ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллина Пачхьалкхан динан историн музейн виртуальни векалалла. Иза схьайиллина «Динан историн музей Россин регионашна. Виртуальни векалалла» программин гурашкахь.
Оцу программин коьрта Iалашо ю Пачхьалкхан динан историн музейн фондашкахь йолу Россин этноконфессиальни тобанийн культурин-историн тIаьхьалонаш регионийн бахархошна дIакхачор.
Нохчийн Республикин къоман музейхь и векалалла схьайоьллуш дакъалоцуш бара Республикин культурин министр Х-Б.Дааев, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Соьлжа-ГIалин къеда М.Хийтанаев, Пачхьалкхан динан историн музейн директор Л.А.Мусиенко, директоран заместитель Е.А.Терюкова, проект кхиорехула йолу директоран заместитель Т.М.Пчелянская, Республикин муфтин гIоьнча I.Осмаев, дешаран а, Iилманан а министран заместитель Р.Шерипов, Республикин къоман музейн директор В.Асталов, кхиберш.
Х-Б.Дааевс дийцира оцу проекто Россин музейна Нохчийн Республика герга ярна а, музейн юкъаметтигаш кхин а чIагIъярна а аьтту бийриг хиларх лаьцна.
М.Хийтанаевс билгалдаьккхира и проект тIекхуьчу чкъурана чIогIа пайдехь хирг хилар.
Л.Мусиенкос дийцира 1930-чу шарахь и музей кхоьлличахьана дуьйна, экспозицеш а, гайтамаш а вовшахтоьхна ца Iаш, хIаллакьхиларх ларъеш, шаьш дукха а динан культурин хIолламаш Iалашбарх лаьцна.
Презентаци еш, схьайиллинчу «Ислам на берегах Невы» проектна юкъадогIу хIара дакъош:
Ислам – Санкт-Петербургехь; «Ислам» – экспозицин виртуальни тур; бусалба динан жовхIарш; Россин а, дозанал арахьара а исламан XIX-XX-чуй бIешерийн суьртийн гуларш; Россин исламан историн документальни материалийн гуларш; виртуальни гайтамаш, гуларш.
Ерзош, Нохчийн Республикин къоман музейн директора В.Асталовс билгалдаьккхира, «Ислам на берегах Невы» проект республикехь дешаран дистанционни кепаш кхиоран бух хилла дIахIуттург хилар.
И.РИЗВАНОВ
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо