Шаройн кIоштан куьйгалла хийцина

Шаройн кIоштан куьйгаллехь хийцамаш бина. Цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Р.Кадыровс республикин кIоштийн префекташца а, къеданашца а, чоьхьарчу гIуллакхийн отделийн куьйгалхошца а шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.Снимок

Р.Кадыровс билгалдаьккхина ма-хиллара, Шаройн кIоштан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийна, хIинццалц Соьлжа-ГIалин мэран заместитель  лаьттина волу Магомедов Рамазан.

«Шаройн кIоштара ву иза. Рамазан а, цуьнан вежарий а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къахьоьгуш бу хьалхарчу деношкахь дуьйна. Оцу  шерашкахь ша шен белхан говзанча хилар а гайтина цо. Со тешна ву, иза шех тешийначу керлачу даржехь пайдехь хирг хиларх а, кIоштан куьйгаллин болх цо керлачу тIегIане боккхург хиларх а», – элира Кадыров Рамзана.

Цул сов, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан лаамца, Шаройн кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан керла куьйгалхо хIоттийна полицин майор Аларханов Расул.

«Алханов Русланца дуккха а шерашкахь цхьаьна болх беш ву Расул. Шена беллачу тешамах а, шен хьалха хIоттийначу декхарх а вуно дика кхеташ а ву иза», – элира Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу  Р.Кадыровс.

Иштта, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, карарчу шарахь къаьсттина тидам тIебохуьйтур бу Шаройн кIошт кхиорна.

«Уггаре а луьрачу хенахь ток ялийра вай Шаройн кIошта. Оцу гIуллакхана терго латтош вара Делимханов Адам. Цундела цунна дика хаьа и гIуллакх кхочушдарехь вай мел къахьегна а, мел харж йина а. Амма тIаьхьарчу хенахь вайна гуш ду, кIошт шен кхиарехь сецна хилар. Иза, ма-дарра дийцича, хIинццалц кIоштан куьйгаллехь лаьттинчеран бехк бу», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Магомедов Рамазане а, Аларханов Расуле а кIоштан куьйгаллин болх керлачу, лакхарчу тIегIане баккхарехьа къахьегар тIедиллира цо.

«Бахархойн хьашташ кхочушдарна къаьсттина тидам тIебахийта беза. Даьхни лело а, туризм кхио а таронаш йолуш ю кIошт. Оцу декъехь а жигара къахьега деза», – элира Кадыров Рамзана.

И.ИСЛАМОВ

№55, шинара, хIутосург (май) беттан 17-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: