Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалин яхархочо Балатханова Мархас баркалла алар дийхира республикин Онкологин диспансеран лоьрашна. Цо цIерш яьхначу лоьрашна юкъахь ву оцу диспансеран хирургин отделенин заведующи Погосян Гегам, лор а, онколог а Тарамов Умалат, онколог Абдурзаков Мохьмад-Салахь, хирург Магомадов Эльдар. Билгалдаккха лаьа, Погосян Гегам цхьа шо хьалха вайн республике кхайкхина валийна говзанча хилар. Диспансерехь болх бан волавелча йовза йолаелла цуьнан цIе. Дархошна дарбане хета цуьнан дайн куьг.
«Сайн могашалла ледара а хетта, 6 бутт хьалха больницашкахула йолаелира со. КIанта Къилбаседа ХIирийчу йигира. Цигахь уггаре а хьалха анализаш ялийтира соьга. Цунах дерг къастале, цхьацца бахьанаш а хIиттина, цигахь кхин дукха хан яккха йиш а ца хилла, цIадахка дийзира тхан. ЦIадаьхкина дукха хан ялале, анализех дерг хиира тхуна. Онкологи хилар чIагIдина хиларх кхоьрура со, и бахьана долуш чIогIа са а гатдора. Делан къинхетамца онкологи хилар ца чIагIдира, делахь а, дерриге а дика дацара…
Наха дика цIе йоккхуш хезнера тхуна Онкологин диспансеран лоьран Погосян Гегаман. Иштта кхечира тхо цунна тIе а. Цо хаийтира суна операци ян езаш хилар. Суо ханна йоккха хиларна а, сайн могашалла ледара хиларна а чIогIа кхоьрура операцех. Цига юха яха ца хIуттуш цхьа кIира хан яьккхира ас. Кхин а вуон хилира суна. Иштта, кхин дан хIума цахиларна яхара со Онкологин диспансере. Со диспансере охьайиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна Погосян Гегама а, Тарамов Умалата а сайн леррина терго йина хиларна, сайна операци ян езарш и шиъ вуйла хиича сапаргIат делира сан. Операци кхиамца чекхъелира, иза чолхе лоруш хиллехь а. Со йоцург а, кхин а дуккха а дархой боллушехь, хIора а дийнахь аьлча санна соьга хьажа чувогIура Гегам. «Деца, хьуна муха хета? ХIумма а оьший хьуна?», – олий, кIеда-мерза бистхиларца чубогIура медйижарий а. Цара аьллачу хазачу дашо а самалха доккхура сан, гIоли хирг хиларх кхин а чIога дог тешадора. Иштта, лоьраш Абдурзаков Мохьмад-Салахь а, Магомадов Эльдар а дика хьаьжира соьга. Царна массарна а даггара баркалла ала лаьа суна, уьш сайга къинхетамца хьовсарна», – дийцира цо.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Онкологин диспансеран лоьраш
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо