МВД-н кхелхинчу белхахойн доьзалшна – хIусамийн сертификаташ

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн наношца а, хIусамнаношца а.

Цо билгалдаьккхира, церан кIенташа а, хIусамдайша а шайн синош нохчийн махкахь машар а, къепе а хилийтаран дуьхьа дIаделла хилар. Цара майрра къийсам латтийна маьршачу бахархошна сингаттам беанчу террористашна дуьхьал. Церан хьуьнарш бахьанехь тахана Нохчийн Республикехь машар а, къепе а, низам а ду.

Цул сов, цунна хетарехь, полицин кхелхинчу белхахойн доьзалшна гIо-накъосталла дар Республикин Куьйгаллин декхар ду.

«Шайн халкъан дуьхьа кхелхина болу вайн тIеман накъостий гуттар а халкъан иэсехь лаьттар бу. Вайн махкахь бандиташ баьржина а, цара зуламаш лелийна а хан дагайогIу массарна а. Оцу муьрехь наггахь верг а ца тешара, масех шарахь республикехь машар а, низам а меттахIоттор ду аьлча. Амма тахана вайн махкахь кхерам цахиларал сов, вуно хаза а ду. Иза вайга даделла шун кIентий а, хIусамдай а бахьанехь», – элира Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, вайн махкахь машар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а, эзарнашкахь кхелхинчу вайн вежарийн а, йижарийн а дахарийн мехаца баьккхина бу.

«Нохчийн махкахь кхин цкъа а бохам цахилийтаран дуьхьа хаддаза къахьега декхарийлахь ду вай», – элира Р.Кадыровс.

Цул тIаьхьа цо хIусамийн сертификаташ делира МВД-н кхелхинчу белхахойн доьзалшна. Уьш кхечира Никаева Захранна (нана) а, Тарамова Кулсумна (хIусамнана) а, Озниева Хьаминатна (хIусамнана) а, Бибулатова Тоитина (хIусамнана) а, Халкаева Табаракна (хIусамнана) а. Церан гергарнаш, шайн декхарш кхочушдеш кхелхина Нохчийн Республикехь КТО-н раж дIаяхьаран тайп-тайпанчу шерашкахь.

Кхелхинчеран наноша а, хIусамнаноша а баркалла элира Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровна шайн гергарчеран сий-ларам барна а, шайн терго ярна а.

Билгалдаккха догIу, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а хилла хилар.

И.ХАСАХАНОВ

 №55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: