«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш масех де хьалха тIелетира Багдадерчу (Иракъ) цхьана заводана. Цара цигахь 11 стаг вийра. Чевнаш хилларш а бу.
***
Йеменерчу полицин отделенина хьалха терракт яр бахьана долуш хIинцца полице балха эцна волу къона 30 сов белхахо кхелхина, 70 сов белхахочунна чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» куьйгалло.
***
Россин тIеман кеманаша хIокху деношкахь 19 тонна гуманитарни гIо дIакхачийна Шемарчу бахархошна.
***
ТIаьхьарчу деношкахь Хонкаран дозанехула сехьа а ваьлла, Шемарчу Алеппо гIалахь болчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех дIакхетта 400 гергга террорист.
***
ООН-н Генеральни Секретара Пан Ги Муна Хонкаран куьйгалхошца дийцаре дира оцу махкахь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна долу хьал.
***
Техасехь (США), автобус кхечу машенашна тIе а кхеташ, некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамехь 8 стаг кхелхина, 40 гергга стаг лазийна.
***
Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь тIеман кема доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хилла ши пилот кхелхина. Кема дохаран бахьана хууш дац.
***
Бангладешехь стелахаьштиг тоьхча велла аренашкахь белхаш беш хилла 65 ахархо. Дийцарехь, кхелхинчарна юкъахь бераш а ду.
***
Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров Минскехь цхьаьнакхийтира Белоруссин Президентаца А.Лукошенкоца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Москварчу Ховански кешнашкахь дов даьллачул тIаьхьа 90 гергга стаг схьалаьцна, цхьаьнакхетта Россин а, Таждикистанан а МВД-н куьйгалхой. Таллам бар дIахьош ду. Оцу девнехь кхо стаг вийна.
***
Дагестанехь леррина операци дIахьочу хенахь 4 террорист вийна. Цаьрца хиллачу тIамехь бакъонаш лаъяран органийн 2 белхахо кхелхина, 14 белхахочунна чевнаш хилла.
***
Евровиденин конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина Украинерчу эшаршлакхархочо. Россин векална С.Лазаревна кхоалгIа меттиг елла.
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо