Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу музейхь Поэзин дерригдуьненан денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иза вовшахтоьхнера кегийрхойн юкъараллин-патриоталлин «Ахьмад» боламо.
Цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу гоьбевллачу нохчийн поэташна, яздархошна, культурин гIуллакххошна юкъахь вара Мамакаев Эдуард, Бурчаев Хьалим, Ахматукаев Адам, Джабраилов Шарип, Айдамирова Машар, кхиберш. Цара массара а байташ йийшира гулбеллачарна.
Цхьаьнакхетар долош вистхиллачу «Ахьмад» боламан куьйгалхочо Месербиев Садос билгалдаьккхира адамийн синмехаллаш кхиорехь поэзис доккха маьIна лелош хилар. Иштта, поэзи, литература ешарна, езарна кегийрхой яхье бохуш, чулацаме къамел дира цо.
Мамакаев Эдуарда, ша берашна язйина байташ а йовзуьйтуш, нохчийн литературин исторех лаьцна дийцира кегийрхошна. Ткъа Ахматукаев Адама «поэзи», «байташ» бохучу дешнашна юкъахь хIун башхалла ю дийцира, поэзин могIанаш къамелехь лелочу маттахь а ца яздеш, кхечу дешнашца, башха яздаран масалш а далош. Иштта, бераллехь дуьйна массарна хазахеташ, евзаш йолу «Со нанас доIанна айбинчу куьйгаш тIехь кхиъна…» стихотворени а йийшира цо.
ХIора яздархочо байт мосазза йоьшу, цхьаьнакхетар дIахьошволчо литературица доьзна цхьацца хаттар лора зала чохь гулбеллачу кегийрхошка. Ткъа нийса жоп деллачунна, автора куьг а яздой, книга лора совгIатна.
Поэзин дерригдуьненан де билгалдоккхуш ду хIора шарахь 21-чу мартехь. Цу хьокъехь сацам хиллера 1999-чу шарахь Парижехь дIаяьхьначу ЮНЕСКО-н 30-чу сессехь. ХIетахь тIеэцначу резолюцехь билгалдаьккхира Поэзин де даздар.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт
