ХIокху деношкахь Республикин эколого-биологически туьшахь къоначу экологийн цхьаьнакхетар хилира. Оцу цхьаьнакхетаран Iалашо яра 2015–2016-чуй шерашкахь республикин эколого-биологически туьшо а, районийн станцеша а бинчу белхийн жамIаш дар. Цигахь дакъалоцуш бара районийн эколого-биологически станцийн, Устрада-ГIаларчу къоначу натуралистийн туьшан, Соьлжа-ГIалин Президентски лицейн, №20, №67, №16 йолчу школийн, №16 йолучу гимназин къорачу а, лерса ледара долчу а берийн юкъарадешаран школа-интернатан векалш. Иштта лерамечу хьешашна юкъахь бара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча Серганова Зинаида, Нохчийн пачхьалкхан университетан географин а, экологин а факультетан декан, профессор Гайрбеков Iумар.
Цхьаьнакхетар дIадолийра къоначу экологоша экологийн гимн аларца. Цул тIаьхьа къоначу экологаша хьешийн самукъадаьккхира шаьш кечдинчу тайп-тайпанчу хелхаршца а, эшаршца а.
ТIаккха, жюрин декъашхоша шайн-шайн номинацешкахь билгалбехира шина шарахь къоначу экологашна юкъахь дIаяьхьначу конкурсашкахь толаман меттигаш яьхнарш:
«Шеран тоьлла эколого-биологически станци» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Гуьмсан районан эколого-биологически станцис.
«Республикин мероприятешкахь дакъалацар» номинацехь:
хьалхара меттиг яьккхира Теркан районан эколого-биологически станцис, шолгIа меттиг яьккхира Шелковски а, Курчалойн а районийн эколого-биологически станцеша; кхозлагIа меттиг яьккхира Соьлжан районан эколого-биологически станцис;
«Ерригроссин конкурсашкахь дакъалацар» номинацехь:
`Хьалхара меттиг яьккхира Хьалха-Мартан районан эколого-биологически станцис, шолгIа меттиг яьккхира Веданан районан эколого-биологически станцис, Устрадан-гIалин къоначу натуралистийн а, экологийн а туьшо, кхоалгIа меттиг яьккхира Нажи-Юьртан районан эколого-биологически станцис;
«Эколого-биологически станцин тоьлла команда» номинацехь:
хьалхарара меттиг яьккхира Грозненский районан эколого-биологически станцис, шолгIа меттиг яьккхира ТIехьа-Мартан районан эколого-биологически станцис, кхоалгIа меттиг яьккхира Шелан районан эколого-биологически станцис;
«Эколого-биологически декъехула тоьлла хьехархо» номинацехь
Толамхо хилира Гуьмсан районан эколого-биологически станцин хьехархо Цуцулаева Савдат.
Эколого-биологически декъехула тоьлла методист» номинацехь: толамхо хилира Республикин эколого-биологически туьшан коьрта методист Гучигов Асланбек.
Дика дешарца а, шайн болх дика хаарца а билгалбевллачу дешархошна а, хьехархошна а дипломашца а, Сийлаллин грамоташца а совгIаташ дира. Цхьаьнакхетар дерзийра Шелан районан эколого-биологически туьшан «СтелаIад» берийн хоро «Дуьненан бераш» йиш лакхарца.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Республикин эколого-биологически туьшахь цхьаьнакхетар
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо