Т.Эльдерханов дагалоцуш цхьаьнакхетар хилира гIараваьлла вевзаш хилла волу Iилманча, пачхьалкхан деятель Эльдерханов Таьштамир ваьхначу Гихтарчу №2 йолчу школехь.
Школан уьйтIе а, гIишло а схьагича уьш дукха шира, тиша хиларна яханчу заманан сурт хIотталора дуьхьал. Моьттура гуш ерг цхьа лерина йина декораци ю. Шайн беркъачу хIусамех эхь хеташ, бехкала яхна хьешашна дуьхьал елира дуккха а шерашкахь хIокху школин директор лаьттина, хIинца юьхьанцарчу классийн хьехархо йолу Межидова Яха. Цо дийцира: «ХIара школа шира елахь а, йоккха йистори йолуш ю шуна. Эльдерханов Таьштамира ша «Грознефтан» хьаькам волчу хенахь яйтина ю хIара. Ткъа хIара меттиг оцу хенахь яьсса, тIе къух даьлла лаьтташ хилла. Юьрто дехарш дина валийна Iеламстаг хилла хIокху декъа тIехь Iаш. Гихтахоша зуда а ялийна охьахаийна а хилла иза, амма доьзалхо воцуш, тIаьхье ца хилла, иштта еса лаьттачу хІокху меттехь школа ян барт хилла, Таьштамира яйтина школа ю хIара. Луларчу ярташкара а тIехь бераш дохкуьйтуш хилла кхуза деша. Вайн адамийн дакъазалла дешна цахилар ду олуш хилла цо, баккхийчу нахаца шен мел хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь». 2011-чу шарахь Т.Эльдерхановн 140 шо кхочуш цуьнан цIе тиллина Гихтарчу №2 йолчу школина.
Иштта, бакъйолчу хьехархочо дозаллица дуьйцура шайн юьртахочун Таьштамиран диканаш. Т.Эльдерхановна лерина дагалецаман цхьаьнакхетар вовшахтохаран бахьана дара 1870-чу шеран 1-чу апрелехь иза дуьнен чу ваьлла де хилар.
Хазахеташ дара хIокху школин хьехархоша, Межидова Яха хьалха а йолуш Т.Эльдерхановна лерина, цуьнан биографи, кхолламан, белхан некъаш, кхиамаш буьйцуш Iилманан болх а бина, иза цхьаьна тоьхна, класса чохь суьртийн а, кехатийн а гайтам бар.
Цхьаьнакхетаре баьхкинчу хьешашна юкъахь бара Т.ЭльдерхановгIеран тIаьхьенах болу нах, вежарий ВахIиддий, Вахий ЭльдерхановгIар.
«Паччахьан заманахь нохчийн халкъана маршо, бакъо къуьйсуш ваьхна Эльдерханов Таьштамир. Госдумин I, II-чуй съездийн депутат хилла а ву», – дуьйцура дешархоша.
ГІараваьллачу шайн юьртахочун лаьцна дерриге хаа лууш дешархоша Т.Эльдерхановн хьокъехь гергарчу нахе тайп-тайпана хаттарш дира.
Иза 1934-чу шеран 14-чу ноябрехь Гихтахь велла, Гихтахь дIавоьллина Таьштамир».
Доьналла, собар, къонахалла йолуш стаг хилла иза.
Оцу цхьаьнакхетарехь кегийрхошна хиъча пайдехь долу дуккха а хIуманаш дийцира баккхийчу наха.
Шайн верас а, цIийнан хьалхара стаг а хиллачу Таьштамир дагалоцуш цхьаьнакхетар вовшахтохарна доккха баркалла элира цуьнан гергарчу наха школин директорна а, хьехархошна а, дешархошна а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Архивера сурт