Къилбаседехь ирс карийна

АмерхановгIеран-ДудаевагIеран доьзалшна

«Вай царна массарна а декхарийлахь ду! Сийлахь-боккха толам баккхарна ветеранашна вай баркалла боху».

27 шо ду нохчийн АмерхановгIеран-ДудаевагIеран доьзал Архангельскехь бехаш болу. Руслан шен хIусамненаца Светланица цхьаьна коьртачу базарахь керла чIерий духкуш ву. Цара ветеранашна дечу гIоьнах лаьцна хууш ду дуккхахболчарна.

– Дукха хьолахь ветеранаш дагабогIу 9-гIа Май тIекхочуш, – боху гIалин яхархочо Наталья Петровнас. Ткъа тхо гуттар а оьху базара и доьзал болчу керла чIерий эца. Кхузахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна хаддаза дийнна шарахь мах 25 процентана охьабаькхина духку чIерий. Юьхьанца Руслана чIерийн мах лахбора 9-гIа Май тIекхочуш, ткъа бархI шо хьалха цо сацам бира, ветеранашна чIерий хаддаза лахарчу мехах дохка. «Хаалуш ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман турпалхой кIезиг бисина хилар – шо шаре даларца уьш тIеттIа кIезиг богIу чIерий эца», – боху Руслана. Ткъа нагахь санна могашаллица доьзна ветеран ша туькана ван таро йоцуш висча, чIерий лахарчу мехах духку цуьнан гергарчарна, цунна тоьшалла гайтичахьана тоьуш ду.3 полоса салауди

– Вай къаьсттина тидам бан хьакъ бу уьш. Царна массарна а декхарийлахь ду вай! – дуьйцу Руслана. Нагахь санна цара толам ца баьккхинехьара, вай кхузахь хир а дацара. Цундела царна хIуъа а дина а гIолаца лаьа.

– АмерхановгIеран-ДудаевагIеран доьзал гуттар а бара ветеранийн сий-ларам беш. Тхуна а гIо до цара, вовшахтухучу цхьаццадолчу гIуллакхашна чIерашца кхачо йо, – боху ветеранийн Ломоносовски советан председатела Иванов Владимира. – Ницкъ ма-кхоччу тхаьш кIорда ца дайта а, уьш болчу эхар кIезиг хилийта а гIерта тхо. Амма ветеранаша гуттар а оьцу цаьргара чIерий. Цундела царна баркалла боху оха.

– Дика гIуллакхаш кIезиг ца хуьлу. Цунна масал ду нохчийн АмерхановгIеран-ДудаевагIеран могIарера доьзал, – боху депутатийн Архангельски областан гуламан депутата Ухин Евгенийс. – Царна кхочуш долу белхан алапа а ма дац лакхара. Товаран мах 25 процентана лахбар – и  боккха барам бу, иза чIерий лецна, дохкаре кхачале шех дIаболучу мехал а лахара хуьлу. Кхузахь ала мегар ду: стагана девза шен жоьпалла, диц ца до ветеранашна хьалха долу шен декхар. Нагахь санна массара а иштта гIуллакх дахь, дахар дикка толур ду.

Доьзал а, пачхьалкх а

Руслана тIеман ветеранийн сий-ларам бар Украинехь хуьлуш долчу гIуллакхашца доьзна хIокху сохьта шех лаьцна кест-кеста дуьйцуш болу исторически дагалецам бу.

– Гайтина долу хьуьнар адамаша дицдой? – хоьтту ас.

– Нагахь санна адамаш оьзда делахь, цара гуттар а дагахь латтор ду иза, – жоп ло Руслана. – Цуьнга терра, вайн паргIатонехьа тIемаш бинарш, сий деш, ларар берашкахь а кхетош-кхиадахь. Оха тхайн бераш а иштта Iамадо: «Воккханиг хьалхавалийта, хьалагIаттий меттиг ло, карара тIоьрмиг дIахьош гIо де”, – бохуш. Уьш муьлххачу а оьздачу стага кхочушдан декхар долу, уггаре а могIарера,Ю гIуллакхаш ду. Хьалхарчу рогIехь, оцу кепара кхетош-кхиор – иза доьзалан, бакъду, пачхьалкхан а гIуллакх ду. ХIокху сохьта Нохчийчоь кхиар тергалдеш ву со. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гуттар а дуьйцу баккхийчарна гIо дан дезаш хиларх, уьш, сий деш, лара безаш хиларх лаьцна, ша масал а гойту цо. Цо доккха гIолоцу пенсионерийн заьIапхойн, гIийла бохкучеран, леррина йолу фонд йиллина. Республикехь кхочушъеш ю социальни проекташ, школашкахь берашца дIахьош бу боккха болх, оцу балхана юкъаозабо Iеламнах. Масала, хIора суьйранна муфтис телевиденехула къамел до патриотизмах, ийманехь кхетош-кхиорах лаьцна, жоьпаш ло хьовсархойн хеттаршна. Дика ду кхетош-кхиоран хьокъехь долу и дерриге а къамелаш эрна довш цахилар, цаьрга ладоьгIначул тIаьхьа дуккхахберш шайн гергарчарна гIо дина ца Iаш, шайна данне а девзаш  доцчу адамашна а гIодан кийча хилар.3 полоса серый рамкаа

Суна бевзаш бу Аргунера БердиевгIеран доьзал. Да тIамехь вийна. КIант Бердиев Мансур студент, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан технически мехкадаьттан университетехь цIеран кхерам ца хилийтаран факультетехь доьшуш, хинволу цIарца къийсам латторхо ву. Цхьана суьйранна, Мансур компьютерна хьалха Iаш, кIуьран хьожа еара цунна. Корах арахьаьжира, хIумма а ца гира. Амма кIуьран хьожа-м яра. ТIаккха ша вехачу пхоьалгIачу гIат тIера ламешна тIехула охьаведира иза, ша ведда воьддушехь хIора хIусаман неI а тухуш. ТIаьххьара а шолгIачу гIат тIерачу цхьана хIусаман неIарна кIелахула схьаоьху буькъа кIур гира цунна. Горгали а, неI а етта волавелира. Дикка хан елира неI схьа ца йоьллуш. ТIаьххьара а, аравелира самаваьккхина волу лулахо. ТIаккха массо а цхьаьна хIусамехь леха дуьйладелира цIе летта меттиг. Иза карийра, пеша тIехь йитина хиллера чайник, хи кхихкина чекх а даьлла, яга йолаелла хиллера иза, ткъа цул тIаьхьа йийбарх а цIе леттера. ЦIе дIаяйъира, Мансур цIа вахара, ткъа хIусамда юха а охьавижира, буьйса ма яра. Оцу суьйранна Бердиев Мансура кIелхьарабаьккхира цхьа доьзал, цхьа доьзал хилла а ца Iа а тарло. Иза ду нийса кхетош-кхиор: бен а ца хеташ цахилар, кхайкхаре а ца хьоьжуш, гуттар а гIо дан кийча хилар. Ткъа коьртаниг ду долийна гIуллакх чекхдаккхар, баркалла аларе сацатийсар.

– Кадыров Рамзана вайна тIедиллина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман, ОвгIанан тIеман ветеранашца а, чернобылан бохаман тIаьхьенаш дIаяхархошца а чIогIа лерина, тидаме юкъаметтиг хилийтар. Иза дерриге а вайн къоман политикица догIуш ду, – дуьйцу Шелан районан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас. – Амерханов Русланах лаьцна аьлча, – иза оьзда стаг ву. Цунна го гIийла бохку нах, царна гIо дан а гIерта иза. Иштта кхетош-кхиийна ву иза.

Шайн ницкъашца

Шен рогIехь, Руслана а дозалла дарца дуьйцу шен махкахойх лаьцна, цара билггал боккха болх бо бахархошца, гIо до гIийла бохкучарна. Нохчийчохь цунна баркалла ала нах бу: Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам,  Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Шелан районан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела. Масала, Ибрагимов Турпал-Iела Шелан районан куьйгалхо хIоьттичахьана, гIалин урамашкахь цIена а, кхерам боцуш а ду, жигара кхиа доладелла гIишлошъяр, тоделла яртийн бахархойн дахар а, хьал-де а. Ибрагимов Турпал-Iела волчу тайп-тайпана гIуллакхаш дохьуш, дехарш дан догIу адамаш, церан дукхах долу гIуллакхаш циггахь кхочушдо.

Къаьсттина ала лаьа, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрах Алханов Русланах лаьцна. Иза Кадыров Рамзанан уггаре а муьтIахь болчу бIанакъосташна юкъахь ву. И шиъ цхьаьна юкъара гIуллакх деш ву, Нохчийчоь зазадоккху, кхераме боцу мохк хилла  дIахIотторхьама.

Алханов Руслана Iаламат йоккха хазна юкъайиллина нохчийн лаьтта тIехь долу хьал синтеме а, маьрша а хилийтарна. Нохчийн Республикехь и берриге а дика хийцамаш хир бацара, нагахь санна бакъонаш ларъяран органаша, республикин куьйгалло, дерриге а халкъо гIо лоцуш дацахьара. Нагахь санна иштта гIоьнчий Кадыров Рамзанна юххехь хилахь, республика зазадоккхуш а, дуьненахь уггаре а кхерам боцу меттиг а хир ю, цигахь хIора стеган таро хир ю паргIат ваха а, болх бан а, садаIа а.

Боккха а, жима а Даймохк

Оха Руслане хаьттира ша ваьхначу Гуьмсан  кIошта ша цIавеача, цигахь хилла хийцамаш гой хьуна, аьлла? Ма-дарра аьлча, 10–12 шарахь республика ца йовззал хийцаелла.

– Соьлжа-ГIала советийн заманахь а вайн боккхачу махкахь уггаре а хазачу гIаланех цхьаъ яра, – боху Руслана. – ХIинца иза юхайина. Иза  кхузаманахьлера гIала, республикин бакъйолу пачхье хилла дIахIоьттина. Тхо тешна ду оцу гIалин дохийначу цIенойн саьлнаш тIехь долу суьрташ исторически хроника хилла дуьсург а, ткъа Нохчийчоь маьрша, зазадоккхуш йолу республика, дахарна а, садаIарна а шел тоьлашха ерг карор йоцу, дуьненахь а уггаре а кхераме йоцу меттиг хирг хиларх.

Ма-дарра аьлча, ерриге а Нохчийчоь еш йолчу йоккхачу гIишлонах тера ю. Цундела могIарерчу бахархоша баркалла боху Сийлахь-Вокхачу Далла а, Россин куьйгаллина а, Кадыров Рамзанна а. Соьлжа-ГIала-м хIунда юьйцура! Со ваьхначу Жалкха поселкехь деш долу керла цIенош тIеттIа алсамдуьйлуш ду, цу тIе керла цIенош деш таро йолу нах хилла ца Iаш, могIарера юьртахой а бу.

Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат волчу Делимханов Адама шен вежаршца цхьаьна хIусамашна ремонт ярехь а, уьш ярехь а гIо до гIийла бохкучу юьртахошна.

Къилбаседехь бехаш бу Нохчийчуьра доьзал, кхузахь шайн хIусам ю церан. Амерханов Руслан а, Дудаева Светлана а, Нохчийчуьра болу дуккха а кхиберш а санна, баха бисина кхузахь, хIунда аьлча шайн а, шаьш хIинца дехаш болчу мехкан а гIиллакхаш ларарх шаьш доьлла хиларна. Вайн цхьа боккха Даймохк ма-бу – Росси. Ткъа вай массо а цхьабосса хьашт долуш ду вайн юкъарчу хIусамехь машар а, зазадоккхар а хиларе.

Оцу доьзалан къинхьегам Архангельски областехь ца гуш ца буьсу, 2016-чу шеран мартехь Архангельски телевиденехь гайтира церан доьзалх лаьцна йолу сюжет http:// www.pomorie.ru/tv/events/diaspori-na-severe. Бераш кхиор, цIа дар, къаналла ларар, хаддаза болх бар – цул мехала хIун хир ду? Делахь-хIета, могIарера, механа деза ирс деана АмерхановгIеран -ДудаевагIеран доьзале! И доьзал, дуккха а кхиболу къона доьзалш  санна, хIусаман проблемин зерах чекхбаьлла. Хьалхарчу бархI шарахь мехах лаьцначу хIусамехь Iийра уьш. Цул тIаьхьа ипотека ийцира. Бакъду, атта дац ипотекин кредит дIатакха, делахь а, царна хаьа шайн доларчу хIусамна тIера шаьш ахча дIалуш дуйла.

– Вайн заманахь шен къинхьегамца белхан алапа доккхуш волчу стагана хIусам эцар хала зер ду, – боху Светланас, – дийнахь сарралц ирахь латта а, садоIу денош, отпускаш йоцуш болх бан а деза. ВорхI шо ду со Даймахка цIаяхаза, юьхьанца болх бира, тIаккха – бераш. ХIинца доьзалехь кхуьуш  кхо кIант а, цхьа йоI а ду. Тхан бераш тхан дозалла а, дика хиндолчух дегайовхо а ю!

АмерхановгIеран-ДудаевагIеран доьзало Архангельскехь дерриге а даггара тIеэцна, цундела цо а иштта тIеэцна уьш а. Диъ шо хьалха мэрера кехат деара, лаьттан дакъа лур ду аьлла. Иза шайна ма-делла, дача йийр ю. «Даймахка юхабахка лаьий?» – аьлла хаьттича, хIусамдай, хIусамнаний вовшашка хьаьжира.

– Цуьнан ойла еш ду тхо, – боху цара.

– Керлачу хаамашка ладугIу, нагахь санна Нохчийчохь цхьа хIума Iоттаделча, сагатдо. Амма хIинца тийна а, синтеме а ду цигахь, республика маьршачу дахарца ехаш ю. Сий-ларам баро сий-ларам кхуллу! Цундела АмерхановгIеран-ДудаевагIеран доьзалехь а вовшийн лараран, сий даран юкъаметтигаш ю, вовшех кхетар, безам бу!

ЛАТИНСКАЯ Елена («Комсомольская правда» газет, 2016-чу шеран

5–12-гIа май)

Зорбане кечйинарг – МАГОМАЕВ Салавди

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: