ХIора стеган дахарехь а доккха ирс ду дахаран некъан юьххьехь дика хьехархо нисвалар, къаьсттина юьхьанцарчу классашкахь. Вайна хууш дерг ду-кха, хьехархо бахьанехь дахарехь дукха лакхарчу лакхенашка кхаьчнарг а ву, амма шен хенахь уллохь дика хьехархо цанисваларна, шех доллург хIун ду ца хууш висинарг а ву. Аргунерчу №13 йолчу гимназин 3 «В» классехь доьшуш долу бераш шаьш-м цунах дикка тIаьхьа бен кхетар дац, амма церан дай-наной-м хIинццехь а тешна бу шайн берашна хьоьхуш Казаева ПетIамат хилар церан доккха ирс хиларх.

Дукха лакхара бара вай юьйцучу хьехархочун Казаева ПетIаматан дешархойн дай-нанойх цхьаъ волчу Дадаев ШоIипа цуьнан хадон мах. «Школехь болх бина ас, дукха хьехархой а бевзина, амма иза санна хьехархо суна юьйцу а ца хезна, – дуьйцура ШоIипа. – Цхьа де ца долу-кха цо, ша схьаеана я телефонехула, шен классехь волчу вайн чуьрчу кIантах дерг ца дуьйцуш. ЦIахь бан белла болх кхочушбарца, школехь низам лардарца, классал арахьарчу гIуллакхана кечамбарца, оцу я вукху темина дешархо тIаьхьакхиорца доьзна цхьа хIума ца дуьсу иза дайх-нанойх дага ца йолуш. Цуьнан хан хиларх а цецвуьйлу-кха со».
ШоIипа дийцинарг тIечIагIдеш дара №13 йолчу гимназин директоран юьхьанцарчу классашкахь дешаран декъехула заместитела Хаджиева Ляляс ПетIаматан балхах довзийтинарг а. «Цхьана дашца аьлча, оцу дешан дуьззинчу маьIнехь Хьехархо ю П.Казаева. Юьхьанцарчу классашкахь хьехаран методика евза, дика кхетош-кхиорхо ю, уггаре а коьртаниг – бераш а, берашца болх бар а дезаш, мало йоцуш, къахьоьгур долуш ю. Дешархой урокана тIаьхьабисар а, цхьа бахьана доцуш, цIахь Iер а дIадаккха ларийна иза. Мехала хета берийн дай-нанойх шена накъостий бан цунна хаар а. Айса хIjкху гимназехь йоккхучу хенахь цкъа а дай-нанойх стаг ПетIаматан балхана арз дохьуш веана ца хаавелла суна. «Со-ас» бохуш, хьалхагIертар доцуш, берашна деша ца лаьий, ла ца дугIий бохуш, леткъамаш бар доцуш (цара цадешар а, ла цадогIар а хьехархочун бехкенна дуй хууш), шен балхах самукъадолуш, и дош хеташ, ницкъ ма-кхоччу шен декхаршца ларо гIерташ, болх бечу хьехархойх ю ПетIамат. Вуьшта, ледара хьехархой-м тхан бан а бац», – дерзийра шен къамел Л.Хаджиевас.
Хьехархочуьнгара пурба а даьккхина, цо болх бечу 3 «В» классехь хилира тхо. Оьшучу гайтаман гIирсашца, зезагашца хаза кечйина классан чоь (цIархазмана тIех къагийна а йоцуш), цхьатерра товш кечделла бераш, хIоранна хьалха схьадиллина тетрадаш, дешаран кхин гIирсаш – оцу дерригено а гойтура классехь цхьа шатайпа белхан хьал хилар. Кхайкхаза баьхкинчу хьешийн маршаллина дуьхьал массара цхьатерра жоп деллачул тIаьхьа, кхин ладегIар доцуш, шайн тетрадаш тIехь болх бан буьйлабелира дешархой. Оха юкъахбаьккхина болх чекхбаккхаза бисарна кхоьруш санна хеталора уьш. Кхин цхьана хIуманан а тидам бира оха – урок чекхъялар хоуьйтуш, горгали бекча а, хьехархочо пурба даллалц цхьа бер меттах ца делира. Вуьшта аьлча, хаалуш дара низам хилар.
Дешархой садаIа арабевлча, хьехархочуьнга дистхила меттиг елира тхуна.
– Хьехархочун балхахь коьртаниг хIун хета хьуна? – хоьтту оха ПетIамате.
– Шен болх бевзаш, вуьшта аьлча хаарш долуш хилар, юьхьанцарчу классашкахь хьехаран методика йовзар, и ший а шегахь хилийтаран Iалашонца ша гуттар а Iемаш хилар. Сайн дерриге а нисло ала яьхьар яц со, амма сайн дешархойн хаарш ледара хиларна бехке со юй хаьа суна.
– Делахь-хIета, берийн хаарш дика хилийта хIун дан деза, хьуна эвсаралле хетарш хIун некъаш ду?
– Гимназерчу кхечу хьехархошачул совдаьккхина ас лелош хIумма а дац. Юьхьанцарчу классашкахь хIора урок а берашна кIордор йоцу некъ лохуш дIаяьхьа еза, оцу Iалашонца, ницкъ ма-кхоччу, ловзаран кепех пайда а оьцуш. Коьртаниг бераш ойла ян Iамор ду, дуьйцучунна шаьш тIаьхьакхиа Iамор, хIора дешархочуьнца, цуьнан кхиаре, хааршка хьаьжжина, шецца болх бар. ПохIма доцуш бераш хуьлуш дац, Дала царна делларг хIун ду а хиъна, и кхиор ду мехала. Цхьа а да-нана хир дац шен беро деша ца лууш, цундела дай-нанойх шена накъостий бан хаа деза хьехархочунна. Цаьрца уллора зIе латто гIерта со, цIа йоьдий а, схьакхойкхий а, телефонехула а. Дукха нисло берашна цIахь бан беллачу балхах уьш кхетош меттигаш…
– Дешархойн а, хьехархочун а юкъаметтигаш муха хила еза?
– Хьехархо бераш дезаш хила веза, шен бераш санна, шенаш санна човхо а мегар ду, шенаш санна хьаста деза, тIаккха цунна хала хир дац цаьрца болх бан. Маггане мегар дац бераш хьехархочух кхоьруш, цунах ийзалуш хилар…
Тхан къамел юкъахдаьккхира, урокана горгали бекарца, кхин хье ца луш, чудаьхкинчу бераша. Цуьнца хиллачу доццачу къамело а тешавора Казаева ПетIамат шен болх бевзаш а, безаш а, шен декхаршца дика ларош а хьехархо хиларх.
Билгалдаккха догIу, вай юьйцучу гимназехь болх беш йолу 4-гIа шо бен дацахь а, дешаран хьаьрмахь ПетIамата къахьоьгу-м 30 шо кхочуш доллу. 1987-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяьккхина, Аргунерчу №3 йолчу школехь дIаболийра цо шен къинхьегаман некъ. ХIетахь дуьйна цхьана денна а ша хаьржинчу дахаран некъана дохкояьлла а яц.
Хь.ДОВКАЕВ
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо