Тхан рузма

20-гIа май, 1893 шо. ГIойтIахь вина Ахтаханов Мохьмад, нохчашлахь дуьххьарлера корматаллин лор. 1912-чу шарахь Ставрополера божарийн гимнази кхиамца чекхъяьккхинчул тIаьхьа Москварчу университетан (МГУ) медицинин факультете деша воьду. 1917-чу шеран май баттахь корматаллин лоьран диплом дохьуш, цIа веанчу Мохьмада шен юьртахь лазартне схьайоьллу. 1919-чу шарахь Грозненски округан коьрта лор чIагIво къона говзанча. Цул тIаьхьа тIеман госпиталехь болх бо. Къилбаседа Кавказехь советийн Iедал дIахIоьттича, Грозненски областан могашалла Iалашъяран отделан заведующи хIоттаво. Лоьран болх барца цхьаьна жигара дакъалаьцна юкъараллин-политикин дахарехь. 1918-чу шарахь ГIойтIарчу революционни совете хоржу иза. Чевнаш хиллачарна гIо деш, дакъалецира ГIойтIахь а, Чахкар-гIалахь а деникинцашца хиллачу тIемашкахь. 1920-чу шарахь Нохчийн ревкоман декъашхо хоржу. Деха ца хилла нохчех дуьххьарлерчу лоьран шен дахар – 1920-чу шарахь тиф цамгарх кхалхар хуьлу цуьнан. Махкахоша виц ца вина Ахтаханов Мохьмад – цуьнан цIарах урам бу и винчу ГIойтIахь.

20-гIа май, 1938 шо. Вина Солцаев Мималт, режиссер, Россин Федерацин халкъан артист, Россин Пачхьалкхан совгIатан лауреат.

Ленинградерчу пачхьалкхан театран, музыкин, кинематографин институтан режиссерийн факультет чекхъяьккхина веара М.Солцаев 60-чу шерийн юьххьехь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн драматически театре. Нохчийн театран уггаре а сирла, кхиаме агIонаш цуьнан цIарца йоьзна ю.

Хьовсархоша а, театральни критико а дика тIеийцира цо хIиттийна спектаклаш: С.Бадуевн «ПетIамат», Х.Ошаевн «Асланбек Шерипов» (ша язйинчу сценарица хIоттийна), I.Хамидовн «Лийрбоцурш», С.Бадуевн повестан бух тIехь ша сценари язйина хIоттийна «Бешто», В.Шекспиран «Ричард КхозлагIниг», «Ромео а, Джульетта а», И.Базоркинан «БIешерийн боданашкара», дуккха кхиерш а.

ПохIме режиссер хилла ца Iаш, говза хьехархо а вара профессор М.Солцаев. 90-чу шерийн юьххьехь цуьнан дIадолорца Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь схьайиллира актерийн отделени.

М.Солцаевс спектаклаш хIиттийна Россин кхечу гIаланашкарчу театрийн сценаш тIехь а. Кхалхар хилла 2013-чу шарахь.

20-гIа май, 1942 шо. Шуьйтан районан Тумсой юьртахь вина Умаханов Хьамулла, медицинин Iилманийн доктор, профессор. 1960-чу шарахь дато мидалца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара №16 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа доьшу Къилбаседа ХIирийчуьрчу пачхьалкхан медицинин институтехь. Къинхьегаман некъ дIаболабо Алтайски крайхь. Цигара дIа Эскарехь гIуллакх дан кхойкху. Эскарера  мукъа ваьлча,  йоццачу хенахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана больницехь берийн хирург  волуш болх бо. 1969–1987-чуй шерашкахь лоьран  а, Iилманан-талламан а белхаш бо Г.И.Турнеран цIарахчу Ленинградерчу берийн ортопедин Iилманан-талламан институтехь. Кхузахь кхиамца доьшу ординатурехь, цул тIаьхьа  аспирантурехь, кечйо Iилманан кандидатан, докторан диссертацеш. 1987–1991-чуй шерашкахь Дагестанерчу медицинин институтан  травматологин, ортопедин  кафедрин заведующи лаьтта, 1992-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультетан оцу ортопедин кафедрин  куьйгалхо  ву Хьамулла. Iилманан 120 сов   белхан автор ву Хь.Умаханов, цуьнан Iилманан талламех шуьйра  пайдаоьцу ДЦП цамгар йолчу берашна  молха-дарба  лелорехь.

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: