ву Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим
2016-чу шеран апрель баттахь хаамийн-аналитикин «Медиалогия» системо дIабаьхьначу талламашца билгалдаьккхина ма-хиллара, Къилбаседа Кавказан федеральни округана юкъайогIучу субъектийн пачхьенийн мэрашна юкъахь дIаяьхьначу медиарейтингехь шолгIа меттиг яьккхина Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима.
Ткъа хьалахарчу меттехь ву Махачкалан мэр Мусаев Муса, кхоалгIачу меттехь – Пятигорскан мэр Травнев Лев.
М.Хучиевс шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь бина хаамаш бовзуьйту «Медиалогия» компанис: мэра дIахьедира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиган сурт («Символ России» конкурсан жамIашца пачхьалкхан символ аьлла билгалдаьккхина ду) керлачу ахчанан купюрашна тIехь хила хьакъ хилар (дукха хан йоццуш, Россин банкан советан директорша кхин а ши купюра ахча юкъадаккха бина сацам хилар хаийтира – 200 сом а, 2 эзар сом а).
Иштта, шуьйрачу хаамийн гIирсаша хаам бо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана М.Хучиевца республикин гIаланашкара ресторанаш, кафеш дийнахь-буса болх байтаран а, Путинан проспект кIирандийнахь бахархошна гIаш дIасабахарна паргIатонна дIакъовларан а хьокъехь къамел дина хиларх а, иштта, карарчу хенахь и дерриге гIуллакхаш кхочушдина хиларх а лаьцна.
«Медиалогия» системин шуьйрачу хаамийн гIирсийн талламашна тIе а тийжаш, хIоттийна ю вай юьйцу рейтинг. И таллам дIабаьхьначу системина юкъадогIу хаамийн 31 500 хьоста: тайп-тайпана телевиденеш, радиош, газеташ, журналаш, хаамийн агентствош, интернетехула болу шуьйрачу хаамийн кхиболу гIирсаш.
Хь.БАХТАЕВА
№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо