаседа-малхбузе агIор хиллачу буьрсачу тIамехь воьжначу Ибрагимов Жалавдина. Цхьана а дийнахь, мел хала киртиг тIехIоттарх цуьнан шеко ца хиллера советийн халкъо фашистийн Германина тIехь толам боккхург хиларх. Ша цIа яздеш хиллачу хIора кехата тIехь Жалавдис чIагIдора: « Тхо толамца цIа доьрзур ду! Самагатде!».
АтагIарчу Гериханов Iабдуллин карахь волуш дIавелира турпалхо. Цул тIаьхьа ша цуьнан дега Iалавдига яздинчу кехата тIехь Iабдуллас чIагIдора: «Жалавди вер бекхам боцуш ца дитина оха мостагIашна. Цуьнан хIора тIадамана дуьхьал мостагIчун цхьа чийлик хиллал боьха цIий Iанийна оха…». Шен кехат чекхдоккхуш цо тIетоьхнера: «Кехат чекхдоккху ас. Немцой тIелеташ бу. Нагахь санна со дийна висахь, дерригенах а лаьцна ма-дарра яздийр ду». Амма иза а вуьйжира тIамехь, шегара майралла, стогалла гойтуш.
… Суна хьалха Iуьллу ирча кхаъ бохьуш Iалавдига еана кехатан цуьрг, «Извещение» аьлла йоза а долуш. «Похоронка» олуш хилла цунах тIеман хенахь. Цу тIехь яздина ду: «Шун воI Ибрагимов Джалаудин Алаудинович Социалистически Даймохк ларбарехьа дIахьош хиллачу тIамехь, ша йина хиллачу чIагIонна тешаме хилла а вуьсуш, шегара турпалалла а, майралла а гойтуш тIамехь воьжна 1943-чу шеран 4-чу майхь». Iалавдин бераша, берийн бераша тахана а ларъеш ю и кехатан цуьрг, Жалавдица йолу мерза зIе хадош еана йолу… ХIан-хIа. Нийса дац иза иштта алар. Турпалхой леш бац. Шайн турпалаллица лензалле (бессмертие) гIулч яьккхинарш, тIаьхьенийн дегнашкахь баха буьсуш бу, цаьрца йолу зIе хадийта, хадо йиш йолуш яц.
Вайн декхар ду оцу турпалхойн цIерш урамашна, школашна тахкар. Церан цIерш дашочу шекъанца язйина, хIолламаш хIора юьртахь, гIалахь, шахьарахь дIахIиттор. Даймехкан а, халкъан а дуьхьа, вайн маршонан а, паргIатонан а дуьхьа шен са дIаделла къонах, турпалхо вайх хIоранна а вевзаш хила веза. Вайн халкъо абаде кхаччалц дагахь латто везаш турпалхо хилла лакхара лейтенант Ибрагимов Жалавди. Ваха ца лууш, дуьне ца дезаш ца велла иза. Цуьнан цIарах урам хила безара Шела шахьарахь а. Цуьнан верасшначул чIогIа вайна, вайн тIаьхьенашна оьшу иза. Вайн декхар ду иза.
С.ХАСАНОВ
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо